11-я глава!📜
|уьйранна самайаьлла,сайн мотт д|анисбина сени чу елира со. Йара и цхьа сирла малх схьакхетта хаза |уьйре. Бешара синтарш т|е заза ма тесна аьлла хазахетта чу йог|уш нана йара,Дадас суна тахана велисопед оьцуш ма ю аьлла ведда вог|уш жимах волу ваша вара. Соьл ирсе йо| хира юй теша аьлла дог-ойла йолуш,сайна т|е фартук йихкина йаах|ума йан д|а хоьттира со. Стол т|е охьабиллина цхьа хаза |аж бара,наггахь и |аж кхоллуш,сайн багахь эшар лоькхуш,сих-сиха нанас чу хьожий:
-Ванах йо|,хьо ма самукъне ю тахана,х|уммам ца хилла?
-Х|ааа? Ахь х|ун элира,Нана?
-Ас'сам хьуна х|ун хилла бохур?
-Ааа. Дер кхин х1умма ма ца хилла,Нана.
-Мегар ду т|аккха. Хьо йаа х|у йан йоллу?
-Штрудлиш йан йоллу,Нана.И ма дара цуьнан уггаре дукха деза даар. Уьш йан моссузза йо и дага вохура суна. Цу дийнахь уьш йан дагадеара суна.
Вайъ,собар. Сой самайаьлла аьлла хаам ма ца бина аса кхунна,хаза ю со йа'м аьлла цуьнаг йазъйира аса.
-|уьйре дика хийла,хьан! Со сам йаьлла йаъ х|ума йан йоллуш ю хьуна. Тахана штрудлиш еш ю со. Йала ма яьлла аса хоитур ду хьуна. Де беркате дог|ийла хьан!
Цуьнга йазъйина со йаах|ума чекхъйаккха юьйлира.

Цхьа хаз чам болуш нисъелира и сан,Ма Ша Аллах. Дада гуттара реза вара. И ма вацара атта йаах|умана реза хуьлуш. Цу дийнахь суьйре хилаллц бе-берза йаъх|уманаш йаа юьйлира со. Балхара чу кхаьчна йаъх|ума йаа охьахууш волчу вашас къамел д|адолийра,вай кху деношкахь сада|а дахча муха хетара шуна аьлла.
-Нана,хьуна х|ун аьлла хета? Йай боккхуш. Ц|ергахь хьаьч|къаш йоттуш хьалха санна бе-берза йаъх|уманаш юууш хан йоккхура йара вай.
-Дера мегар ду,к|ант. Ахь аьлларг дира ду. Бакъ долуш хаза ханна'м йаьккхира вай.
-Къамел дац цу т|ехь,Нана.
А соо,со вуьгар вуй аша аьлла дехьачура схьа мохь туьйхира жимах волчу вашас.
-Вуьгар ву,вуьгар ву. Хьо ца вигахь са да|ара хира дац цуьнах. Аьлла велавелира ваша.
Пхьехаш д|айаьхна,массо г|уллакх чекхъдаьккхина,ламаз а дина,сой йолчу йахара со. Сихонца сайн телефон схьаэцна,цуьнга йазъйира аса. Массо шай-шайн чохь вара. Со цуьнга йазъеш а йолуш цу м|арг|онехь чиркх д|абайра. Бераллехь дуьйна чохь |аьржа хилча сан дагчу ца тосуш кхерам ма ца буьсура. Цо соьга телефон схьатуьйхира,хьо х|умма хилла |ашша'м йац,Амаль аьлла.
-Собар делахь,чиркх д|абайна цхьанхьа ч|урам(свечка)хира барий теша хьожуш йара со. Дела къинхетамца кара бина и лата бина метта елира со. Чохь ша верриге вижина ма вара. Царна и д|а байни хаьа хира дац аьлла дог тешна йара со. И сурт хенаца б|аьргаш дуьхьлара ца долура сан. Ма хаза буьйса йара иза. Арахь дог|а дара дола делла,наггахь ткъесс тухуш. Г|ехь шийло йара кор схьадиллича чу хьоькхуш х|аваъ дара цхьа ша тайпа. Цхьа тийна,хаза буьйса йара иза. Кор схьа а диллина,и х|аваъ чу уьзуш,безамца цхьа хаза буьйса йаьхьира охашимммо.

Мел дукха къамел дарх,мел дукха хилларг-лелларг дийцарх,хуьлий теша иза цхьанне а,дезачу адме дийца х|ума кхача х1унда ца ло теша? Ца соцуш са тассалц ахь къамелаш дичи а,т|аккха дийца х|ума карор дар'кх хьуна. Альхамдулиллах|,ма доккха х|ума ду'кх иза хьан дог эца, дог хьаста. Оьшучохь уггаре тешаме накъост хира волуш,Аллахо хьуна иштта г|оьнча валарна. Деза адам,и мел атта хуьлуш дац кху дуьненахь. Мел деза ду'кх цуьнца мел доьзнарг. Мел экаме лардо ахьа цуьнах мел доьзнарг. Кхин дика хира ву бохург дан а дац хьуна. Кху дуьненахь Дала хьан ойланах кхеташ,хазахетар йа халахетар декъа,далхо,ойхьаза хьан деган лаамаш д|абийца хьайн адам деллехь,хьой ирс долуш ву ала хьакъ долуш вуй хаа ду'кх хьуна.
Цу буьйсанна кхин къамел дан ца к|ордош,хенаца вовшеха тхойшинне хьаьгна долу дегнашна тоам ца хуьлуш,арахь сатесира тхуна. |уьйранна телефон д|айаъина со д|айижира. Дала пурб лахь сой сам ма йаьлла аса йазъйира ю хьуна аьлла.

Йижар-г|аттар хийцаделлера сан,амма иза цхьан аг|ора дика доций хаьара суна. Хенаца Далмукълахь д|а ниссор ма ду аса бохуш.со-сайга луьш,суна наб кхийтира. Дийнахь шийтта долуш со сам елира. Мотт д|аниссбина,месаш шар йина,сихонца ламаз а дина кухни чу йахара со. Цхьа хаза тефтелиш хьожу йаьккхина йаах|ума йина и охьаюьллуш лаьтташ нана йара. Йаа х|ума охьайиллале са ца тухуш нанас бина охьабиллина бовха хьокхам кхоллуш воллуш Дада вара. Суна уггаре дика хеташ даар ма дара тефтелеш. Нанас цхьа ша-тайпа дика йора уьш. Сихонца йаа х|ума йаа охьахиира со. Сайн телефон цкъа а цкъаллига Дадина,йа вешина хьалха сайн карахь гайтина йацара аса. Йаа х|ума сиха д|айиъна,чуйаха ойла йара сан. Т|аьххьаре пхехаш д|айаьхна со чу йахара. Соьга нийсса йазъйина хиллера. Аса сама ма йаьллина,Де дика хийла хьан аьлла йазъ ма йинери цуьнга.
-Дала езийла,Амаль! Наб тоьан хьуна?
-Жиммал тоам тоьи. Делахь,ч|ог|а дег| доьжна'м ю со.
-Йаа х|ума йиъний ахьа?
-Йиан дера'м. Дукха мерза нанас йина тефтелиш.
-Ма дика ду иза. Мерза х|ун юур йара ахьа т|аккха?
-Ца кхитир хьуна?
-Мерза х|умнах х|ун езар хьуна?
-Аааа,цхьа х|ума ца еза. Ша ерриге йолуш ю вайгахь.
-Амаль,аса шугахь йац аьлла ма ца боху хьоьга. Аса иштти х|инца юьрта вог|уш хьуна х|у-а еъна йохьар хилча,схьаала.
-Валлах|и ца еза цхьа х|ума. Дала сий дойла хьан!
-Дика ду. Т|аккха сайна |ег|ал хеттарг йохьур ю аса.
-Собар де. Аса схьа муха оьцур ю иза?
-Хьожур ду вайша. Самагаттде.
-Дика ду.
И хьа вале со уьйт|а нуй хьакха ара елира,дог|а деана ша долу заза лаьтта эгна дара. К|ете ц|ан елахь,Амаль аьлла,Нана Дадица базар йахара.
Ков дилла со д|ахуттуш йолуш соьга телефон схьатуьйхира.
-Амаль,хьо мичахь ю?
-Арахь ю,к|ете ц|ан еш.
-Шун уллера туькан улле охьабуьллуш бу хьуна т|оьрмиг,схьаоьцур ахь.
Цо и олушшехь д|ахьаьжча со машен чур охьавуссуш и вара. Вай цхьа тамшина хетта суна. Ах шо сов хан йаьлла и сайна газ.
-Амаль?
-Х|ов?
-Ма ирч ю'кх хьо...Далмукълахь цкъа парг|ат латтам лаьттар ду хьуна вайшиъ х|ара х|уманаш доцуш. Йало чу г|о,сихха чекхъдаккхий хьай г|уллакх. Кхин ма йалахь иштта кечлой.
-Дал мукъ лахь лаьттар ду. Х|ун коч? Д|авалахь,хьо вовзале йара х|ара коч. Аьлла елаелира со.

Суна т|аьхьа ма дара доккха тиллина йовлакх. Уьйт|ахь такхош йолу мачаш. Уьшша а Ненан йара. Юьхь т|е х|ума аса хьакха ца хьокхур. Наггахь цхьанхьа йоьдуш бен. Цунна со кеч елла х|унда хетта'м хаац.
-Со хьоьга хьоьжуш |аш ву хьуна.
-Дала саг|а йойла ахьа еънарг. Х|ун ю-м ца хаа суна.
-Йоккха х|ума йацара иза'м. Хьайн оьшург схьаала,сой дийна мел ву и хьун хуьлитар ю'кх хьуна.
-Дала сий дойла хьан! Вааааа,д|авала,сан лерехь телефон гахь цхьан кхузахь товш хира дац.Сих со чу ца г|ахь х|ара нехаш схьагулйина.
И т|оьрмиг схьаэцна со чуйахар.
Альхамдулиллах| хьуна Везан Дела,иштта ахь и ниссдарна бохуш Аллах|е хастам бан юьйлира со. И соьга схьаэцита лиъна ,уьш ц|ера бовлитан,со г|уллакх дан ара йалитар ниссдина ахь.

Сайн дерриге г|уллакх чекхъдаьккхина,делкъан жимма наб йай аса аьлла со метта йолушшехь уьш ц|аьбаьхкира. Нанас мохь туьйхира соьга.
-Амаль,хьо мичахь ю?
-х1ов,Нана?
-х|иц хьа Де-нана йолче йахана схьайог|уш йара со,хьоьга да дезаш цхьа къамел ду сан. Охь хаал.
Йа Аллах,дег|ера са д|адаьлла сан. Ванах,х1инца х|ун хилла теша аьлла. Сой гучайаьлла хира ю аьлла'м ойла ца йо аса. Даго хьоьху сан и хира дац и бохуш.
-Амаль?
-Х|ов нана?
Ши куьг вовшех тухар аса цхьана х|уман сагатдечу хенахь
-Хьай Де а Ненан лаам т|ера хьо ера ю аьлла суна ца хета.Вайц гергарло лелочу Шейхи к|антега хьо йаита реза вуй аьлла хабар дара вайна хьо хьал кхуьучу дийнахь дуьйна даитан. Йо| жимма йоккха хиллалц шаьш собар дира ду аьлла. Делахь,хьай да хьайна мел т|ера ву хаьа хьуна. Дуьненахь шу кхаа йо|ех цхьанне лаам цо атта хоттитур боци хаара суна сайга,хьо цуьнан къаьсстина массарал дукха езаш ю. Амма цхьа х|ума ду,цо бохарг дина хьо чекхъйалахь,хьоьл декъала йо| хира йац хьуна.
Цо дуьйцург суна атта хезаш дацара,сан б|аьргара охьа|еначу б|аьра хиш гуонхьа цхьа х|ума ца гойтура суна. Цхьа хуьлу'кх иза,дог дуьззина ала дош долуш,и дерриге дешнашка даккха ницкъ ца тоьуш хьоьгахь. Иштта хьал дара соьгахь
-Йа Аллах| Дела.Нана. Нагахь санна сан лаамехь доцуш аша со кхечуьнна д|аелла х|ума дахь,кху кертара аша т|аьххьара арадоккхур дерриг сан дакъа дуй хаалаш. Дади мехха кху дуьненахь сан цхьа х|ума доций хаа хьуна,хьоьлла дукха везаш ву и суна.Амма бакъду,Нана,хьуна хьай йо| дика йоьвзуш ца хилла хьуна. Кху дуьненахь шена деза адам довза,цуьнца ирс кхолла ойла йича ма атта х1ума дац'кх иза. Цу адме д|авахарх ма ца тоьу. Цуьнца'м йисина йолу хан йаккха дезий. Соьга аьлла доцуш аш дош деллехь,со реза хилла хира йацара хьуна. Сан кхоллам аса иштта кхуллар бацара. Дуьненахь айса мел хан йоккху ца хаа,тахана ле,йа кхана ле хаац. Кхане Делехь ю. Соьгара нагахь санна жоп дезаш шу делахь. Со реза йац шуна!!
Цецъйаьлла кхин юхаа ца хьожуш араелира,Нана. Дуьненахь ца дезачу адмийца м|арго хан ца йаккха,йисан хан цхьаналлехь йаккха реза яр'кха со. Цхьа адам дагчу диллина,Дас-Нанас дош деллера аьлла цу м|арг|онехь реза хилла кхечуьнца ше рицкъ кхолла реза муха хуьлу теша йо| олий ойла йора аса жималлехь дуьйна. Хенан кхин йоккха йацахь,цу х|уманах ца кхеттал жима а йацара со. Нуьцкъаш йахитан Дас-Нанас олучух ца йаьшнера со цкъа а. Сай амалца хаара суна,дуьненахь нуьцкъаш чуьра йо| арататта лур йоций. Х|етте к|айн коч,тайпа-тайпана духарш оьций нехан керта муха йоьду теша йо| т|аккха реза йоцуш йоьдуш хилча?
Йа Аллах|,шерашкахь шех тешаш хилла волу к|ентан духар долу даган т|еххьаре бен ойла х|унда ца йора теша цара? Ойла йича даге ца ла даллал ма доккха вуо ду иза. Дено-денна ахь дагчу диллина лаьттина долу адам,цхьана м|аргонехь цхьалха дитар. Ойла йайша,муьлхачу ницкъаца шена дагчуьра даккха деза цо иза?
Шерашкахь соьхь тешаш,соьхь бен дог ца лозуш,сайн аьрхачу амалашна хийла аса цуьнан дуьхьа дог|а тухуш. Х|ора денна айса дечу пхиъа ламаз т|ехь хийлаза б|аьрхишца,наггахь сов даьллачу хазахетарца аса Деле дехна а,доьхуш долу адам аса кхечуьнца муха хуьйцур ду. Муха хуьйцар ду аса сайн дагчу диллина лелина долу адам. Аллах|а тхойшинне рицкъанаш атта вовшах тоьхна доций,сан до|анашна жоп лур доцуш со юьтур йоций дог тешна йара со. Цхьа вегга'м ца кхета мега аса дуьйцучух. Амма кху дуьненахь хила йиш йоцучу ирсах хьаьгначу адамий дагчохь муьлхачу ницкъаца йайъа ницкъ кхочур йоцу ц|е хира ма ю летта. Аса йаздечу х|ора дашо церан дагчуьра хьалхлера дагалецамаш листина хира ма ю.
Дезачу адмех къаьстина,кхин рицкъанаш вовшах ца кхетта ма дукха хира бу вайна. Ма дукха хира бу вайна шай г|алатан х|инца а ша-шайна къинтера бовла ца туьгуш,шай ирсах боьвлла дохко боьвла кхин д|а хан йоккхуш. Амма бакъ ду,царах хьаьнга а ахь хаттар дича-«Кху дуьненахь хьан дог делош,хьо боккъалла ирсе волуш йа йолуш ахьа йаьккхинарг х|ун хан йара аьлча,ойла а ца еш шена дезачу адмийца йаьккхина хан яра эра ма дара хьаммо а. Х|ара дуьне'м х1умма а йац шуна. Диц дан йиш йолуш г|алат даьллехь адмера,цкъа цуьнах ма къасталаш.
Ойла йайша,дезачу адмех къаьсстина юккъе хан йаьлча,юха цуьнан аз хезча хуьлуш йолу дог-ойла,детталуш долу дог,и г|овг|а цкъа хезаш хилча,х|ара дуьне къор дира долуш. Сихаллехь харжам беш шена эшам ма бойла цхьаммо а. Ма ц|ена марзо йар'кх са цуьнца. Хих дуьззина б|аьрхишца сайн телефон схьаэцна цуьнга йазъйира аса,дерриге хьал цуьнга д|а дийцина сайн дог те дан.
-Къамел дан йиш юй хьа?

