10 страница25 апреля 2022, 13:12

10-я глава!📜



Цу м|арг|онехь сан хилла йолу ойла,кху дуьненахь х|ора адмий,х|ора минотехь хилита лаам бара сан. Дезачу адмех къаьстина хан йаьлча ,цуьнца къамеле хьо ваьлча,ма ч|ог|а доьлу хьан дог,дийца х|ума кхача ца деш,наггахь хьайнаг дийца г|иртича цуьнан къамел доха дой юккъешхул хьайнаг дийца г|ерташ. Цу адмах къаьстина цхьа де,цхьа минот ахьа муха яьккхина теша оле. Ма хаз хан ю'кх дезачу адмийца йоккхуш ерг. Кхин д|а хьанна хиъча дагахь кхерам бацара сан,адам дезар бен кхин г|алат ма дац соьгара даьлла бохуш,со-сайга луьш |аш яра со. Къамеле даьлла тхойшиъ мел хилларг дуьйцуш,сайна Самирас динарг д|а дийцира аса. Цецъваьлла юх-юха хиттира цо,амма дуьххьара дуьйна цо аьлчух со а,я иза тешна воций суна хаар. Кхин д|а ца дуьйцу вайшиммо аьлла саца дира охашиммо и къамел. Чиркх д|абайъина,менги уллера стогар бара со йолч чохь латина,цо яра цу чохь луш цхьа хаза тийна серло. Чохь шийла йолуш т|е тесна довха юрг|а дара сан. Цу буха яьлла къамел деш сахьт сов хан елира.
-Амаль,цхьан х|уман т|ехь барт бай вайшиммо?
-Муьлхачу х|уман т|ехь?
аьлла сайн меттара хьалаг|аьттина охьахиира со. Х|инца х|ун ала воллу теша иза аьлла.
-Кхин кхул т|аьхьа х|ара х|ума д|адера долуш дац хьуна. Айса делла долу дош аса кхочуш дийра ду хьуна. Хьо а со ларлуш хир ду. Арайала аса хьоьга бохар дац хьуна. Хьо йолчехь хьо тапъаьлла |ад |ичехь. Хьай де а,ненан лаам т|ера хьо йаккха лаам болуш вац хьуна со,са сайн ю чохь йиша. Аса аьлла дешан т|ера и йолитур йоций хаа суна айса. Делахь,кху юккъехь хилла долу бахьанан со т|ехь кхиан хьуна. Аса элири хьоьга суна хуур ду?
-Элира.
-Аса и нийсса дира ду хьуна. Хьан де-нена бехк болуш цигахь х|умма дац. Хьо жим хилар бахьан долуш шай цхьа лаам кхочуш бан ойла хира ю церан,амма вайшинне юккъера х|ума гал ца далийта тахана-тховса дуьйна аса ч|аг|о йо хьуна!!
-Дала сий дойла хьан Везан Дела!
Муха? Х|ун ду иза? Со ца кхитара хьуна?
-Т|ехьо хуур ду хьуна. Х|инццехь соьга х|умма ма хетта.
-Мегар ду.
Хаза йоккхура аса цуьнца хан а. Ирсе хетара суна х|ора м|арго цуьнан аз хезаш йолу. Аллах|а атта вовшах тухушша'м дац хьуна тхойши юх-юха бохуш ойланаш йора аса. Аллах|а ма дукх деза кхоьллина адам хиллера и суна. Кхин кху юккъе х|у-а далахь,цуьнах къаьстара ма яц со аьлла онда ч|аг|о йира аса сайна.
-Амаль,сам хьуна сагаттделла...
Айса х|ун аьлча нийса хира ду ца хууш ойла йо аса. Атта ала ма ца лора соьга цуьнга хаза дош. Даго ала мел луург,эхь хетар хьалха долий юха йолур со.
-Са'ам деллера хьуна. Кхин х|умма дуй цигахь?
Сих и къамел хийца г|ерта со,кхи х|ума дола дан. Велавелира иза.
-И хьай берий х|умш дуьтур ца хили'кх ахьа,мел хан-зама йаларх. Дукхах дерг хьай берий амалца даг чу йижан ма ю хьо суна. Хьоьл кегий чера хуьлу дукх лекхар дог-ойла. А хьо,а хьо хенаца кхи а хьой ма йарра хуьлу. И х|ума дика хета суна хьоьгахь. Амалш вуо елахь,даган к|еда ю хьуна хьо. Даимна хиллахь иштта. Цкъа лакхара ма хьежлахь цхьаннега,доцург,йа хьайна ца хуург ма дийцалахь. Хьо ч|ог|а оьзда кхиийна ю хьуна,Валлахи ю'кх Ма Ша Аллах. Дала дуьненахь ша санна адам бен лур дац олуш ду,соьл дик адам дац'кх хьуна т|аккха кху дуьненахь. Мел жим яра хьо суна дуьххьара йоьвзучу хенахь,дага дог|ий хьуна?
-дера доху,аьлла елаелира со.
-Ма воу х|ума яр'кх хьо йам. Дуьххьара суна хьо мичахь гинера хаьий хьуна?
-вааааа,дийца,мичахь?
-Хьо хьайн шичаьрга еан де дара иза,со цигшхула велисопед т|ехь цхьанхьа воьдуш вара,хьо яра цигахь керт т|е яьлла лаьтташ. Х|ара цхьа |овдал хира ю'кх керт т|е яьлла лаьтташ бохуш д|ахьоьжуш схьавохуш вара со. Юх хьо охьайоьссина схьахьаьжи. Вай йара хьо цхьа жима,Амаль. Горга цхьа |аьржа б|аьргаш дина. Вай цхьа бера ду'кх.
Вай йоьлучура ца сацалора со.
-|алееее,йа ма йара со цигахь. Со ма йара тхан шиче дог|а д|алуш. Кхин и муха ниссъделлера дага ма ца доху сунам. Т|аккха? Кхин д|а мичахь гинера хьуна дийца??
-Цул т|аьхьа шу к|етхула хьа йохуш гинера суна. Юха а б|аьрг кхийтира сан хьоьх. Туькнара схьайог|уш йара хьо. Хьо мича керта йоьдуш ю теша бохуш хьоьжуш лаьтташ вара со цигахь. И каникулаш д|а йовллалц иштта лар йир'кх хьуна аса хьо.

d660e207ee118f93aa64d7adad782c23.jpg

10 страница25 апреля 2022, 13:12

Комментарии

0 / 5000 символов

Форматирование: **жирный**, *курсив*, `код`, списки (- / 1.), ссылки [текст](https://…) и обычные https://… в тексте.

Пока нет комментариев. Будьте первым!