9-я глава!📜
-Ма йамарт адам хилла'кх иза хилам. Дала лар дойла хьан и жима дог цу тайпа адмех.
-Х|у бохар цо,дийца?
Дегош дара сан ши куьг собар ца тоьуш.
-Хьан х|у бакъо ю цуьнан суьрташ даха,уьш д|акхехьита аьллера аса,х|ун боху хаа дезар хьуна. Им вацара баш новкъа деъна,д|адовлийша бох'кх. Им бакъ доций хаар суна. Со цецъ йолург иштта адам муха хира ду. Амаль,ванах иштта юххера хеташ гергарло лелинера ахьа цуьнца?
-Дера лелинер'кх.
-Ваааа,кхин цхьанне йо|ийца кхузахь ахь гергарло лела дахь мегар дац хьуна.
-Дера лелор дац,сай дуьхьа а.
Цхьана метте д|ахьоьжуш ойланашка йахана |аш йара со. Цу буса уьш ц|а бахара,со сайн цхьаналлица сой йисира. |уьйранна самайаьлла араелира со. Арахь деъна гуо баьккхина лоу дара. Берийн дера дацара сан даьлла долу самукъа цу м|арг|онехь. Амма ч|ога| вуо кхаъ кхечира цу дийнахь массери дегнашка,дукха адамаш дожийна хиллера цу цамгаро ун даьржинера «Вирус» ю вайн Нохчичохь элира. Тайпа-тайпана дарбанаш лело йоллура Ненан-нана. Соьхь хьакха йаларна кхоьруш и цамгар. Массо адам баланехь дара. Цхьанне х|уманах самукъа ца долуш.
Цу дийнахь цхьа тамашийна сагаттделла ц|а йаха лиънера суна.Ненан-нене ала ца хуттура со. Цуьнан новкъа дарна кхерам бара бохуш. Арахь |аьржа еллера,|ай сих |аржа ма лора арахь. Маьркъижа ламазан мол вара кхойкхуш. Аллах|е сайн даган мел лиънарг сихонца сай до|анехь деха ма доьхура аса,наггахь ламазан хан герга ца хилча а суннат ламаз дора. Аса цу ламаз т|ехь ч|ог|а доггаха дийхира,

«Йа Аллах,ма ч|ог|а сагатдо аса сайн ц|а йахан. Цкъа нена къамеле ладог|а,цо мел дов дарх,мел ч|ог|а човха йарх. Йижаршка дагара дийца,цкъа уьш къоьвллина марабохка. Шичошка хьошалг|а йаха,х|инццалц ма йаккхара марзонца цаьрца цхьана хан йаккха. Ма самукъа ца долу сан кхузахь,сан х|ора до|ийна жоп луш волу Везан Дела,доьху хьоьга,цхьан бахьан хоттадай ц|а йаха пурба ло суна» Ч|ог|а доггаха дийхира аса оцу м|арг|онехь Деле. Дог тешна йара со,цо сан до|ан жоп ца луш со юьтур йоций. Делахь йитахь а,суна новкъа дог|ур а дацара. Суна дика хир дерг бен цо цкъа хуьлутур доций хаьа суна. Ламаз куз д|ахьарчийна,шен метте охьабуьллуш йолуш не| туьйхира цхьаммо. Кхера еллера Нена-нана,ванах мила хира ву теша иза бохуш не|аре йахара. Не| схьайиллича тхан ваша вара веъна.
-Буьйса дик хийла хьан,Баба! Хьо х|у деш ю? Муха ду хьан хьал?
-Вайъ,Далла везийла! Далла везийла! Вай Далла |алаш ве хьо Везан Дела. Вай марша ва хьо к|ант. Хьа вола чу вола,ма бакъ веънера хьо.
-Шуьшиъ а х1ун деш ю теша хьажа чу веънера со,накъосташца Г|ала веанчуьра.
Нена-нена ч|ог|а хьоме ма вара иза,ше к|ант хилла воцуш,дуьххьарлера йо|ан-к|ант вара иза цуьнан. Бераллехь дуьйна шен к|ант волуш санна,ша тайпа хьоме лела вора цо иза. Цо тхан дола деш,хьехар луш гуттара хаза хетара цуьнна. Сих-сиха олур тхоьга,доккха х|ума ду шуьна иза чохь ваша хилар. Сай йиа йо|ан чохь цхьа ваш хилита,мел жима велахь а сайн са д|адала реза йара шуна со. Тха нена-ваша дуьнен т|е ваьлла бутт кхаьчна боцуш Далла герга вахана вара.Дала пайде войла и эхартана.Делахь,Ненан-нене аса даимна олура. Ше дена-нанна муьт|ахь к|ант хилла хьуна иза,баба. Шуьшинне Йалсамане чохь меттиг кеч йан ма вахана иза кхин х|умма ца хилча олий. Ши б|аьрг хих бузура цуьнан аса и аьлча. Амаль,деган ерриге парг|ато ю'кх хьо олий мара юллура цо со.
Чай мелла ваша хьалаг|аьттира.
-Баба,арахь Мохьмад ву соьга хьоьжуш |аш,кхин хье вахь хаза ма дац.
Мохьмад вара тхан вешийн бераллехь дуьйна ч|ог|а юххера доттаг|,сан шолг|а ваша ала мегар долуш. Ч|ог|а оьзда-г|иллакхе кхиийна к|ант вара иза. Тхан Ненан-нанна ч|ог|а дукха везаш вара.
-Вайъ,ахь х|ун дуьйцу,и х|унда ца олу ахьа соьга. Чу х|унда ца валина ахь иза?
-Ца веар иза,Баба. Шуьшинне кхин х|умма ца эшахь,со ц|а г|ура вара. Цхьаъ оьшуш хилахь со волуш ву'кх шуьна Даламукълахь.
-Дала дог хьаста хьан,к|ант. Ларлуш хилалахь,и цамгарехь ларлолахь. Сан до|анехь ду шуна шу массо. Шу дацахьара сан йиш йацар шуна. К|ант,д|а ма г|о,Амаль хьайца тахана ц|а йига,и цамгар сайха хьакхлахь сайн иштта сагатдира дацара аса,цунна х1ума хиларна кхерам бу.
-Вайъ,баба,ахь х|у дуьйцу. Дала ца динарг цхьа х1умма хира дац. Вай бахьнаш лелор ду,Дал мукъ лахь. Хьоьца мил |ира ву т|аккха тахана?
-Хьан Ненан -йиша ю дукха ца |аш схьакхача езаш. Сой юьсур йац хьуна,самагатделахь.
Цецъ йаьллачохь лаьтташ йара со'м. Йа Аллах|,юха а,юха сан до|ийна жоп ма дели ахь. Т|аккха сан массо до|анаш хезаш ду'кх хьуна. Д|акхочуш ду'кх хьоьга. Альхамдулиллах,Йа Аллах. Альхамдулиллах. Дог доьлуш сихонца т|е жигетка юьйхина,араелира со. Ненан-нана доггаха марайоьллина. Цуьнца 1одика йина,тхо ц|а дахара. Сай уьйт|а ма йаьлла цигахь долу х|аваъ т|аьхьа ша тайпа хеташ д|а-схьа хьоьжура со. Нене йистхилла,йижаршна мараиккхина тха Да волччу йахара со.

Бераллехь дуьйна сан алсам марзо сайн деца йара. Иштта цуьнан а. «Да» шина элпах бен хоьттина дацахь,ма доккха маь|на долуш дош ду'кх иза. Массарех къасттийна дукха езаг со йара цуьнан. Со чу ма йаьлла едда цунна маракхийтира со. Бераллехь нанас човхича со хьаста и бен вацара сан,муьлхачу хьолехь т|ехотта,орца деха цул дика накъост а хир вацара. Гуттара хазахеттера цунна со гина,цуьнан шина б|аьргаш чохь гуш дара иза. Тхо цу буса барт а бина шичошца вовшах кхетар ду аьлла,хьошалг|а дахара. Яха,Фатима дуьхьал еддера суна.
-Ваааааааа,Амаль,ах шо,ах шо ма ду вай ганза.
Ваааа,марша йа хьо аьлла Де-шичин зуда маракхийтира суна.
-Меца хира ю,Амаль,аьлла мохь туьйхира дехьачура |елас. Цаьрга йахча гуттара самукъа долура сан,Де-шичин зудчо бе-мерза йаах|ума йора,цкъа а стол юьззина кечйина йоцуш т|е ца лоцура тхо. Ше г|иллакхан барам боцуш,оццул оьзда зуда йара иза.
Йаъх|ума йиъна,тхо цу буса массо луонах ловза арадоьвлира. Дагехь кхерам бара,1уьйраненна и луо дешан хиларна. Ч|ог|а хаза хан ма йоккхура оха цхьаьна. Цхьана сохьтехь арахь |ина,тхо ц|адахара. Чукхаьчна йижаршца дагара дуьйцуш хаза буьйса д|аяьхьара оха. Дийцарх цхьа тешар воцуш, дийцча неха б|аьрг лоцур болуш Ма Ша Аллах|,оццул хаза юкъаметтиг йара тхуна юккъехь. Дено-денна церан дикаллехь,дог-ц1еналлехь сой цец йала йоьлча,сайн дагахь,-«Йа Аллах Дела,аса Х1ун дика дина хилла теша,иштта йижарий ахьа суна баллал» олий ойла ма хуьлура сан.
Дуьненахь-эхартахь сан ма дацара царел герга,царел уллера,кхин тешаме адамаш.Уьш суна мел безара-эшар д|адийца,мел долу хаза дош вовшах тоьхчи а,мел дукха тептарш хийцича,кху дуьненахь цхьа дош карор ма дацара.
Сан дог эца,дог хьаста уллехь и шиъ йолуш. Валлах|и,ма йоккха йина йолуш йацара со. Цхьа сан уггаре дог доьхна, де эшначу дийнахь,цара сан мел оьцуш хилла долу дог. Мел эцна долу дог. Дала диканца бекхам бойла царна. Уьш хилар со мел ирсе ю нахана хиъча,йиша йоцург соьхь хьаьгна йоьлхур ма йара. Йиша,доттаг|ий а,Ненан а метта хилла д|а хутту аьлла дешан маь1нех ма ца кхетар со цкъа а.
Хенаца ма кхийтира со...Дала цкъа а церан эшам хилла де ма гойтила суна цкъа а.Со цхьалха яцар'кх хьуна уьш сайн мел бу. И шиъ а цхьалха яцар'кх хьуна,со шаьшинне мел ю. Цу буьйсанна оха барт бира,жимах йолу йиша Ненан-ненаца кхи д|а |а д|а йохуьйтур ю аьлла. Дукха хазахеташ реза хилира иза. Шолаг|ачу дийнахь кечам бина и д|айахара. Цу юккъе к|ира сов хан елира, Нанас цхьа хаза кхаъ баьккхира соьга,телефон схьа луш ю аьлла. Суна г|иллакхехь ца хетара цуьнга и айса хьах дан. Бакъдерг аьлча,суна сайн и хилар а диц деллера.
Йиша соьга ела а елла б|аьрг та|ийна дехьа чу елира. Сайн телефон схьалатина сой йолч чу йахара со. Самукъа ца долура сан цуьнах цхьанне кепара. Делахь,стих йаз йича х|ун дара теша аьлла стол хьалха охьахиира со. Кехат къолам схьаэцна. Дагара д|ауьдура сан и мог|анаш,ч|ог|а доггаха йазъйина стих йара иза аса.
________________________________
«Хилла безам»
Лаар-кха тахана дагахь дерг дийца,
Х|инца долу хьал хуьйцуш дерриге хийца,
Хан зама мел йаларх диц лург ца хилла,
Дуьххьарчу безамо хьан даг чохь дитинарг...
Сайн боцу лаамца ирсаха яьккхина,
Лаамза дог |овжош,везачух къастийна,
Йисира доьхначу дагца сай йаха,
Къойлина сайн даг чохь,Де-нена лаам.
Кхетар вац кху хьолехь ца хилларг соьха,
Цкъа хиъна безаман чам хиъна вацахь,
Дуьненахь айса мел йоккхучу ханна,
Хастам беш ехар ю хьо волуш веза...
Хьан дикалла йийцина ера а йоцуш,
Йа цкъа сан даг чуьра вера а воцуш,
Хьан дуьха са дала мегар а долуш,
Оццула меттиг ю даг чохь ахь д|а лоцуш...
Юх-юха ойланаш хьийза сан коьрте,
«Йаздина дуй теша цуьнца сан рицкъ бохуш?»
Доьху хьоь,со йиц йай,дагчуьра ма йаккхалахь,
Хьо гаре сатуьйсуш дуьненахь кхалхахь...
Нагахь ас гайтинехь йамартло шийла,
Оьг1азло хьайн кийрахь пурба дац къийла,
Шерашкахь хьо везаш,хьо воцчуьнна дог ца луш,
Со'м хийла леллера,-«Ца воьг|на Везар!!»

Цу м|арг|онехь сан коьрте мел еъна йолу ойла,Йа Аллах,мичахь ву теша иза. Цуьнах йолу ойла дагчу моссуз тосу,дог тохалора сан. Д|айижале истихара ламаз дай аса аьлла ламаз эцна чу еара со. Дик хан йара аса и данза цу хенахь. Юха а Деле деха хоьттира со,-«Йа Аллах,юха а хьуна йоху со. Делахь,ахьа хьайга деха олу,аса тахана ма доггаха доьху хьоьга. Аса цхьа х|ума дешнашца ца дийцича а,и сан дог,сан дег|а са кхоьллинарг хьо ву Йа Аллах,цу чохь дерг хьуна гуш хира ду. Шерашкахь,х|ора денна хьоьга доьхург цхьа х1ума ду аса,х|ун бахьан ду теша и хила йиш ца хилар? Йа цхьа хан кечйина |аш ву теша хьо? Велахь,доьху хьоьга,цхьа бахьан хотта де суна. Шо,итта шо цхьа башхо йац хьуна Йа Аллах Дела,сайна ца дезачу адмица цхьа м|арг|онехь хан ца йаккха,сайна дезачу адме сатуьйсуш хьуна хьалха хотта реза ю хьуна со. Хьажа,и байт йазъйина кхин сайн даг чохь ца тар делла хьоьга дуьйцу аса. Цкъа цуьнан аз хаза,цкъа цуьнца со цхьана ца хилахь цкъа цуьнгахь муха хьал ду хаита,ма дукха х1ума д|а лур дара аса. Ахьа со цхьанне х1уман т|ехь цхьалха юьтур йоций хаьа суна,хьайн хазачу къинхетамца,аса оццул доггаха доьху хьоьга,кхочуш хилита сан лаам Везан Дела. Цхьа бахьан хоттаде суна. Соьга лалур делахь самах хотта дахьара ахьа,лалур дацахь г|енах гайтахьара ахьа.» Ламазан куза т|е охьа оьгура сан ца сецалуш б|аьрхиш.

Доггаха и до|а дина,чиркх д|а байъина метта хьал елира со д|айижа. Стол т|е йиллина йара сан телефон,и хьа етташ хезна хьалаг|аьттира со. Ванах,х|уммам ца хилла теша,мила хира ву итт долучу хена схьаетташ. Делахь,сай номер цхьаннен хууш йоций хаьара суна. Нанас телефон схьалучу хенахь керла номер хийцина схьаелла йара. Шина йишина,вежаршна,нанна бен хууш йацара. Метта охьахиъна,сайн уллера чиркх схьалатина,схьаийцира аса.
-Амаль,буьйса дик хийла хьан!
-Дала,Веееезийлллла!
Цуьнан аз,цуьна аз ма ду х|ара бохуш са-сайга луьш йара со.Йа Аллах|...
-Хьо муха ю? Вайна и цамгар хьакх елла,сагаттдина тоьхнера аса. Хьоьгахь муха хьал ду теша хьажа.
Оцу м|арг|онехь сан хилла йолу дог-ойла. Сан б|аргара ца сеца луш хилла долу хиш. Йа Аллах Дела,вайшинне юккъехь стигланий-латтаний юкъаметтиг йаъ юй теша. Йа Аллах,муха? Муха д|акхечий хьоьга иштта сиха сан до|а? Аса доггаха даре терра д|акхечи теша?
