8-я глава!📜
Хиндоцучу дахаре сатийсинера теша аса,йа кхин хила йаздина ца хиллера теша тхойшинне кхоллам. Ойланаш еш со |ашшехь суна наб кхийтира. Не| етташ хезна самъелира со,нана йара не| етташ.
-Амаль?
-Х|ов?
-Не| схьаелла.
Схьайиллина юха а сайн метта охьахиира со.
-Хьан х|у хилир? Х1умма ца олуш д|а ма йижан хьо.
-Ахь аьлларг д|аэлира. Тхойшинне некъаш кхул т|аьхьа хаьдда ду хьуна.
-Мегар ду! Хьайн ламаз де.
Дог |ийжара сан. Дик ду аьлла,ламаз эца йахара со. Ламаз а дина метта хьал елира со,сайн мотт нис бан юьйлира со. Гоь бухлахь цхьа кехат гира суна. Ванах х|ара муха кхаьчча кхузе бохуш ойланаш еш |аш йара со. Т|аккха ц|еххьана дагадеара суна,тхойшиъ гинчу хеначохь цо соьга схьаделла цхьа кехат ма дара иза,ц|а ма йахна хьой хьажлахь аьлла. Аса цхьан гарна кхоьруш сай гоь буха д|а диллинера иза. Дика хьа ду х|ара нанна ца гина бохуш,суо-сайга луьш метта елира со и кехат х|у кехат дара хьажа.
________________________________

Даьллера сан цхьа тамашина самукъа. И ма дара аса цуьна со ворх|олг|а классехь йолуш йаздина д|аделла кехат. Оццул хан чохь шегахь лардина хиллакх цо иза. Жималлехь ца лелош х|ун дара ала. Ма ч|ог|а сагатдан юьйлира со цунна цу м|арг|онехь. Тхайшинне мел хилларг карла даьлла,ойланашка йахнера со. Цуьнгахь муха хьал ду теша,х|ун ду теша цуьнан дагахь? Делахь,Делан карахь ду'кх ша дерриге аьлла,со ойланаш еш |ашшехь,суна наб кхийтира. Шолг|ачу дийнахь со сени чу горгам хьаькхна,уьйт|а дойзик хьакха ара елира. Арахь |арж луш йара,ков детташ цхьаъ хезара суна,ванах ков ч|аьг|на ма дацара бохуш,сай дойзик аьчкал схьаэцна со чу йаха йоллушшехь керта цхьа баккхий нах боьвлира.
-Буьйса дик хийла хьан,йо|!
-Дала везийла,шу а хийла !
Тхан де ц|е йаьккхина,ц|ахь вуй иза аьлла хаттар дира цо.
-Ц|ахь ву хьуна,Ваша!
Аьлла,со чу йахара.
-Нана,вайг цхьа нах баьхкина,Дада чохь вуй хоьттуш бара уьш.
-Вай,муьлш хир бу уьш?
-Сунам хаац,Нана,аса массо г|уллакх чекх даьккхина хьуна. Сой йолч чу г|ура йара со. Хьуна х|уммам ца оьшу?
-Х|ан х|а,йо|. Хьайн чу г|о хьо.
-Мегар ду,Нана.
Со сой йолч чу йахара,к|адъелла чу еъна йара со,ч|ог|а хьагъелла хи мала ара елира со. Цул дехьа чохь уьш луьш хезира суна. Сай хи молуш йолу со,
-Йо| еха даьхкина дара тхо.
Цара и олушшехь суна хи сица иккхинера.Йа Аллах,уьш со юьйцуш хира ма бац аьлла ладоьг|уш |аш йара со.
-Бехке ма лара,йо| кхечуьнна хан йиллина д|а елла ю!
Аьлла вист хилира,Дада!
Йа Аллах,Йа Аллах,Йа Аллах. Ма ала...
Муха? Ва муха олу цо иза? Б|аьрхиш ца сецалуш сой йолчу йахара со. Х|инц-х|инца нана чу еана,цо дерриге сайга дийцале хьоьжуш |аш йара со. Юккъе сахьт делира,уьш д|а бахан ах сахьт сов хан елира. Нана чоьхьаелира.
-Амаль,кхин хьан некъаш цо хедор дац хьуна. Тахана тховс дуьйна и д|адаьлла хьуна.
Нана,муха? Муха да делара шуьга иза? Муха ала делира шуьга иза? Б|аьргара хиш ца сецалуш йоьлхура со. Тхоьгара х|ун г|алат деллера,Нана?
-Хьайгара телефон схьалол. Кхи кхул т|аьхьа хьуна и оьшуш йац.Кху кертара хьо кхин ара ера йац.
Цул т|аьхьа араелира,нана.
Цу буьйсаннна сан хилла йолу дог-ойла ма хуьлийла,цхьана а йоь|ан. Ма дезийла дезачу адмех хьега,цхьана адмий . Цу буьйсанна сан дохийна долу дог,и чов ерза ца туьгуш ши бутт сов хан елира. Йовха аьхке т|ееъна хан яра иза. Йаъх|умана т|е дог ца доьдура сан. Дуьненахь кхин самукъа ца лоьхура аса. Х|ора буьйсанна цхьан ойланца д|а юьжура со,цхьана ойланца сама йолура. Кхечуьнга со д|а елла аьллачух'м и тешна ца хилар дог тешна йара со. Делахь,ши бутт сов хан чур ког ара баьккхина боцуш,йа атталийна Мареми аз хезна а доцуш,цхьа тамашийна д|а доьлхуш дара сан денош. Цуьнгахь х|ун хьал ду теша? Со дагахь йолуш вехий теша иза?Дукха ойланаш йора аса дено-денна. Цхьа кхачо а йоцуш. Со йина де т|е кхача бутт биснера. Ч|ог|а лар деш дара аса и де. Ц|еххьана тхан Нена-да меттахь висина аьлла хабар деънера тхоьга,цулт|аьхьа бутт кхочуш бара цуьнан вуоле ца хуьлуш. Цхьан буса цхьа ирча кхаъ кхечира тхан дегнашка,дуьнена меха волу Нена-да д|аваьлла аьлла. Ма ирча буьйса йара иза. Нене и муха ала деза ца хууш |аш дара тхо. Делахь кхин да х|ума дацара. Мерзачу набарха йаьккхина нене и ирча кхаъ баьккхира оха. Тхан б|аьрхиш сеца ца лора тхоьга. Нана,тхо ду хьуна хьан накъостий массо ханна.Доьху хьоьга,собаре хилалахь. Тхо даимна герга хира ду хьуна. Массара маракъоьвлинера оха иза. Цхьа хазачу собарца хьалаг|аьттира нана. Цу буса,сатасле ца хьоьжуш тхо Г|ала д|адахара. Ненахой Г|алахь |аш бара тхан. Ше ц|ахь нанас вина ваша хилла воцуш,да-нана,йижарий бен боцуш ч|ог|а деса дити цо вай дакъа бохуш йоьлхуш хезаш йара,нана. Цу т|аьхьа тезет д|адаьлла,тхо чохь |аш долуш нена-нанас элира нене. Шу массо ша-шай х|усамехь ду,со х|инца шуьна ма хаара цхьалха йисина,к|иран де лардан деза са шу дахкале. Хьо реза йалахь Амаль кхи д|а сайца |айта мегар дари аса? Бераллехь дуьйна цуьна ма йара со массарел хьоме,ч|ог|а дика нена-нана йара тхан. Дешнашка даккха лур доцуш цуьна мел дог|ург. Ма Ша Аллах. Нана реза хилира. Ч|ог|а оьзда зуда йара иза,дукха неха шеха йаккха дика ц|е йитина. Дукха х|уман т|ехь г|иллакх-г|уллакх,са дерриге дахар ша-тайпа хийцира цо.
Цуьнца со |аш хан йоккхуш бутт сов хан елира. Бакъ долуш цу цхьан баттан чохь цкъа ара йалитан йацара цо со,к|ете ц|ан йар доцург. Къамел,лелар,дено-денна аса нахаца лелош долу г|иллакх,ала хууш олучехь олуш долу нийса дош,цо мел дина хьехарш,цо мел |аминарг,цо мел гайтинарг ма дара.Уггаре дезачу совг|атехь Дала суна дика доккха-деза совг|ат дара иза сан. Тхо цигахь ц|енош чохь |аш дара,дуьххьал тхуна квартираш йара. Со цхьан дийнахь к|етахь нуй хьокхуш йолуш цхьа йо| т|е еьнера суна,кху кертара хьена ю хьо аьлла. Йоьвзуш хир ю вайшиъ аьлла. Цул т|аьхьа ч|ог|а гергарло таса деллера са цуьнца. Со йолчу йохара иза сих-сиха. Нена-нанна гуттара хазахетара сан самукъа даьлча цуьнца. Аса цуьнга сайгахь телефон йац,лела ца йойту аьллера. Ма дарра хьал дийцинера аса цуьнга. Ч|ог|а даго т|е эцнера сан и йо|.И к|ант цигар г|алар вуй хаитнера аса цуьнга. Цу юккъе кхо к|ир хан елира,ше йина де т|е кхача ши де бен ца дисна,хьа бабе хьо йоитар йарий хатта еъна йара со аьлла тхоьга еънера иза. Дуьххьара реза ца хилира Нена-нана. Т|аккха ненера пурба даьккхина йахитира цо со. Цигахь вацара суна цхьа а воьвзуш. Цхьа хуьл'кх,хьай адамаш доций хаа хьун дуьххьара дуьйна. Ч|ог|а тамашийна дара суна цаьрца.И йо|арий соьга кхин биста ца хуьлуш схьоьжура. Цхьан йо|а элира мохь тоьхна,ца ешаш:
-Х|ара йарий ахьа телефон йац х|инци аьлларг?
Чур массо йо|рий бела хиттира.
-Д|адовлиш,иштта аьлла ма дацара аса иза. Цуьнга ца лела йойту бохург дара сан иза.
Цхьа тамашийна д|ахьаьжира иза цаьрга. Цхьаъ дика доций гуш дара суна. Жим хан йалитна д|а г|ур ма ю со бохуш |аш йара со.
-Амаль,соьца ара йоли хьо?
-Мича?
-Ша суна дала совг|ат дохьуш хьа кхаьчча бохуш ву иза,сой ара йала эхь хетар суна. Схьайола соьца цхьаьна .
Ч|ог|а ц|е елла хиан |аш йара со. Йохъелла. Дагехь хорам болуш. Ара яьлла цуьнца кхин д|а со д|а йоьду,сайгахь дика хьал дац эра ду айса цуьнга аьлла. Арайолу хьуна аьлла тхойши араелира.
Араяьлла цу к|антера зезагаш схьаэцна соьга сурт даккха элира цо. Церан сурт доккхуш,сайн хьал г|ийло дага оьххуш ойлнашка йахнера со.
-Вааааа,Амаль,сай йовлакх нис дира дара аса,х|ара зезагш схьалаца.
Уьш схьалаьцна цу к|ента машен уллехь лаьтташ йара со.
-Схьахьажа,Амаль! Сурт даккхита хьайна. Ма хаз гуш ду уьш хьан керахь. Вааааа,ма хаз даьлла и сурт га дезар хьуна.
-Гайта. Боккъалла,ма хаза ду. Давис,дехьа даккха телефон елар соьгахь.
-Х|умма дац,Амаль. Аса сайгахь дуьтар ду хьуна. Хьа телефон схьа ма елла аса д|а доуьйтур ду хьуна. Мегаш дуй?
-Мегар ду! Хьуна новкъ дацахь чу г|ура йара со. Ч|ог|а дика дац суна.
-Вайъ,х|ун хилла? Ахь йаъх|ума ма ца йиъна х|инци.
-Цхьа х|ума ца еза суна.
-Дика ду т|аккха. Со кхузе д|а хутт хьуна,некъал дехьа йала яьхьар юй хьо?
-ю.
Сой йолч чу йахара со. Нена-нана йара цецъ йаьлла,хьо ма хьалхе чуеъна бохуш. Дика хьал дацара соьхь,баба аьлла. Со д|айижира.
________________________________
Буьйсанна пхьуйра ламаз деш самаелира со. Цул т|аьхьа истихара ламаз дай аса аьлла дагадеънера суна.Ч|ог|а даго д|а теттира сан и йо|. Аллах|е цуьнгахь х1ун доллу сайна гайтита,ламаз дан х|оьттира со.
-«Йа Аллах,тахана ма ч|ог|а дог |овжий цара сан. Дагара дийца нана йац соьца. Йа уллехь йиша йац. Делахь,дийнахь пхуьйзза х|окху ламазан кузан т|е ма хиъна са хиллалц деха хьо цхьа Аллах| Дела ву'кх сан. И суна тоьуш ма ду. Ма дика ду'кх Йа Аллах Дела сайн хазахетар,халахетар сан хьоьца декъа йиш йолуш. Дагехь даимна цхьа ойла хуьлу сан,со хьайна дукха езарна,дерриге хьал кхечу адамашца ца доькъуш хьайга цхьаьнга дийцита,цундела массо суна уллера хер вина теша ахь? Нагахь санна и сан даго суна ма хьеххар далахь,соьл ирсе йо| хир ма яц. Ма ч|ог|а дукха веза суна хьо Йа Аллах Дела. Доьху хьоьга,цхьа хаам бе суна. Цхьа бахьан х|отта де суна,х|ун дагахь долуш гергарло ду теша цу йоь|ан соьца. Суна дика х1ума и делахь суна герга йиталахь иза,дика х1ума дацахь гена йаккхалахь.»
И ламаз дина со д|айижира. К|иран де дара иза,цу дийнахь массо ненайижарий вовшах кхетара. Сан йижарий,нана циге йог|ура. Бабица царна бе-берза йаъх1уманаш йина кечам бина |аш йара со. Сарахь уьш схьабаьхкина ч|ог|а хаза хан яьккхира оха.Сан йоккхах йолчу йишас элира соьга:
-Амаль,хьоьга цхьа къамел дан дезаш ю хьуна со. Вайшинне юккъехь хила дезаш ду хуьна иза.
-Дера хира ду'кх,Дал мукъ лахь. Х|ун хилла?
-Йало,кухни чу йоьду вайшиъ,кху чохь нанна хазарна кхерам бу.
-Амаль,хьоьгахь телефон ю?
-Дера яц.
-Соьхь ма лечкъа делахь х|умма.
-Вайъ,Дела ву'кх гуш. Аса къайлаха лелора йоций ца хаьа хьуна?
-Хаам хаьара суна. Хьо кхузахь цхьанне ара яьллий?
-Муха ара?
-Цхьанне к|антана?
-Хьо ху дуьйцуш ю? Ахь муха олу соьга иштта?
-Амаль,жоп ло суна. Цхьана х1уманна т1аьхьа кхиа йоллура со.
-Вай,Валлах|и са цхьаннеца х1умма хира доций ма хаьа хьуна. Ахь иштта хаттарна новкъа ду суна.
-Хаьа дера,Амаль!
Аьлла марайоьллира цо со.
-Самира мила ю хьан?
-Самира? Вайна дуьхьлара цхьа йо1 ю.
-Хьуна йойзуш ю и?
-Ю. Кхузахь йойзина йара. Ши бутт сов хан ма ю. А х1ун хилла?
-Хьо цуьнца цхьанхьа йахнери?
-Селхана и йина де дара,и йолчу йахнера со.
Дерриге хьал д|а дийцира аса цуьнга. Уьш тамашийна хетта юха сой ц|а йар а.
-Амаль,ахь хьайна сурт даккха аьллери?
-Дер ца аьллера. Цо даьккхира суна. Йовлакх нис даллалц зезагаш схьалаца аьлла уьш сан кара цо схьаделча хеначохь. А х1ун хилла?
-Ваааа,Амаль. Ма йамарт ду вайна адамаш. Цо и сурт хьан дахьитан хаьий хьуна т|аккха?
-Муха? дера хира дац суна моьттург.
-Валлах|и дукх! Со'м ца тешара бакъ долуш. Аса дукха ойланаш йинера. И муха нисъделла хир ду,хьо ара муха йалитан хира ю бохуш.
-Йа Аллах,ма ала и боккъалла тешна?
-Амаль,ма доккха п|ит|ан дина ца хаьа хьуна цо шуьшинне юккъехь. Даъ доцуш хьо кхеча нахан д1а елла ю аьлла цу к|ента дог дохинера цара. Х|инца цу йо|а динарг.
-Вайъ,хила х|у хилла дийца?
-И йо| цуьнца доьшуш йара хьуна. И шена войзуш воллушшехь хьоьга хаа ца хоуьйтуш кеп лелайина хьуна цо.
-Йа Аллах|,ма ала. Ма ала.
-Ахь дицнера цуьнга шаьшшина хилларг?
-Диийцинера,соьгахь телефон х1унда йац аьлла хаьттинера цо,иштта къамел д|адоладелла дийцинера аса цуьнга.
-Ма сих виц велла хьо цуьнан аьлла хьан сурт дахьитна цо. Со йист хира ю цу йо|е. Хьа суьрташ дохуш,уьш д|а кхоьхьуьйтуш и х1ума аса цхьаннена могуьйтур дац. Кхин шен даг чохь ца тар делла аьлла хир ду цо соьга иза. Цара бохург бакъ дуй теша аьлла.
Йа Аллах|,ойланашка йахнера со,ма тешам бац'кх цхьанне адмехь. Цу м|арг|онехь баьлла болу сан чам,кхин цул т|аьхьа цхьанне йо|ах тешам ца хилира сан. Юха а х|инц-х|инца |ехор ю со бохуш. Сай ц|еначу ойланца,берий амалца дагахь х1умма доцуш тешна йолу со. Суна х1унда до теша адмо иштта х1ума. Йа Аллах,сан до|ана жоп дели ахь,доккха баркалла ду хьуна со массо вуочух ахьа лар йар бохуш,юх-юха цуьнан хастам бира аса. Шолг|ачу дийнахь йиша йист хилла цу йо|е чу еъча цецъ яьлла лаьтташ йара.
-Ваааа,Амаль,со цо цецъ яьккхина.
-Х|у хилла? х1у хилла дийца? Йа Аллах,йа суна ца хууш цхьа х|ума дара теша цу юккъехь.

