7-я глава!📜
-Х|ов,Нана? Х|уммам ца хилла?
-хьо соьга хоьттуш ю иза,юй?
Сан б|аьргаш чу хиш доьссира цу м|арг|онехь. Когашкара са д|адаьлла са. Багара дош ца даккха ло соь. Боккха къурд а бина,хьалахьаьжира со. Кхин дан х1умма дацара.
-Амаль,ма ч|ог1а бехира аса хьоьга,х|унда ди ахьа иза. Сан даш т|ера ера йолуш йо| ма яц хьо,массарал хьоме юй ма хаара хьуна хьой,соьга ладоьг|ча хьо сийлахь хира яц моьттара хьуна? Сан хьоьга ала дош ма ца дисина. Теший хьо?
Дош ца даккха лора соьга. Цхьан метте д|ахьоьжуш,б|аьргаш чу хиш диссина,кхин б|аьргаш чохь саца меттиг йоцуш дукх сов даьлла охьа оьхуш б|аьрхиш дара са.
-Амаль,хьо йиста х|унда ца хуьла? Со хьоьга ца лоь? Телефон д|аелча и баркалла элира ахьа суна,элари?
Меллаша куьг хьаькхина юьхь т|ера хиш д|адаьхна,хьалахьаьжира со.
-Нана,цкъа хьоьга иштта сайн дагахь дерриг дийца хоттам ца хуттура со. Ма йаккха со цуьнах...
-Амаль,кхин эхь ца хеташ ма йаккха муха олу ахьа? Со хьоьх инзаре цецъяьлла.
-Нана....
-Кхин дош ма даккхалахь.
-Нана,кху дуьненахь цхьана адамийн доггаха дог хьаьстича хьуна Дала Ялсамане лура елахь,тахана ахьа соьга ладоьг|на сан дог эцахь ма мела хира бу хьуна.
Цхьа тамашийна т|ера бос хийца белира Ненан.
-Амаль,Дала т|аьххьаре сан са д|аэццалц хьан дог эца,дог хьаста хьан Нана ю хьуна со. Хьан эшам хилла де ца гайта,сайна иттуз эшам хилийта реза а хира йолуш. Амма,хьан де даш т|ера йолийла дац сан,кху ткъе шарчохь ца яьлла со цуьнан даш т|ера,хьо бахьан йолийла дац. Бакъ долуш хьайга юх- юха бахита дезша'м йацара хьо. Хьо жима юй хууш,хьоьга хьекъал тоьан хира дац'кха аьлла хьуна хьехар дан хутту со сайна ма хуьллу. Кхин хьо сан даш т|ера ялахь хаа ду хьуна,со хьайна дуьненахь йа эхартахь къинт|ера ера йоцийла. Телефон схьайоккхуш йолура яц хьуна со хьоьгара,амма аса аьлла долу хума ахьа кхочуш ца дахь со хьуна къинтера ера яц!
-х|ун ду ииии??
-Хьой реза йолуш айха цуьнца дерриг д|а доккхуш ду эра ду ахь. Ера яц хьуна со,Амаль хьуна къинтера аса ма бохху ахь и чекх ца даккхахь!!
-Йа Аллах,Нана. Аса муха эра ду цуьнга. Сан дагчу диллина аса лелина долу адам. Аса муха доккхур ду и д|а,нана?? Нана,доьху хьоьга. Ма доха де тхан дегнаш. Са цхьан дог дохийна ма ца 1а ахьа,цуьнан дог ца доха дайта сайнаг аса хьоьга кхин оццула доха дойтура ма дара.
-Кханналц ойла йира ю ахьа!!
И аьлла нана араелира.
Корт схьалаьцна охьахиира со. Йа Аллах,бакъ ду ма ала х1ара. Гинарг воу г1ан ду алий самайаккха со. Йа Аллах,ма ч|ог|а дехнера аса хьоьга,йаздинарг хийца ницкъ болуш волу Везан Дела,йаздина ца хилла теша боккъалла ахьа тхойшинне рицкъанаш цхьана. Х|етте а хьан диканах дог ца дуьллуш,аса дикане ма ч|ог1а сатуьйсура.
Айса х1у дича нийса хира ду цу хууш хьийзаш яра со. Нанас ша къинтера ера яц алар дара суна дагахь. Аса и цуьнга аьлча цуьнан духур долу дог. Массо аг|ора ойланаша лаьцнера со.

Маьнги т|ера кхин хьала ца г|оттуш |аш йара со. Арахь |арж еллера,сан кийра дахна рицкъ дацара. Пхьуьйра ламаз а дина,истихар ламаз дира аса. Цу т|ехь юха Аллахе дийхира аса.-«Йа Аллах,хьан уггаре г|ийла лай ю хьуна хьоьга доьхуш,цхьам човхича беро нене муха кхайкху,дедда доьдий нена мара муха хьаьрча,иштта хьуна схьайог|у хьуна со. Юха а сан иштта дог дохарх,хьо бен ма вац сан и деха. Везан Дела,сан дохина долу дог гуш ма ву хьо,сан даго цхьанне ца хезаш хьоькху мохь хезаш ма ву хьо. Аса сел доггаха деш дола до|а гуш хира ма ду хьуна. Кху дуьненахь аса х|ора м|аргонехь дехарх,ахьа итта шарахь сан до|ийна жоп ца лахь,юха а и деха хьо бен ма вац са. Хьо бен ма вац са Де-Ненал уллера. Хьоьл дукх везаш цхьа а ма вац суна,хьан дуьхьа безаш ма бу уьш суна.
Хьайна дукха дезаш долу адам халонехь чекх доккху олу ахьа,маситта шерашкахь ахь сан дахаран новкъахь хоттина йолу муьлха а хало лан реза ю хьуна со,т|еххьаре цуьнца сан рицкъа ахьа цхьана тоьхчхьана. Т|аьххьаре тхойшинне вовше хьаьгна долу дегнаш ахьа цхьаьна тоьхчхьана.»

Цул т|аьхьа аса Мареме йазъйира,цуьнга кхана ва йиш хира йарий хатта аьлла. Цхьаъ ала дезаш йара со аьлла. Айса цуьнга ала ца хоьттира со,дуьххьара айса йазъйан нийса ца хийтира,иштта цуьнга и аьлча цо дуьхьал х|ун хилла хоттура дара,цул т|аьхьа суна кхин а воу хира дара. Маремас соьга телефон схьатуьйхира.
-Амаль,йиш хира ю боху хьуна цо.
Маремега дерриге хьал д|адийцира аса. Ч|ог1а тамашийна дара цунна а...
-Марь,ч|ог1а корта лаз баьлла сан,д|аюьжур йара со. Буьйса декъал йойла хьан!
-Цхьа х|ума дац,Амаль! Сан до|анехь ю хьуна хьо. И диц ма делахь!
-Дал мукъ лахь,Марь. Хьо а ю хьуна.
Ч|ог1а дог |ийжара сан. Чиркх д|а байъина метта елира со. Дукха ойланаш хьийзара сан коьрте.Аллахан герга йалхьара ма парг|ато хира яра сан даган бохуш,оццул бала бара сан дагахь. Аса муха дохор ду теша цуьнан дог,Йа Аллах,уггаре къинхетаме цуьнан дог. Дено-денна цуьнга сатийсаро хоитуьра суна и сайна мел ч|ог|а оьшу. Мел ч|ог|а веза. Со-сайга луьш со |ашшнехь суна аьххаре наб кхийтира.
|уьйра ламазан хьалаг|аьттира со. Ламаз а дина,хи мелла сой йолчу еара со. Делкъа хан хилира. Нене элира аса,ара йала мегар дуй аьлла. Мегар ду элара,аса бохург диц ма делахь аьлла.
Цул т|аьхьа иштта сайн маьнги т|аьхь хиан |аш яра со,цхьан метте д|ахьоьжуш. Маремас телефон туьйхира соьга.
-Амаль,хьалха еанче схьайола боху хьоьга. Делдахь,Амаль,ма ч|ог|а воу ду суна. Айса х1у аьлча нийса хира ду ца хаа суна.
Багара дош ца даккха лора соьга...
Сайна т|е кхин бедарш юьйхина со араелира. Дег|ехь г|ора дацара сан. Йа Аллах,хьо гуш вукх сан дог-ойла бохуш,б|аьргаш чу хиш диссина цуьна т|ейахара со.

Цхьа тамашийна кхоьлина лаьтташ вара иза.
-Амаль? Хьо ма, хьо ма тамшина. Амаль? Ахь х|у до?
Цуьнга д|ахьоьжуш лаьтташ йара са. Багара дош ца даккха лора соьга.
-Амаль? Ма елхал. Сабар де.Хаам хаара суна цхьаъ дика доций ахь-айхьа гайта аьлча. Схьаерза,схьахьажа соьга?
Юьхь дуьхьал ца хьажалора со. И вист мел хуьлу кхин а елха дог дог|ура сан.
-Амаль,цхьаъ дика доций гуш ду хьуна суна. Ма елхал. Х1умма'м ца хилла. Х1у-а хиллехь цхьа х|ума дац хьуна. Йоьлхчура саца цкъа,со хьоьга ца хьаж ло иштта.
Куьгашца б|аьрхиш д|адаьхна хьалахьаьжира со.
-Хьо муха ву?
Кхин айса х1у ала деза ца хаьара суна.
-Со'м дик ву. Хьо'м воу гуш ю. Ма елха,Амаль.
-Нийса доций хаа суна. Дицлур доций хаьа. Хала хира дуй хаьа.Доьху хьоьга. Дуьхьал дош ма алахь соьга.
-Эра дац!
-Сан хьоьца кхиииииии...Ца алалора соьга.
Юьхь т|ера бос хийца белира цуьнан. Цхьа тамшин схьахьаьжира и соьга.
-Сан хьоьца кхииии. Бетах куьг дуьллу аса...
-Сан хьоьца кхин х|умма хуьлийла дац. Сай лаамца боху хьуна аса иза.
Вист ца хуьлура иза. Цуьнан |аьржа б|аьргаш,цуьнан б|аьрги бос къаьстар боцуш хих дуьзнера цуьнан уьш. Дуьххьара гина вара суна иза цу хьолехь. Боккха къурд бина...
-Амаль,юха ала?
-Кхин са хьоьца х1умма хуьлийла дацара. Хьайна со доггаха езнехь,кхин дош ца олуш д|айахита со.
-Амаль,Делахь,хьай лаамаехь аьлла доций'м хаьар суна. Амма халам хира ду дера,жима йолуш дуьйна хьалакхиийна хилча аса. Делахь,Дала сий дойла хьан хьай Ненан дош ца дохадарна!
Массо х|уман т|ехь сан дерриге самукъа,х|ора денна хьо га йиш ца хиларх цкъа хьо юй хааро дог парг|ат доккхуш вехаш,ваьхна вара хьуна со.
____________________________________
Сан б|аьргара хиш ца сецалора. Нанас аьлларг дагара ца долура сан.
-Къинтера валахь суна! Доьху хьоьга. Сан дуьхьа,сан дуьхьа 1ад йита со. Кхин цхьанне дуьхьа ца бах хьуна.
Ала ма ца лора соьга цуьнга воу. Цуьн и ц|ена дог муха дохор дара аса.Т|аккха йиш ма яцара сан ненан дехар кхочуш ца деш ц|а я.
-Къинтера валахь суна юха т|аккха. Сан кхи хьоьца хуьлийла дац. Со йоцуш санна йиц яй,д|аяккха хьайн дагчуьра.
Сан ойланехь даимана хира ву хьуна хьо...
Со даимна хира ю хьуна хьа. Кху дуьненахь вай цхьан хила йиш ца хилахь,эхартахь цхьана тухийла цо вайшинне дегнаш. Вовше эшар сов даьлла лелхаш долу вайшинне дегнаш. Хьоьх йолу сан ойла,хьоьгахь мел дезнарг,иштта аларна къинтера валалахь,и олуш сайна тамашийна хета суна. Наггахь аса и цхьаннеца хийцахь.Дала сайна уггаре дезачу адмех йоккхийла хьо. Йаккхахь хьоьх йоккхар ю хьуна цо со т|аккха. Х|инца мукъан кхета сан хьоьл герга адам доций. Доьху хьоьга,кхин дош ца олуш д|айахита со.
Ша лаьттачура меттах ца волуш соьга схьахьоьжуш лаьтташ вара иза. Цецъ ваьлла.
-Аса Дела кера д|авелла хьо!
Цул т|ехь машен чу хиъна д|авахара иза.

Юхайирзина д|айахара со.
Х|ара дерриге дуьненан латтанаш дохор долуш,оццул мохь бара сан даго хьоькхуш.Юьхь т|ера ч|къор цу б|аьрхийн дуралло дукх дагийна догуш дара са.
-«Йа Аллах Дела,ма декъаза йо| хилла'кх со.
Кху дуьненахь вовше дезаш долу ши адам,ц|ахь берш реза болуш,парг|атонехь цхьана кхета йиш йолуш хилча,доьвнехь муха хира бу теша? Оьг|аза дахан муха 1ира ду теша ши адам.
Соьгахь долу хьал доцуш парг|атехь цхьана кхета йиш елахь церан,ма ирсе ду'кх церан дегнаш. Ма ирс ду'кх шу!
Х|ора йо|е а,к|анте эра дара аса. Вовше дега баам бина,йа дог дохийна цхьа минот ма йаккхалаш. Х|ара дуьне х|умма йан яц шуна. Валлах|и яц! Мел ч|ог| шиннах цхьаьнгара воу х|ума даьлла хиларх,вовше къинт|ера даьлла доцуш буьйса ма йаккхалаш. Муьлха а адмера долу шуна г|алат. Цхьа ма дац вай исбаьхьа. Мичча хенахь хира вара иза-м,йа хира йара иза-м аьлла ойла цкъа а шайн дагчу ма йиталаш. Деза адам уллехь хилар,и га йиш хилар мел доккха совг|ат ду шайна хиъча. Соьгахь долу хьал цкъа шайгахь хилча,дезачу адмица йоккху х|ора минот ирсе хеташ йоккхар ма яра аша. Йа х|инца вовше дезна долу ши адам цхьацца бахьнашца къаьсттина делахь,аса йазбина болу х|ора мог|а айхьа дика ойла а еш бешахь. Доьху хьоьга,таханехь берта г|олахь цу адмаца. Кхана! Кхане йан яц хьуна! Ойла е,хьай оьг|азло кийрахь хьулйина хьо |ашшехь,кхана и адам Аллахо шена герга д|адигча. Х|инца жима-воккха башхалла ма яц,вай т|еххьарчу хеначохь гуш долу суьрте хьаьжча хуур ду шуна.Мел ч|ог|а и адам хьайна ца оьшу ахь бахарх,цкъа цуьнан аз хезча,
цкъа цуьна къамел хьайна хезча,Йа Аллах,ойла е. Диц деллий хьуна и адам? Диц лур дац хьуна деза адам цкъа а. Деза адам цкъа бен хуьлуш ма дац!
Аллах|о ирсе бойла х|оранне кхоллам!
____________________________________
Доьхначу дагца д|айоьдуш йара со. Вацара кхин накъост цхьа Аллах Дела бен. Ц|а кхаьччаа сой йолчу йахана,дог|а д|а а тоьхна метта яьлла доггаха елха юьйлира со.....
Сан даго хьаькхначу мохьо дог лазадаьккхнера са...

