6 страница8 марта 2022, 14:03

6-я глава!📜


Х1ун хилла аьлла нана чуелира . Сан б|аьргара хиш сеца ца лора.
-Вай дехьа урамера Лукъман г1ийла ву олуш хезнера суна,к1ант. Иза'м вац теша?
-Хила мега,нана.
Цара и дуьйцушшехь дада а чувелира.
-Вай лулар Лукъман д|аваьлла тезетахь вара со,ма дика стаг вар'кх иза,Дала Ялсамане хьаша войла иза.
-Амин.Амин!

Сой йолчу яхна,Марьям марайоьллина йилхира со.
-Марь,иштта дахар йаздина хилла теша сан? Йа кхин ирсе хилайаяздина ца хилла теша суна? Суна ма хала ду...
Цхьа г1ийла соьга хьоьжуш лаьтташ яра Марь,б1аьргаш чу хиш диссийна.
-Амаль,диц ма делахь,Дала шена дукха дезаш долу адам бен халонехь чекх ца долуьйта хьуна. Хьо санна ц|ена дог долу адамийн дог дохор ма дацара цо,шена дукха езаш ца хиллехь. Ткъа собаре хилалахь,собаре волчуьнгхьа ву хьуна иза. Схьахьажа соьга,д1адахал хьайн б|аьргара хиш.
-Елаелира со. Дал мукъ лахь,Дал мукъ лахь,сан дагахь дерг гуш ву'кх иза.
Ч|ог1а наб т1ееънера суна.
-Марьям,вайши д|айижи?
-Дика'м хира дара,Амаль!
Чиркх д1абайъина  метта елира тхойшиъ. Цу буса истихара ламаз дан самаелира со.Юха-т|аккха Деле деха юьйлира со,-«Везан Дела,бехке ма ларахь аса и сайна деза адам х|ора до1анехь хьайга дехарна.Делахь,ва ма вац сан хьо бен накъост,хьо бен ма ца хилла соьца серлонехь йа боданехь,ахь бен ма ца хьаьстина сан дог хазахетар хилча а, йа халахетар хилча,хьо бен ма вацара со ден йан ,сан ницкъ кхачийначу хенахь. Доьху хьоьга,ма йита со и воцуш кху дуьненахь. Самах йа г1енах цхьа бахьан хотта де суна Везан Дела. И мел соьхь дог лезна адам дара ма хаа хьуна,цкъа сан б|аьра хьажита юха тохадалита цуьнан дог. Уггаре къинхетаме дог.»

20f0b87b3e23216611ec5044e503e0cb.jpg

Цул т|аьхьа суна наб кхийтира. Цхьа тамашийна г1ан гира суна,хьалха гина долу г1ан юху карла делара суна. Буьйсанна хьун юккъехула лелаш йара со,хьалха санна жима к|ант вара цигахь дитт хьалха букъ тоьхна лаьтташ,суна т|е веъна цхьаъ йоьхуш санна хийтира суна цо,мотт ца буьйцура цо,куьйгаш бетт т1е хьора цо.
-Хьуна х1ун оьша?
Вист ца хуьлура иза...
Юха а хаьттира аса,хьуна х1ун еза?
Юха а куьйгаш бет т|е даьхьира цо.
-аааа,йаа х1ума? Хи? Хи дезий хьуна?
корта ластийра цо. Йаа х1ума ези хьуна?
Юха а корта ластийра цо.
Айса х1ун да деза ца хууш д1а-схьа  хьийзара со. Т1ейоьхна шийла бедарш яра цу к1антана,ши куьг чуьчдоьллина лаьтташ вара иза. Охьа таь|на маравоьллира аса иза.
-Аса хьуна хи дохьу хьуна,йаа х1ума а йохьур ю хьуна,кхузахь лаьттар вуй хьо?
Корта ластийра цо. Цу хьун юккъехула едда йоьдуш яра со,ц|еххьана тасаелла охьакхийтира со. Оц меттехь со самаелира. Кхераелла егош йара со. Йа Аллах дикан де ахьа иза аьлла юха д1а йижира со. 1уьйранна Маремас самаяьккхира со. Цхьа тамашийна малх схьакхетта б|аьстенан хаза 1уьйре яра иза. Сайгара бала биц беллера суна,и дукха хаза хиларна.
-Буьйса д1а муха ели хьан,Марьям?
-Дика д|а елира,Амаль! Хьайниг муха елира?
-Альхамдулиллах,дика д1аелира. Цхьа тамашийна г1ан гинера суна,ма ч|ог1а кхера елла самаелира со буьйсанна и гич хена.
-Вайъ,дийца. Дала маликаш дикнарг дойла.
-Собар де,Марь! Собар дееееее. Ламаз,истихар ламаз аса селхана дина долу. Йа Аллах!
-х1ун хилла? селхана дира ахьа иза,Амаль?
-динера дера. Йа Аллах,Марь. Х1инца кхийти со. Аса селхана и ламаз дина дера гиний теша суна и г1ан?
-Гина хила мега хьуна,Амаль. Ваааааа,дийца соьга.
Дерриге ма дарра д1адийцира аса цуьнга. Т1аккха ойла йан юьйлира со боккъалла,цуьнан маь1на лоьхуш.
-Марь,и к1ант тхойшинне шинне г1енах гина ма ву. Меца и хилча,хьогалла цуьнгахь хилча,Дала цуьнгахь и хьал ду хоуьйтуш гайтина'м дац теша суна и г1ан?
-Йа Аллах Дела,Амаль,и хила мегш ду'кх хьуна.
-Муха? хьаьнга х1у ала деза аса,Марь?
Хьагалло,я мацалло лаьцна теша иза,Марь?
Дагехь хорам бара сан. Цуьнгар хьал муха хуар дара теша бохуш. Маремас элира,ша цуьнан шичега дуьйца хьуна и г1ан. Кхин цуьнгар хабар дац,ладоьхуш 1аш ду шаьш элира цо.

Цу буса Марьям ше ц|а яхара,нана чоьхьаелира.
-Амаль,хьо х1у деш ю?
-Х1умма деш яц нана.
Делахь,сай телефон схьаехча х1у дара теша аьлла дагадеънера суна. Эхь хеташшехь хаьттира аса...
-Нана,бехке ма ларахь иштта аларна,телефон схьалур яцара ахьа?
-Хьуна оьшучу хена аса лур ю хьуна.
Не1 т1е къоьвлина д1айахара иза.

fcddc20cbf26991911a57a9b7a4450c8.jpg

Дог 1ойжира са. Давис,соьгара х1у даьллера теша бохуш,са-сайга луьш метта елира со. Цу юккъе ши-кхо де делира. Ненан телефон т1ера д1а тухуш Маремега хоьттуш цуьнгар хьал,хан текхира аса. Кхин хийца'м хилла х1умма дац олура. Цхьан буьйсана нанас элира,Амаль,схьаэца хьай телефон. Кхин со реза йоцуш хьоьгара х1ума далахь,и кхин хьоьгахь цкъа а хира яц хьуна аьлла,д1айахара иза.
Йа Аллах Дела,даьллера сан самукъа. Йа Аллах,ма дика ву хьо. Альхамдулиллах,Баркаллах| хьуна сан дог хьастарна. Дог деладелира сан. Сихонца схьалатийна иза,Маремега яз йира аса. Ч|ог1а хазахеттера цунна а.
-Марьям,хьайн мел хуург соьга схьадийцалахь,цуьнгахь муха хьал ду аллахь соьга.
-эра ду дера Амаль. Самагаттде.
____________________________________

Цул т|ехьа со д|айижира. Буьйсанна дика хан яьлла хан яра иза,Маремас соьга телефон етташ хезна самаелира со.
-Амаль,Амаль. Чуйала.
-Х1ун хилла,Марь?
-Амаль,самаваьлла боху.
-Йа Аллах...Сан дег1е деан зуз.
-Цуьнан шичас хьоьга д1ахаита бохар хьуна,Амаль.
Альхамдулиллах хьуна Везан Дела!
Ахь сан хьаьстина долу дог. Йа Аллах Дела,сан до1ан жоп дели'кх ахьа. Сов даьллачу хазахетаро б|аьргара хиш 1ена дора сан. Кху дуьненахь соьл ирсе йо1 я юй теша аьлла,оццул ирсе яра со цу м|аргонехь.

ee683370e2d90a932f2b9d6763aa8357.jpg

Х1уа дича наб ца кхетара суна. Делахь деза аса суннат ламаз дан,Аллаха сан хьаьстинчу даган цуьна диканца бекхам бан аьлла ламаз эца чу йахара со. Сайна Дала цхьа дика ма дина даимна суннат ламаз дора аса,цо сайна деллачуьнна сой хастам беш юй хаита. Ламаз дина со д1айижира. |уьйранна саг1ийна х1ума йала араелира со. Тхуна гена доцуш 1аш цхьа йоккха стага яра. Ч|ог1а оьзда а ,г1иллакх долуш. И йолчу йахара со. Цхьа доггаха саг1а дира цо иза. Хьай дагахь мел дерриг кхочуш хуьлийла хьан бохуш. Амин йа Аллах Дела,хира дац теша бохуш ц|а йахара со. Арахь 1аьржа елира,нанас элира,вай хьошалг1а доьлхуш ду хьуна тахана Амаль,кечам бийра ахьа. Дик ду Нана,аьлла чу яхара со. Сан уггаре хьоме шичой бара уьш. Царга бен тхо сих-сиха доьлха ца доьлхара. Ч|ог1а кхаъ хуьлура сан даган цаьрга доьлху аьлча. Д|акхаьчча Яха,Фатима доьхьал елира суна. Царшинне гуттара хаза ма хетара со еъча. Цхьа ша тайпа самукъне,хаза йоккхура оха цхьаьна йоккхуш йолу хан. Бераллехь дуьйна дара тхо бертахь цхьана схьадог|уш. Цкъа а вовше вас еш дош аьлла,я хьаг1 гамо а йоцуш,оьшучохь вовше тешаме накъостий долуш схьадог1уш дара.
Амаль цкъа яа х1ума йиъна хира яц аьлла елаелира,Яха. Сан хьошалг1а яхча яа х1ума юуш ч1ог1а самукъа ма долура. Ц1ахь яа х1ума йиъна яцара хьуна со оле даима,охьа хуура со.
-1уьйранна дуьйна'м яцара,Яха!
Ша верриг соьхь воьлуш вара.
Яа х1ума йиъна тхо чу дахара. Тхайн вовше къамелаш деш 1аш долуш,сай телефон схьаялар дийцира аса. Массарна ч1ог1а хазахеттера.
____________________________________

__________________________________
Делахь,сай телефон т|ера цуьнга дош ала кхин дагахь йацара со. Юха а нанас цхьа хума хаалахь иштта атта дуьтар дацара. Къайлаха Маремега хоттуьйтура аса. Цу буьйсанна ч|ог|а самукъне хан яьккхира оха. Нанас ц|а доьлхуш ду вай аьлла сайна т|ех|ума юхуш сени чу елира со. Массаьрца |адика йина,тхо ц|адахара. Ц|а ма кхаьчна суна сихонца наб кхийтира. |уьйра ламазан самаяьлла,яа х|ума йиина уьйт|а нуй хьакха араелира со. Цхьана м|аргонна коьртера ца долура сан,цуьнгахь х1у хьал ду ца хаар. Сихонца г|улкх д|адерзина со чуйахара. Меремас телефон схьайиттини хиллера соьга,х1ун хилла теша аьлла дагчу кхерам тесира сан,сихонца д|атуьйхира аса цуьнга.
-Ало,Марьям?
-Х|ов ю,Амаль?
-Марь,х1уммам ца хилла?
-Амаль,цхьаъ ала тоьхнера аса.
-Схьадийца?
-тахана кхи а воле ю бохара хьуна цуьна,цхьан к|ирнах ц|а воитар ву бохар.
-Вайъ,Альхамдулиллах,Далла бу хастам. Ма хаза кхаа баьккхи ахьа соьга.
-Амаль,хьай телефон т|ера х1умма ма йазъелахь,доьху хьоьга,аса ч|ог1а са гат до хьуна.Ларлуш хилалахь!
-Дал мукъ лахь,хира ю,Марь! Самагаттде.
-Мегар ду т|аккха,Амаль! Доьшучохь яра со.
-Мегар ду,Марь! Хьожуш хила.

Цул т|аьхьа к|ира сов хан елира. Х|ора де дара аса цхьацца минот санна лара деш. Х|инц- х|инц цуьнгара цхьа хабар кхочур ду сайга бохуш сатуьйсуш |аш йара со. Марьям еънера тхоьга цхьа ц|еххьана.
-Амаль,телефон чухула дийца ца хоьттира со хьоьга,и ц|ахь ву хьуна. Хьо х|у-а дина сайца ара яккха езаш ю хьуна аса тахана. Хьо га лууш вара иза.
Дег|е зуззз. Тамашийна дара суна.
Делахь,кхин ойла ца ялора соьга. И Аллах Дела ву'кх гуш сан дагахь дерг. Суна и везар а,эшар. Тхойшинне дегнаш чохь богуш болу ц|еначу безами дуьхьа,цо со лар а йира ю аьлла,со кеч яла йолаелира.
-Марьям,сих т|ера хума хуьйцу аса. Кхин кечлуш бедарш йоха яьхьар яц со. Х|орш мегар ма ю,юй?
-Деррааааа,ю'кх.
Цхьа тамашийна схьахьаьжира соьга,Марьям. Юха сайга куьзган чу хьаьжира со. Дог |ойжи са ц|еххьана. Йа Аллах,соьгара х1у даьлла хилла теша бохуш,со-сайга луьш месаш шар йина,сайна ч|аба йан йолаелира со. Цкъа кхин йо1арий санна кеч елла,я хаза бедарш юьйхина араяьлла яцара со цунна. Даиман сихаллехь наггахь ненан жигетка т|ехула юхий ара йолура со.

35f7e19a34f103b7c1f3bf4ae27f6f44.jpg

Нене муха эра дара теш бохуш лаьтташ яра со. Маремас элира нене,тхойшиъ туькан яхан цхьац беэ -мерза яа х1ума эцна схьа йан мегар дари аьлла. Ваша ц|а ма веъна и вохитар ву аьлла доьхьал елира нана. Марьям новкъ деъна чу йог|уш гича.
-Дика ду,Марьям! Дукха ма |елаш шиа.
-|ира яц хьуна.
Марьям ч|ог|а хьоме ма яра Ненан. Тхойшиъ сихонца араелира,хьалха лаьттин чохь  лаьтташ ву ша аьлла Маремега телефон туьйхира цо.
Д|акхаьчна цу урамехь лаьтташ вара иза,мел хилларг сан дагчуьра'м минотехь ма дайна. Йа Аллах,Йа Аллах... Дог ду сан детталуш цхьа сацам боцуш.  Юьхь-доьхьал цуьна ца хьаж ло со,т|аккха инзаре хьажа лаьа суна.
-Амальььььь,х|унда кхоьллина хьо иштта суна еза? Х|унда кхоьллина хилла хьо,ала?
Дег|е зуз деъна са. Дош ца даккхалора соьга.
-Ма ца моьттара суна сайна хьо кхин гур ю аьлла.
-Сунам хаара хьуна!
-Эццахь Дала сан са д|а эцнехь хумма ца хетара суна,цкъа хьо га,цкъа хьан б|аьра хьажа,цкъа хьо доггаха къинтера йаккха со бахьан ахь мел лайначуьнна. Сан дуьхьа хьан мел дохинчу дагна. Сан дуьхьа хьан б|аьргара мел баьллачу т|адамна. Кху дуьненахь кхи хьуна дина дика доцуш цо сан са д|а ца эцчехь,кхи х|умма ма ца эшара суна.
-Ма ала иштта. Аса лайнагам хало яц хьуна.
-Хьан даган,хьан сел жимачу даган ма хало ю'кх иза.
-Ахь со х|унда йитнера иштта |ад? Х|унда йитира ахь со сой? Цхьаналлехь хьо воцуш? Сан ма дацара хьо бен кху дуьненахь герга адам. Аса х|у аьлла ловр дара иза.
-Амаль,д|адаьлла иза. Схьажа соьга.
Хьалахьаьжна цуьна б|аьра хьаьжира со. Ма дукха х1ума доьшура аса цуьнан б|аьра хьаьжча. Йа Аллах Дела,муха вуьтар ву аса иза? Муха д|а доккхур ду аса цуьнца дерг? Сан са. Сан сина дакъа и хилча. Хуьлари теша цхьаннена а иштта. И га моссуз го кхи а цуьнах йолу ойла алсам йолура сан. Кхи а дагчувуьжура суна иза. Цхьа ша-тайпа меттиг д|алоцура цо сан дагчохь. Тахана кхин а алсам везавели'кх хьо суна олий сайн ц|а йоьдара со.
Ойланашка яьлла |аш яра со.
-Амаль,хьо стенан ойла еш ю?
-ааа? Х|у бахар ахьа?
-хьо стен ойла яьш ю бахар?
-сунам хаац.
-|алееее,суна'м коьртера даьлла. Тхойши туькан йоьда аьлла ара яьлла ма яра.
-т|аккха? ааааа. Д|а йаха еза бохи ахь хьой?
-х|аъ,кхин хье лойла ма дац сан.
-Амаль,хьуна х|уммам ца хилла?
-дера ца хилла,и х|унда бах ахь?
-цхьа тамашийна юьхь хийца ели'кх хьан.
Ткъа сан дагахь дерг сай ц|а яха езар,кхин и хенахь гойла ца хилар ма дара. Юха а цуьнах хьегар,и га йиш йоцуш цуьнга сатийса дезар.
-аааа,хьоьга ала диц ма деллра суна. Нанас телефон схьамаелира соьга.
-хиира суна,Амаль!
-амма цу т|ера...
-Хаьъ,хаьъ суна,Амаль! Хьа йиш йоций хаьа суна. Самагаттде. Кхета со. Ларлуш хила,кхи д|а дериг аса нис дира ду хьуна.
-Дал мукъ лахь,и нийсса лур ду хьуна...
-Дал мукъ лахь,Амаль!
-Кхин |а ца яьхьа со,сих д|а ца г|ахь.
-Собар де,Амаль,аса хьуна х|у еъна хаьий хьуна?
-Х|у еана?
И цо олушшехь бера санна елаелира со.

5b721ac5e24918d4013c5b1cddcac193.jpg

Машен не1 схьайиллина пакет схьаийцира цо.
-и х|умш х|унда лела до ахь?...
-моьттура дац хьуна уьш ца езара)
-д|авалахь.
Боккъалла,Дала саг|а йойла хьан уьш. Эхь ма хета суна даимна аьлла,цуьнгара т|оьрмиг схьаийцира аса.
-Амальььь..
аьлла велавелира иза,цхьа х|ума гайти хьуна. Йа ма гайтита,ц|а ма йахна хьожур ю хьо.
Воьлучура ца соцара иза.
-Вайъ,х|у ю теша иза...
аьлла елаелира со а.
-Дика ду. Со йахара т|аккха. Дала саха дойла ахьа мел лелинарг.
-Д|айала,доккха х1ума дацара иза''м.
Ц|еххьана юхайирзина цуьнан б|аьра хьаьжна,елаелира со. Кхи веза меттиг йан юй теша хьо кху сан дагчохь аьлла сайна дагахь,д|айахара со.
____________________________________

Чукхаьчна со,Марьям а.Нана яра сени чохь лаьтташ.
-Марьям,хьо д|а йига аьлла хьуна аса,хьай кечам бе.
-Со,со д|а йиги,Деца? Х|унда?
Йа Аллах,ма ала юха а гина тхойшиъ. Цхьа тамашина схьахьоьжуш йара нана соьга. Амаль,хьо хьай чу г|ол элира нанас. Дег|ера са д|аделира сан. Цхьа тамшин хилира суна. Йа Аллах,муха? Х|у хилла теша х|инца? Доьху хьоьга,ма хилита ахьа суна моьттург иза... Кхин лалур дац хьуна соьга.
Марьям д|айиги кхин соьца |адика йан ца юьтуш. Сан дагахь х|орам бу,цхьа х|орд а боцуш. Нана чоьхьаелира.
-Амальььььььььььь???????

ce878a369f9cc72d1a1b597b3da0bb01.jpg

6 страница8 марта 2022, 14:03

Комментарии

0 / 5000 символов

Форматирование: **жирный**, *курсив*, `код`, списки (- / 1.), ссылки [текст](https://…) и обычные https://… в тексте.

Пока нет комментариев. Будьте первым!