5 страница15 февраля 2022, 13:17

5-я глава!📜


Делахь,кхин да х1ума дацара. Маремийн ваша схьакхечира,цуьнан т1аьхь яьлла со чоьхьаелира. Сой йисча,цхьа тамашийна сингаттамо лецира сан дог. Йа Аллах,хьо гуш ву'кх дерриге,диканца чеккхе хилита ахьа кху х1умана бохуш,пена т1е д1а тоьхна долчу суьртан т1е хьоьжуш наб озийра суна. Цул т|аьхьа к|ира сов хан елира. Кхин сайн да х1умма ца хиларна,эххаре дерриге диц а дина хан йаккха йуьйлира со. Диц делла аьлча'м нийса хира дац. Доггаха дезна адам дицлуш,дагара долуш гиний шуна цкъа а?
Бехке доцчу сан экаме даган мел дина долу халахетар,цу нехан меттанаш тхойшинне дохина долу дегнаш. Сай жима хиларе терра,ц1еначу ойланца цуьнца тешна йолу со. Дено-денна ницкъ кхачалуш бара сан цуьнан ойла мел йо. И дерриге хьал уггаре Дикачуьн кара д|аделира аса.
Уггаре дикачу,Делан кара!
Цу юккъе бутт сов хан елира,зазадоккхучу (март) беттан цхьа къеггина хаза де дара иза. Синтарш дара цхьа хаза заза даьлла лаьтташ. Суна уггаре хазахета хан яра иза. Тхо х1ора а шарахь сада1а доьлхура цу хан чохь,гергарнаш вовшах кхетий,ц|еран т|ехь яй боккхуш,нанас цхьа бовха хьокхамаш доттуш. Цхьан шина дийнахь г1ура ду вай аьлла,цхьа хаза кхаъ баьккхира дадас. Тхо массо шичой вовшах кхетта,биэ-мерза йаа х1уманаш эцна тхо новкъа доьвлира. Марьям ганза бутт хан а йаьллла хира яра суна,тхойшиъ цхьаьна машен чохь нисъелира. Хиллариг,лелларг дуьйцуш,цхьа тамашийна и некъ бац а луш д1акхечира тхо. Дада сихонца дечиг дага дан д|ахоьттира,яй х1ума т|е йиллина чорпан яй баьккхира цо. Аренца,дечиг ц1ер т1ехь йина йолу юуург цхьа ша-тайпа чам болуш ма хуьлура. Ч|ог1а чам тайна юууш дара тхо. Арахь 1арж луш йара,тхо барт бина дара хан яьллачу хенахь бен ц1а г1ура дац аьлла. Х1унда аьлча,буьйсанна цигахь ша-тайпа хаза хуьлура. Арахь 1арж елира,жим шел а елира. Маремас элира соьга,вай машен чуьра вайшинне т1е таса юьрг1а схьада. И т1е а тесна,ц1еран хьалха 1аш яра тхойшиъ. Ц1еран ало хьажа чу уьйзуш,бераллехь дуьйна ч1ог1а хазахетара суна цуьнан хьожа . Дада т1евеара,тхойшинне чай дохьуш шина такан чохь. Цхьа тамашийна и сурт гуш,1аьржа хьуьнахь,йогуш ц1е,сингаттам хьоьвзийра сан дагчу.
Мел дукха ойла йарах,ца тарлора сан дагчу,ц1еххьана и д|авалар. Цхьанне кепара со х1ун деш ю,соьгахь муха хьал ду ца хууш 1аш ву теша иза бохуш ойланаш еш со 1ашшехь,ванах,цхьа байт йазъяй аса аьлла коьрте деънера суна. Аса сайца т|оьрмиг чохь деъна кехат а къолам дара. Коьрте оьху сан и дешнаш,уьш цхьанхьа д1айаздан лууш
Цу ц1еран суьрте хьоьжуш,сайн дагахь мел дерриг д|айаздан йолаелира со.

4a958f76cabefd90113d59b9b97f61cf.jpg

____________________________

«Дагалецамаш»
Еларца сай бала къуьйлуш со'м лийлира,
Доьхначу дагна кхи дарба ца хиларна,
Шуна моьтту деза адам, массийтта хуьлу,
Цуьнна маь|на хууш верг,ванне а ца хуьлу...

Ца боху |аламат дикалла сайца ю,
Г|иллакхца массарел тоьлла ю со,
Амма доггаха сайга кховдина тешам,
И йаллалц лар бан а,реза со ю...

Дара и масситта шо хьалха долийна,
Оьздачу некъаха цхьа хаза доьзна ,
Ц|еххьана кхи бахьна даьлла а доцуш,
Дохийра сан дог ахь,кхи г|о дан стаг воцуш...

Ма тешийна елара ахь хин доцучу ирсах,
Ма |амийна делара ахь,безаман |илма,
Тешаза елар со х|ора хьан дашах,
Дог дагош,дог |ехош ахь дийцина долу.

Ахьа'м соьга олура,сан б|аьра хьожий,
Хьайн берий амалца сан дагчу йижнарг,
Сел экаме,жимачу,хьан ц|енчу дагна,
Х1у аьлла новкъарло йира ю ткъа ала?

Дагалецам хилла,и дерриге д|адели,
Сан хилла ойланаш паналлехь йиси,
Айхьа лелинчу харцонах цкъа маццаа кхетар ву.
Ца кхетахь,Сийлахьчо ма ч|ог1а кхетор ву!

Даггара д1а уьдура сан и дешнаш,цул т1аьхьа кхийтира со,и са х1ума дари. Юх-юха йоьшура аса и байт . Ца саца лора сан б|аьргара хиш.
Муха? Муха хили иза? Кхин цхьа бахьан доцуш,кхин нислур доцуш д1адели теша иза?
Х1ун ойла йолуш дагахь 1аш ву теша иза? Йа кхин соьца х1умма ца дезна юхавелий теша?
Марьям яра схьайог1уш,б|аьргара хиш д|адаьхна,кехат т1оьрмиг чу диллира аса. Вай ц1а доьлхуш ду бах,кечам бан беза вайшиммо аьлла Дада волче т1ейахара тхойшиъ. Жиммал самукъа делири шу элира Дадас. Ч|ог1а хаза самукъа делира Дада аьлла,тхойшиъ машен чу хиира. Ц1а доьлхуш некъахь,коре таь1на ойланаш я
йан юьйлира со.
Маремина гуш йара со,цхьаъ дика доций хаар суна. Делахь,кхин цуьнга х1умма дийца ца лора соьга, даимна сайн бала бийцина ера яц со аьлла,хенаца сай кийрахь къуьйлур ду аса аьлла.
-Амаль,Хьуна х1умма'м ца хилла?
-Ца хилла Марьям,и х1унда бах ахь?
-Хьо кхоьлина х1унда ю?
-Дера яц со'м.
-Дала ма хуьлитийла хьо!
Ца соцу сан б|аьргара хиш... Х1ун хилла аьлла сайга хаттар дича'м,кхиъ елха дог ма дог1ура сан. Делан къинхетамца тхо ц1а кхечира,массерийн буьйса декъал йина сой йолчу йахара со. Сайн дагахь цхьа ца там хилча,лаг шад хуттий воу хуьлура суна. Ишттачу меттехь сой йиса лууш хуьлура со даимна. Чу ма йахана метта йаьлла,кхин дацар соьхь собар боккъалла,доггаха йилхира со.

65d9aebc58919ad32b1bcda3c43a2cc6.jpg

Делахь,цхьан х1уман ойла йора аса. Цхьа Дийцар дара; «Цхьан стага дезткъе ткъайассна адам де а дийна,велча Дала барт хаттар доцуш Ялсамане вахитин аьлла. Цец дойла уллера Маликаш хаьттина,-«Йа Аллах,х|ун бахьан ду? Муха йилли ахь цуьнан ялсаманийн не1арш схьа? Дала жоп делира аьлла,-«И т1аьххьаре цо вина волу стаг,вовше дезаш долчу шина адми барт бохо воьдуш хилла волу стаг вара аьлла»
Ма доккха х1ума ду иза. Дог тешна йара со,цхьам цхьаъ аьлла и юха ваьлла хира ву аьлла. Делахь,даган синтем ма ца хуьлура. Дезачу адме сатийсар мел хала х|ума ду хуур дацара,со хилчу хьолехь ца хилчуьнна. Истихар ламаз дан деза аса аьлла,цу т1ехь доггаха Деле дехна,-«Йа Аллах,дуьне-латтий хьайн карахь долу Дела,муьлхха а хьал хийца ницкъ болуш волу Дела,доьху хьоьга,г1енах я самах цхьа бахьан хоттаде ахь суна. Шина баттан чохь мичхула лела теша иза,йа со йиц йина лела теша,йа кхечуьнца ирс кхолла воллу теша? Йа цамгаро лаьцна теша? Йа кхечо дог хьоьстуш веха теша? Доьху хьоьга,ло ахь сан до1ан жоп.

Со 1уьйранна сама елира,кхин г1ан а ца гира суна,т1аккха самах цхьа бахьан хоттадан воллу теша Дела суна бохуш,са-сайга луьш мотт д1а нис беш йоллуш яра со.Йаа х|ума яа уча чу йахара со,нанас мохь туьйхира...
-Йо1,Хьой йаа х1ума йиина ма яьлла,жимах волчу вешица туькан г1олахь.
-Г1ура ю нана.
-Аса эца езарг д|айазъйина ю хьуна.
-Мегар ду!

Йовлакх т|е а тиллина,ненера кехат схьа эцна араделира тхойшиъ. Туькан чохь цо эца мел аьлларг чу юьллуш лаьтташ йолуш со,Цхьа К1ант чоьхьавелира. Кегий берашна саг1ан мерза х1уманаш йоькъуш вара иза. Ткъа иштта бепиг дара цо баккхийчарна доькъуш. Цу чохь йолу зудчо хаьттира цуьнга,хьан т1ера саг1а доккхуш ву хьо к1ант?
Дала саг1а Дойла ахь мел динарг.
Вешина т1ера саг1а доккхуш вара со аьлла жоп делира цо.
Вай,Х1ун хилла Хьан вешина ,кхераме х1уммам дац?
Цхьа операция юха е аьлла,шолаг1 йан д1авигнера иза,и ца лайна кхин ши б1аьрг схьабиллина бац.
Йа Аллах Дела,Йа Аллах Вала хьо орцаха бохуш гуонхьа мел верг ву.
Сайн т|оьрмиг чу ерриге чу йиллина дехьа елира со. И дуьйцург хиллера цуьнан ваша. Тхан школехь тхоьца цхьанне дешна вара иза. Иштта дагавеънера суна иза.
Сан карара т1оьрмиг охьакхоьссира аса цецъйаьлла. Йа Аллах Дела,муха?? Муха нисъделла иза? Сан дег1ера дерриге са Д1а делира. Ницкъ бацара Соьгахь охьабоьжна и т1оьрмиг схьаэца а. Ваша т1евеар суна,хьуна х1умма'м ца хилла бохуш. Багара дош ца долура сан.

c06f9832d223f61d53dd0c21c0e8ed83.jpg

Сихонца Ц1а йахара со.
Орца деха стаг вацара сан,я дагара дийца цхьа а вацара. Дала бахьан хоттийна'кх суна бохуш,дог1а д1а тоьхна сой йолччу йахар со. Дагехь хорам бара сан.
Айса х1ун дира ду ца хууш лаьтташ яра со,цхьана метте хьоьжуш. Маремега аьлча х1ун дара теша аса сой йолче йола аьлла,вешега сайга цуьнга телефон тохийта аьлла и волчу йахара со.
-Марьям,со йолчу я йиш хира яри хьан тахана?
-Х1уммам ца хилла Амаль?
-Х1ан х1а.
-Аз ма тамшина ду Хьан.
-Марьям,йола,ч1ог1а эшара суна.
-Ас х1инц нене олу хьуна,собар делахь. Амаль,суна хаа хьуна цхьаъ хилли . Уллехь цхьаъ волуш х|умма Ала йиш яций хьан?
-х1аъ.
-Мегар ду. Со д1а йог1у хьуна х1инцце. Ма хилалахь холчохь. Ша дерриге Дика хира ду Хьуна.
Телефон веше д|а елла Сой йолчу йахара со.Б1аьргара хиш ца совцура сан. Ца дуьтура сан даго и т1е. Х1ан-х1а,хуьлийла дац,иштта чеккхе кечъйина хилла хира ма яц ахь суна Йа Аллах Дела бохуш со 1ашшехь,Марьям чу елира. Альхамдулиллах,кийрара берриге бала д1а баьлча санна дог парг1ат делира сан.
-Ма Дика ду хьо схьаеан.
-Х1ун хилла Амаль?
Дерриге хьал дийцира аса цуьнга,холчу хоьттина т1ера бос хийца беллера Мареми.
-Собар де Амаль. Церан шич ма йара тхоьца доьшуш. Цуьна хуур ма дара цуьнгахь долу хьал. Цуьнга хаттий аса.
-Хатта Марьям.
Маремас телефон д1а тоьхна хаьттира цуьнга,цуьна х1ун хилла? Муха хьал ду цуьнгахь аьлла. Х1инци сама ваьлла вац иза. Ма ч|ог1а холчохь ду тхо,цо олушшехь сан б|аьргара хиш 1ена дуьйладелира. Ше ма хуьллу со те йан г1ертара Марьям. Ц1еххьана нана чоьхьаелира,шун х1ун хилла аьлла?
Маремас дерриге хьал д1а дийцина нене. Ч|ог1а холча хоьттинера нана,и дерриге х1ума карла даьлла,Дала воле йойла цуьна Везан Дела аьлла нана араелира. Набарна ши б|аьрг т1ебоьдуш бара сан,йилхча'м суна берана санна минотехь наб ма кхетара. Маремина соьл хьалххе наб кхийтира. Со ламаз эцна чу еар,суннат ламаз дийра ду аса цуьнан т|ера аьлла.

________________________________
Доггаха дийхира аса,-«Йа Аллах Дела,ма хилийта ахь иштта чаккхе кху х1уман,доьху хьоьга,айхьа цхьана сан до1ан жоп лур делахь,цхьан до1ан жоп лахьара ахь,воуле е ахь цунна. Иштти вовше хьаьгна долу тхойшинне дегнаш,шиннах цхьаъ хьайна герга д1а виган ма хьега дахьара ахь. Йаздинарг хийца ницкъ болуш волу Везан Дела,аса доггаха доьху хьоьга,
йа цхьана дийнахь далар нис де ахь тхойшинне,йа цулла хьалха сан са д1аэца ахь. Сан ерриге могшалла д1а лой,метта ваита ахь иза. Шерашкахь соьхь хьоьгуш,бехк боцуш,безамца соьга хьийжина долу цуьнан б1аьргаш,
Йа Аллах х1ун бехк бара теша цера,ма къовлита ахь уьш цуьнга массо ханна д1а. Тхойшинне ма вацара хьо бен накъост. Хьо бен ма вацара тхойшинне деха,тхойшиъ цхьана тоха,тхойшиъ къасто а. Дуьненахь ахь йаккха мел елла йолу хан вовше хьоьгуш йаккха реза ю хьуна со. Кхин цкъа цуьнца сой ца хилахь. Дено-денна б|аьрхишца йаха реза ю хьуна со,и б|аьрхиш цуьнан каш т1е ахь соьга 1ена ца дайтичахьани. Хьан дуьхьа дезна адам ма дара суна и Йа Аллах,хьоьл дукха дезна х|умма ма дацара. Сан дагахь мел дерг гуш верг хьо бен вац. Цуьн са айхьа д1а эцначу минотехь,д1а эца ахь сан са. Йа Аллах Дела,Цхьан дикане дуьгуш хира дац теша ахь тхойшиъ. Оццул вовше хьаьгна долу тхойшинне дегнаш,церан х1ун бехк бара теша? Х1ун къа латинера теша охашиммо? Кху дуьненахь цхьан адмехь айхьа къинхетам бийра белахь,бе ахь цуьнах Йа Аллах Дела. Сан дац Хьуна цулла герга адам.
Сан дац Хьуна и вацахь дахар а .»
____________________________

dc62377edf2e08de69904de020f76834.jpg

Юха а цу буьйсана «Истихар» ламаз а дина,юха а Дела цхьа бахьан хотт де ахьа аьлла деха дехна д1айижира со.
1уьйранна сам йаьлча со. Марьям соьлла хьалхе г1еттина яра.Цхьа тамашийна кхоьлина 1уьйре йара иза. Дог1а дара сацам боцуш дог|уш. Ткъесс дара детташ. хьалхарчу дийнахь дуьйна цхьа рицкъ дацара сан кийра дахна. Хи мелла,соьга х1умма йаълура яц аьлла со йолчу йахара со Маремиц. Луьш олуш арахь 1арж елира,кхин дог1а дацара соцуш. Корт ч|ог1а лазбаьллера сан. Йиан яъ х1ума йоцуш. Чай мукъан мала Амаль аьлла Маремас,кухни чу яхара тхойшиъ.
Ваша чоьхьавелира,дог1ано т|адавина вара иза. Нана аьлла мохь туьйхира цо,нисс така кара лаьцна хи мала йоллуш йара со.
-Ванах,вайна дехьа юккъехь тезет даьлла? Ма дуккха машенаш яра цигахь,мехьарий хьоькхуш зударий.
Хьуна х|уммам ца хаьа?
Дег1ера са д1адаьлла,сай карара стака охьадужуш,Маррррььяммммммм аьлла мохь хьаькхира аса....

d04f37db9141f9648985cf3a2544e36d.jpg

5 страница15 февраля 2022, 13:17

Комментарии

0 / 5000 символов

Форматирование: **жирный**, *курсив*, `код`, списки (- / 1.), ссылки [текст](https://…) и обычные https://… в тексте.

Пока нет комментариев. Будьте первым!