4-я глава!📜
Дог дара сан детталуш,ара эккха доллуш санна. Сайн дагахь,-«Йа Аллах Дела,ма хилийта ахь суна моьттург,хьо бен вац хьуна сан накъост,йа и хилахь,хьай хазачу къинхетамца лара елахь ахьа со бохуш» со |ашнехь,ваша чоьхьа велира. Нанас хьо ц|а яла е аьлла ваитнера со аьлла.
Марьям доггаха мара а йоьллина.
- Самагатде Амаль,со ю хьуна Хьан,со ю хьуна уллехь. Муьлхачу хьолехь,диц Ма делахь. Хьай х|ун хилара хаитлахь суна аьлла,со араелира.
Чу кхаьчна со,т|ера х|умнаш хийцина,нана йолчу йахара со.
Схьайоьл,охьахаал аьлла нанас ладог|а охьахиира со.
-Амаль,цкъа а хьуна Цхьа а х|ума кхоа диний ас?
-ца Дина.
-Йа цкъа цхьанне х|уманах хьега йиний аса хьо?
-ца йина.
-Т|аккха хьай нена дош т|ера йаллал х|ума дара иза,Ахь тахана динарг?
Ала дош дац сан. Леггехь х|орам бу сан. Цхьа х|ума новкъадеъча сайна,багара дош ца даккхалуш,хорам хуьли,б|аьргаш чу хиш дуьссий д|а х|утта со.
-Со даимна хир ю хьуна Хьан накъост!
Амма хир яц, хьуна хира дац аьлча х|уман т|ехь!
-Нана,соооо.
-Кхин дош ма даккхалахь.Хьайн телефон Соьга схьа лой,Хьой йолу чу г|о.
-Нана,муха?? Вай соьгара х|ун даьлла?
-Амаль,телефон схьало!
-Дика ду! Аьлла. Сой йолчу чуйахара со.
Нисса пхьуйра ламазан мол вара кхойкхуш. Сихонца Сайн ламаз эцна,ламаз дан д|ах|оьттира со. Айса Дуьххьара ламаз дечу хенахь дуьйна,цкъа иштта доггаха дина ламаз дан дуй теша аьлла,дуьхара аса Деле б|аьрхиш ца сецалуш.
-Везан Дела,соьгара х|ун г|алат даьлла хилла теша,я и сов везар бехк бара теша,хила йиш ца хиллал Х|ун бахьан хилла теша цу юккъехь? Сан дагахь ма хорам бу. Ма йита со Кху хьолехь иштта. Хьо бен ма вац сан деха. Хьо бен Ма вац дала,я даккха. Хьо бен Ма вац со мел къиношшах йоьттина хиларх,хьай хазачу къинхетамца суна геч Дина со т|е лоцур верг. Т|аккха лохьа сан цхьана до1ийн жоп. Хьай хан йиллан 1аш хира вуй суна хаа хьуна хьо. Вала суна орцаха юха-т|аккха. Сан вац хьуна хьо бен накъост,АЬлла. Т|аьххьаре ламазан куз д|а хьарчийна,метта елира со. Цхьана метте хьоьжуш,ойланаш еш со 1ашшехь,ц|еххьана коьрте деарсуна,ванах цо Соьга елла хилларг х|ун яра теша аьлла. «Хьайн Уггаре дог доьхна,де эшна де даг|ахь бен схьа ма йасталахь х|ара»аьлла. Хьалаг|аьттина,сайн курткан киснара схьаэцна,схьадаьстира аса и кехат.
Цу чохь ерг га ма гинна Цхьа тамашийна дог |оьвжира са...

Дал мукъ лахь,собаре хира ю'кх Хьуна со,собаре кхочуш х1умма дац,аьлла. Сайн буйна йоьллина юхнехьа д1айижира со.
Сатосуш хьалаг|аьттира со,ламаз а Дина,йаах|ума яа охьахиира со. Арахь дог|уш ло дара. Ша верриге вижина ву. Со яра сайна довха чай доьттина,бе -берза х|уманаш охьайихкина стол т|е чай мала йоллуш. Цул т|аьхьа чохь цхьацца г|улкх дан хоьттира со. Йаах|ума йина,Ша дерриге Дина яьлла со Сайн чуйаха йоллушшехь,Тхан да вара Суна дуьхьала вог|уш.
-1уьйре Дика хуьлда Хьан!
-Хьаъ хийла и йо|,дукха ехийла!
Цул т|аьхьа сой йолчу чуйахна,ойла йан охьахиира со. Ванах и кхана операци йан воьдуш Ма ву,цуьнгар хьал муха хуур дара теша Суна бохуш. Я Марьям йолче йохитар Ма яц со кхин аьлла. Телефон х|уъ Дина схьа йалита х|у дира дара теша аса бохуш со 1ашшехь,нана чоьхьаелира. Кхера елла хьалаиккхира со,сайн Цхьа йага х|умма долуш санна. Цец яьлла нанас элира,ванах йо|,ахь х|ун до?
-Х|умма ца хилла нана. Хьо х|у оьшуш яра?
-Хьан шичи йина де ду тахана,циге кхайкхина ду вай,сарле хьайн кечам беш х|ума дора ахьа аьлла араелира иза. ЦецъЯьлла ойла йора аса,ванах,Мила йина де ду бахара теша цо бохуш,телефон хиллехьара сайгахь хиина хира ма дара суна бохуш са-сайга луьш кечам бан йолаелира со. И хиллера сан хьомечу шичин йина де.Суьйре т|ееъча,нанас мохь туьйхира Соьга,хьан да ву Хьуна схьакхочуш,арайала аьлла. Цхьа хаза |аьнан суьйре яра иза,я 1аьржа йоцуш,я к|айн йоцуш. Ма Ша Аллах аьлла бен хьожуш воцуш. Сихонца Шичерга д|адигира Тхан дас тхо. Уьш бацара Тхуна генахь |аш,амма вашас йа дас цкъа г|аш йо| кертара цхьанхьа метте ца йог|уьйтура. Тхо д|акхечира,хазахетта шичина мара кхийтира со. Сан Марьям юй хиъна цигахь гуттара хаза хеттера Суна.Ишттачу меттехь сан ч|ог|а самукъа Ма долура. Къаьсстина йаах|ума юуш.Цхьаьна чохь 1аш дара тхо,хьан телефон мичахь ю,тахана и кегош гуш Ма яц хьо элира Цхьан шичо. Ала х|умма дац сан...
Марьям Соьга схьахьоьжуш яра,со цуьнга..
Нанас схьаяьккхина элира аса. Ва муха? Муха? Х|ун хилла? Дийца Амаль?? Иштта,иштта дара аьлла дерриге хьал дийцира аса. Кхана операция йан д|а ваха везаш ву иза,цуьнгахь х|ун хьал ду теша муха хуур ду Суна,я цхьаъ хилахь цунна. Собар делла аьлла аз айъадира Маремас!! Иштта ойланаш йан мегар дац Амаль! Аса хьоьга х|ун аьллера? «Даимна дикане сатийса,диканиг хира ду хьуна» хьо кхеттий Соьхь? Юху хаьттира цо,хьо кхеттий Соьхь Амаль?
Цуьнах лаьцна муьлха дош олушшехь сан б|аьргаш хих Ма дузур.
Кхетта Марьям! Кхетта...
Тхан шичарна гена доцуш 1аш вара иза. Нанас мохь туьйхира Соьга,вай д|адоьлхуш ду аьлла. Аса элира Маремега,со йолчу йола тахана,хьан нене аса олу Хьуна аьлла. Араелира тхойшиъ. Х|у-а аьлчи Реза ца хуьлура иза. Кхин дан х|ума ца хилла,со араелира ц|айаха. К|ета елира со ненаца,Марьям Суна т|аьхьа елира. Доггаха и мара йоьллина со лаьтташ йолуш,Цхьан машен сецира цигахь. Цецъяьлла Маремас элира лере таь|на,-Ванах Амаль,и лаьттарг Мила ву мукъан хаьий Хьуна? Вай дера хира вац аьлла цец яьлла со. Цуьнан муха хиъна со кхузе еъний бохуш йолуш со,нанас мохь туьйхи машен чу хаа аьлла. Тхо ц|а кхаьчна,сайна т|ера бедарш хийцина со ламаз дан х|оьттира. -Йа Аллах Дела,юха-т|аккха хьо бен вац хьуна сан накъост,хазачу кхаъца чекх йалийта ахьа Цуьнан операци,со хенаца цуьнан уллехь ца хилахь,дог эца, дог хьаста лар велахь иза Массо зенах-зуламах. Хьан кера д|а ло Хьуна аса иза. Уггаре дикачу кера луш ву Хьуна аса иза. Ма виталахь и цхьалха, ахь со а ца йитар. Мел ч|ог|а тхойшинне цхьана хила яз Дина дацахь,х|ай Везан Дела,доггаха хьайга дехча йаздинарг хийца ницкъ болуш волу Дела,аса мел доггаха доьху хьайна гуш делахь,пурб лохьа тхойшинне цхьана хилла.
Дезачу адмех къастар муха лов теша наха? Йа Суна санна хала дуй теша Цхьаннена? Йа Соьгахь долу хьал хиллий теша цхьаннегахь? Дийнаххьа-м еларца Сай бала къуьйлура аса,Амма Буьйсанна и дерриге карла х|унда долу теша. Йа Буьйса ю теша бехке. Йа иза ву теша бехке Оццул сан даг чохь меттиг д|а лаьцна волу...
Мел кхетийта г|ертарх Наб ца кхетара Суна. Кхин дан х|ума ца хилла,ц|еххьана сайна х|ун дагадеънера ца хаьа Суна,кехат -ручка схьаэцна,стол хьалха охьахиира со. Сой кхин х|ун йазъйан йоллу ойла еш йацара ас.
Дуьххьара Цхьа ши мог|а йазбира аса. Цуьнах лаьцна,сайн дагахь дерг. Цу дийнахь дуьххьара стих йазъйинера аса. Дуьххьара стих муха язъйо хиир Суна. Т|аккха юх-юха йоьшура аса и стих,иштта йазъеш хиллакх х|ара бохуш,цхьана аг|ора дагахь сингаттам бу сан,вукха аг|ора и Сай дукха хаза нисъ елла хазахеттера Суна.
________________________________
«Ца доьг|на ирс»
Ца доьг|на ирсаца къуьйсила доцуш,
Дуьххьарлера безам хьо мел хала бу,
Сатийсина кхане хьоьца хира ю моьттуш,
Шерашкахь лар бина безам хьо бу.
Ас тахана йаздо х|ара кехатан мог|анаш,
Сайн дагахь дериг хьоьга д|адийца,
Цкъа хиъна а,безаман чам хиъна воцуриг,
Кхетар вац сан дашах цкъа а.
Хьоьга болу сан безам бара шовданал ц|ена
Сой жима хилларе тера..
Йиц еш сан жималла,ойла д|а йаьхьна,
Ахьам сан дог йийсаре лецира
Ткъа хьуна моьттура,Ша дерриге ас дуьйцу,
Сан дега дог|а хьоьга атта даккха лур ду,
Сан |аьржачу б|аьргаша хьо муха |ехор ву,
-«Х|ай Къонах,со хьоьллаъ х|илла долуш ю»
Ахьа'м соьга дуьйцура ду,Делаца ч|аг|о еш,
Айха цкъа а къола ца дина,
Делахь а, жимма хьо цецце а воккухш,
Эра ду ас!-«Диъ шо хьалха,са дог ахь лачкъина»...
_______________________________

Ши б|аьрг набарна т|ет оьхуш бара сан. Сахьти т|е хьаьжча кхоъ долуш хан яра. Стогар д|а байъина,со д|айижира. Цхьа тамашийна г|ан гинера Суна.
Цхьа 1аьржа буьйсанна дара иза,арахь Цхьа адамаш дацара,меллиша когаш бохуш цхьана дитташ юккъехула д|айоьдуш йара со. Цхьанна меттехь серло яцара,цу боданехь Цхьа серло етташ гира Суна геннара,ши ког бара сан бегош,куьйгаш дара шелоно г|ора дина,т|е кхоьллина йовха х|ума яцара,цу серлон т|екхача д|айоьдуш яра со. Т|е кхаьчча диттан т|ехь лепаш х|ума гира Суна,|аьнан юккъехь т|аьхь баьццара г|аш долуш дитт дара иза. Цецъ йаьлла юх-юха хьоьжура со цуьнга. Цу диттан юххехь б|аьстенан де долуш санна йовхо йара Суна т|е хьоькхуш.Лаха охьа хьаьжча Цхьа жима К1ант вара цу диттан т|е ира т|улгаца цхьаъ яззош. Хьо х|ун деш ву аьлла хаьттира аса Цуьнга. Дуьхьал вист ца хуьлура иза. Юха а хаьттира аса,т|аккха вист ца хуьлура иза. Хезаш хира яц'кх кхуьнна со бохуш 1аш яра со.Шен карара и т|улг сан когаш хьалха охьа кхоьссина Мич вахна ца хууш къайл велира иза. Цу диттан т|ехь цо йаздинарг х1ун ду хьажа охьа таь|ира со. Цу т|ехь дара яз дина 04'09. Ц1еххьана кхерам тесира сан даг чу. Цу меттехь аса ши б|аьг схьабиллира.Йа Аллах,и х1ун дара бохуш даг т1е куьг диллина сайга сайга луьш яра со. Сан Бераллехь дуьйна Уггаре дукха дезаш долу терахь 9 дара. И х1унда ду аса къастина дукха дезаш Кху дуьненахь хаьаш Цхьа адам дацара. Уггаре сайна дукха дезаш долу Цхьан адме эра ду аьлла ч|аг1о йина яра со иза. Цу Буьйсан даг чу тесан Суна,Цуьнан Уггаре дукха дезаш долу терахь муьлхарг ду теша аьлла. Т|аккха сайгахь телефон ца хилар,кхи Сайн и гойла ца хилар,дерриге дага тесса Цхьа тамашийна дог 1оьвжина са. Кхана операция Ма ю Цуьнан йа езаш,муьлхачу хьолехь ву теша иза бохуш ойланаш ешшехь Суна Наб кхийтира. Шолг|ачу 1уьйранна цхьам юьхь т|е куьг детта Суна,сам яла бохуш. Марьям хиллера со йолче еъна. Вай Цхьа хазахеттера Суна. Доггаха Мара йоьллира ас иза.
-Кхин хьоьгахь х1ун хьал ду ца хууш 1а лур йацар со Амаль. Х1ара 1уьйре т1екхачле аса мел сатийсина гуш Аллах Дела ву. Муха ю хьо?
-Альхамдулиллах,Дика ю. Хьо муха ю?
-Дика ю со Амаль. Хьоьга Ала дезаш цхьац х1ума дара сан.
-Схьа Ала.
-Соьга яз йинерацо селхана. Хьоьца цкъа къамел дайта аьлла. Хьуна Ма хаар,Соьга х1ан-х1а алалур дацара. Х1инца-м некъахь хира ву иза. Д|а Ма кхаьчна Ша хаам бира бу аьллер цо.
-Ма Дика ду иза.
Ши Кхо Сахьт делира юккъе. Арахь 1аьржа еллера. Сагатдан йолаелира со. Х1умма хилла 1аш хирг хир вац'кх иза бохуш. Нисса пхуьйра хан хилира,мол вара кхойкхуш. Сихонца ламаз дан Д1а хоьттира со. Сай до1анехь доггаха вийхира аса иза. -«Йа Аллах,дерриге х1ума минотехь хийца ницкъ болуш волу Дела. Тахана сан дагахь дерг гуш верг хьо бен вац,деха хьо бен вац,сайн дагахь дерг дийца хьо бен вац сан,орца деха хьо бен вац са,аса доьху хьоь,хьай хазачу къинхетамца,хазачу кхаъца Ц1а верзита ахьа иза. Са ерриге могшалла Цуьнан Д1а елла,Цуьнан х1умма ца хуьлуьтуш,могуш-маьрша Ц1а кхачита ахьа иза»
Сайна мел хууш долу до1а дешна,Дал мукъ лахь дикнарг хир ду аьлла охьахиира со. Цхьа Маремина гуш яра со дог доьхна юй. Са Ма гат делахь олура цо Соьга сих-сиха.
Нанас мохь туьйхира, йаах|ума йаа схьайола ши э аьлла. Цхьа х1ума йаъ лур йолуш йацара со. Жим 1ина схьайог|у Хьуна аьлла,сайна йовха х1ума йоха хьалаг1аьттира со. Амаль,Амаль АЬлла мохь туьйхира Маремас. Х1инца йазъйина Хьуна цо Аьлла. Хьоьга телефон д|айала йиш хира йарий бохуш вара иза элира Маремас. Схьатоьхна.тхойшиъ къамел дан доладелира.
-Амаль,Буьйса Дик хийла хьан!
-Дала Везийла,Хьаъ хийла и!
-Альхамдулиллах,Ша дерриге Дика ду Хьуна,са ма гатт делахь. Мел Дика чекхъдаьлла ца хаьа Хьуна дерриге. Дукха ца 1аш со Ц1а вохур ву Хьуна.
Соьгара телефон...АЬлла дийца йолаелира со.
-Хаьа Суна,хаьа Хьуна! Ша дерриге хууш ду. Са Ма гатт де. Аса дош делла Хьуна дерриге нисс дира ду аьлла. Хезш юй хьо?
-Ю.
-Йоьлхуш хир ма йац хьо?
-Йац. Даккхий къурдаш дора аса. Амма айса Цуьнан делла дош дага оьхура Суна. Кхин цкъа Цуьнан сой кхоьлина гойтар йац АЬлла.
-Амаль,иштта кхиийнера аса хьо? Мегар Ма дац иштта. Жиммал сабар делахь.
Со Ц1а Ма веъна муха гина вайша гайта хьожур ву Хьуна со.
-Дал мукъ лахь,сан х1ора до1анехь ву Хьуна хьо!
-Хьа до|анаш лар вина ву Хьуна со!
Амаль,со хьоьга Цхьа х1ум дийца везаш ву Хьуна.
-Х1ун ду и? Вуо х|умам дац?
-Дац,1ад 1елахь,вуонаг ма хилиталахь. Ч|ог1а юьхь дуьхьал дийца лууш вара со иза. Ма ч|ог|а тамашийна г1ан гинера Суна сийсар. Дагара долуш дац Суна иза. Вайша га ма гин дуьйцур ду Хьуна аса Дал мукъ лахь!
-Х1инц Дийца.
Со Т1аккха Сайн собар ца хиларна юх-юха и дийца бохуш яра цуьнга. Т1аккха кхин реза ца хилира иза.
-Дика ду Т1аккха. Аса даг доуьйтур ду Хьуна иза хьо Ц1а Ма веъна.
-Мегш хира ду!
-Амаль,аса сой Ц1а Ма веан хаам бира бу Хьуна,хьожуш хилахь цигахь,хьайна оьшучу х1уман Соьга ца хоуьйтуш Ма 1елахь. Со къинтера Вера вац хьуна! Со волуш ву Хьуна. Мел генахь велахь!
-Дала сий Дойла Хьан! Аса х1у Дика Дина хилла те хьо санна адам Дала Суна уллехь хилита . Ма Ша Аллах!
-Лар луш хиллахь.
-Дал мукъ лахь!
-Буьйса декъал йойла хьан!
-Амин,хьайниг йойла и!
Вовше Буьйса декъал йина,дог дара сан Хазахетаро лаьцна.
-Марьям,чай мала Г1ой Вайшиъ? Со'м мац Ма елла.
-Х1инца мац елла хьо еллий?
Елаелира Марьям.Доггаха со марайоьллина. Боккъалла Цхьа тамшин Дика адам дара Марьям. Цхьаннехь Суна уллерчерах тера яцара иза. Са доттаг1ий бацара. И цхьаъ йоцург. Цкъа и Сай йиша йац аьлла ойла хилла Ма йацара сан. «Шич» аса муха эра дара цуьнах. Сан йишица хира йолу юкъаметтиг Д1а лаьцна,сан Уггаре тешаме накъост хилла Д1ахоьттина хилча иза. Дара Цуьнан дог сел ц1ена. Хенаца йоккха йелахь,берий амалехь йолуш,дашца а адман халахетар дийра доцуш. Уггаре хьалха Делац ч|аг1о йина ойла йолуш. Иман долуш йо1 йара иза. Муьлхачу хьолехь со нийса новкъа т1е йоккхура цо. Сан сина дакъа дара иза. Цхьаннеца хуьйцар йоцуш, Х1окху заманахь атта хира бацара иштта тешаме доттаг1ий. Цуьнах лаьцна дийцина ера йоцуш. Оццул меттиг яра цо сан даг чохь Д1а лоцуш.
Куьг схьалаьцна Маремий,тхойшиъ кухни чу йахара. Нисс дуьхьал йохуш Нана яра,ма самукъа даьлла ю шуьшиъ,Дала дикане Дойла!
Самукъ ца дала х1умма ма дац нана элира аса. Марьям Соьга схьахьаьжна елаелира. Чай мелла.г1уллакх Дина кухни чохь со йолч чу йахара тхойшиъ. Х1инца'м Суна Наб йоха Хьуна Амаль элира Маремас. Тхойшиъ Д1айижа метта елира. Цу Буьйсанна сама йаьлла юха а «Истихар» ламаз дан хоьттира со. Цу т1ехь доггаха дийхира аса,-«Йа Аллах Дела,суна Дика х1ума и делахь,са цуьнца рицкъ хира делахь,юха а и гайта ахь Суна,юха Цуьна ара йалар нис далита ахьа» аьлла со Д1а йижира. Цул т1аьхьа 1уьйра ламазан сам елира со,Марьям. Йаъ х1ума йиъна,нанас уьйт1а хьакха безаш нуй бу Хьуна аьлла,тхойшиъ уьй1ахь г1улкх дан араелира. Мареми телефон йара бух т1е охьайиллина. Сабар делахь, Соьга схьа етташ цхьаъ ву аьлла дехьа елира иза. Юха т1е еъна Маремас элира,Амаль,цо Ша тахана сарахь ц1ахь хира ву боха. Сарахь гойла хира дари теша бохуш вара. Х1ун Ала аса цуьнга? Нисс тхойшиъ дуьйцуш йолуш нана араелира,нуй Д1а Ма хьаькхна туькан йаха езар шуьшиъ. Вайгар кхаллар Д1а даьлла. Шун да хенахь Ц1а вохар вац. Кхи хан ца йолуьйтуш сиха йала шиа аьлла нана чуйахара. Вайъ,Ма Дика хира дара и Марьям,нисс вайши туькан г1ура йара аьлла,сихонца г1уллакх дан йолаелира тхойшиъ. Тхуна гена доцуш йара и туька. Сихонца дерриге Д1а дерзина,т1е кхин бедарш йоьхна,дукх кеч елла гахь нана Реза хир йацара,мегар йара х1оршам аьлла тхойшиъ туькан йаха араелира. Маремас цуьнга хаам бира,цигахь хира ю хьуна тхойшиъ аьлла. Туькнар схьайог1уш йолуш,уллехь урам бара цигахь,цу урме чу йирзира тхойшиъ дуьхьал вог1уш вара иза. Машен чуьра охьа воьссина,могуш парг|ат хаьттина со юьстаха елира цуьнца. Карахь пакет бу сан кхаллар чохь долуш. Т1е кхоьллина Цхьа жигетка ю мами,йина ч|аба ю,хьалха хьарчина йовлакх ду. Сайна-Сайн баш Реза йоцуш ара йаьлла ма йара со. Делахь,кхин да х1ума дацара. Со яра Цуьнан б|аьра ца хьажа лаьтта хьоьжуш. Соьга схьахьаьжна велавелира иза.
-И кхаллар дадорна кхоьруш Хьой яцахь,жимма хьал хьажа.
-Хьожур йац со.
-Вайъ, вуо стаг. И д|овш хьа'м деттара дара охашиммо.
-Хьуна со Ма вуо стаг хета,и Ма олу ахьа даимана аьлла,оьг1аз йахна кеп йина д1а йирзира со.
-Йа Ма ю хьо вуо стаг Амаль,дерг аьлча новкъ Ма даитал аххьа'м.
-Дика ду т|аккха. Со Д1а йоьду !
-Амалььь,Ма хила иштта. Хьо бера дуй'м хаар Суна. Схьаерза оккхе . Тоьур ду х1инца.
1а ма ца лора со Цуьнан оьг1аз йахна. Оццул хала ара йаьлла йолу.
-Со мел сих ю ца хаа Хьуна. Кхи хьелахь мама кхетар ю.Альхамдулиллах,ма Дика ду Хьан операция хазачу кхаъца Д1а йирзина. Ч|ог|а хазахийтира Суна.
-Дала сий Дойла Хьан! Хьан до1анаш лара вина вара Хьуна со.
-Сан х1ора до1анеххьа'м вара Хьуна хьо!
-Ч|аба хаза'м хета хьоьгахь.
-Хета дера'м.
-Жигетка къаьстина.
Елаелира со. Х1инца'м Соьхь воьлуш ву хьо аьлла,т|аккха сой йоьлучур ца саца лора со.
-Нана кхин кеч елла гинехь кхетар йара.
-Даяла Амаль. Хьийзош вара со'м. Хьо х1у-а йоьхна ара йаьлчи,сан б|аьргаш чохь хаза юкх хьо. Коьртахь йовлакх,шуьйра еха х1ума Хьуна т|ехь хилчнехь,хьоьл хаза йо1 хира ма йац.
Суна Т1аккха хаза Ма хеттери цо и аьлча. Ц1еххьана даг деар Суна,ванах хьо Соьга Цхьа г1ан дуьйцар ду бохуш ма вара аьлла хаьттира аса цуьнга.
-Аааааа,вара дера'м. Ма ч1ог1а тамашийна г1ан дара иза дам. Со хьоьга кхин Цхьа х1ума хатта волуш ма вара.
-Схьахатта?!
-Хьуна Уггаре дукха дезаш долу терахь муьлхарг ду?
-Суна?
-Хьуна,Хьуна!
-Х1унда бохур ахьа?
-Амаль,Ала,аса дуьйца хьоьга...
-Исс ду. А х1ун хилла?
-Ма алаааа.
-Вайъ,х1ун хилла. Хьайниг муьлхарг ду?
-Доьлг1а терахь ду.
-Х1у ююююю? Сабар!!
Сайна гина долу г1ан дагчу тесира Суна. Дера,хуьлийла дац бохуш. Схьадийца хьайна гина г1ан элира аса. Суна Ма гинера Цхьа г1ан,аса дуьйцар ду Хьуна аьлла.
-Со кхана операци йа ваха везаш йолу Буьйса йара иза,цу г1енах Цхьа хьун юккъехула лелаш вара со,т|е йоьхна йа йовха х1ума йацара Суна т1аьхь.
Йа Аллах,Йа Аллах Суна гинарг хир ма дац и бохуш сайга-сайга луьш йара со. Т|аккха,т1аккха Д1а дийца элира аса.
-Т|аккха,цхьан дитт т1е воьдуш вара со. Бода бара гондхьа,Цхьан дитта хьалха жима К1ант гира Суна,хьо х1ун деш ву кхузахь олу аса цуьнга,вист ца хуьлура иза. Цу диттан т1е цхьаъ йаз еш вара иза.
Юккъахь ваьккхира аса и цу меттехь. Ма дийцалахь кхин Д1а. Къинт|ера валалахь хьайн къамел аса дохадарна,Соьга Цхьа х1ума олити ахь элира аса цуьнга.
-Схьа Ала.
-Цу диттан т1е йаз динарг х1унд ду хаьа Хьуна Суна.
-Ца кхета со.
-Суна гина г1ан ду Хьуна ахьа дуьйцург.
-Муха? Хьуна иштта г1ан гина?
-04'09 дарий цу т1е йаздинарг?
Цецъ ваьлла вист ца хуьлура иза.....
-Йа Аллах Дела,Амальььь,и муха???
Муха нисъделла? Хьуна иштта гина боху ахь и? И терахь дар'кх Суна гинарг цу т1ехь.
-Хьан Уггаре дукха дезаш долу терахь муьлхарг хоттур ду бохуш со ма йара. Везан Дела,боккъалла,ма доккха х1ума ду иза иштта нис далар. Дала диканна нис Дина хуьлитийла иза.
-Валлахи,ма цец ваьккхина ахь со. Цу диттан т1ехь баьццара г1аш дари?
-Дара,дара. 1аьнан юккъехь и Цхьа дитт дара цигехь,гуонхьа мел долу дитт г1аш доцуш дара. Цхьа серло йарий нийсса Цу цхьанан дитта т1е кхетта?
-Йара,йара. Со х1инца кхетац. И муха нис делла теша иштта.
-Дела болх бу иза.
-Дикне Дойла!
-Ма хаза хийти Суна хьо гина. Ма дог парг|ат дели сан. Делахь,кхин хье лойла дац сан.
-Кхета со,кхета. Цхьа х1ума дац.
Марьям,Хьун Дела Реза хилил. Йоккха накъост ю хьуна хьо тхуна! Дала сий Дойла хьан!
-Со Д1а йоьду делахь.
-Сабар де,минотехь.
Машен не1 схьайиллина цхьа пакет схьакховдийра цо.
-Шаьшшин юар ю ашшима.
-Ва муха? Мамега х1ун эра ду аса? Мичар Йоьвлла эра ду?
Йохий ма хьийза аьлла т1е еара Марьям. Вайшиммо туькан йахча эцна ю эра ду вайшимма.
-Дала Саг|а йойла Хьан уьш!
-Г1оза йуийла!
-Амаль?
Юха йирзина х1ун Бах ахь аьлла сецира со.
Кхин цкъа гайта Хьой аьлла,Цхьа тамашийна доггаха ши б|аьрг боьлуш схьахьаьжира иза Соьга. Цул т|аьхьа со Маремица ц|а йахара. Керта йолушшехь нана йара уьйтахь,шуьш Ма хье йеллера бохуш. Тхойшинне йаа цхьац х1ума оьцуш хье еллера тхойшиъ нана аьлла,чуйахара. Чу кхаьчна тхойшинне чохь йаъ х1уманаш юуш 1аш йолуш,Маремийн нанас телефон туьйхира,тахана Ц1а йола аьлла. Цхьа тамашийна дог 1оьвжира сан. Кхин нене телефон схьа ло Ала ца хуттуш,и уллехь Хиларо Сайн дог парг|ат даьккхина 1аш хилла йолу со. Сан юьхь т1ера бос хийца белира.

