3 страница15 февраля 2022, 13:17

3-я глава!📜

Юх-юха ойланаш хьийза сан коьрте,нийса хира дуй теша аса кхуьнга и дийцича Бохуш. Т|аккха,и воцуш айса яьккхина хан дага еъча,х|ора дийнахь аса цуьнга мел тийсина долу са,цкъа цуьн аз хезча,шерашкахь доьхна долу дог юх ден да ницкъ кхаьчна хилча цуьнан,со муха ехар ю кхул т|аьхьа а  и воцуш аьлла. Доккха са а даьккхина дийца йолаелира со.
Доьххьара дуьйна мел хилларг дуьйца Хьуна аса хьоьга,дикка ойла а еш ладог|алахь Соьга.
-Диъ шо хьалха дуьххьара сан бераллийн хан хаза еш,дуьххьара Суна безаман |илма |ама деш, сан аьрха амалаш Хьан дуьхьа Соьга йиц йойтуш,сан дог хьайн ц|еначу безамах дузуш,хийра дац моьттина чух со теша еш сан дахаре веара хьо. Дийно-денна хьоьца ирсе ю аьлча нийса хира дац,ирсан да хилла Оццул хаза хьа схьайог|уш яра со. Мел вайшинне юккъе муьлха г|алат даьлла хиларх,цкъа а вайшиъ гича,цкъа вовше б|аьра хьаьжча и ша- дерриге цу м|аргонехь  диц луш. Боккъалла,Аллах дуьхьа лелош гергарло дара вайшинне. Амма цхьана дийнахь,сайн кертахь- чохь цхьацца  бахьнашца Вайшинне гергарло хила йиш яц сайга аьлча,со йина,со кхиийна долу де-Ненан даш т|ера яла Сайн Далла хьалха бакъо ца хиларна. Цера баьхкенца д|адаккха йоллу со Ала хьоьга ца туьгуш,кхи хьоьга х|ун бахьан ду ца олуш,сан дуьхьа х|ара Дуьне,Кху дуьнен чохь долу Цхьа х|ума кхоор доцуш хилла долу Хьан дог доха дийра аса. Цу дийнахь сан дагахь мел хилларг,аса цуьнга и муха эра ду бохуш. Сан коьртехь хилла йолу ойланаш. Ма ца хаьа Хьуна.... Ма ца хаьа Хьуна аса цул т|аьхьа хьоьга мел тийсина долу са. Х|ора а сан до|анехь хилла адам ма дара хьо. Аса ма хала лайра хьоьх къастар. Я хинца а  даланза ду  и сан дагчуьра. Б|аьргара хиш |енара са,кхачо а йоцуш. Кхи д|а дийца а ца лора соьга цуьнга х|умма а .
Цец ваьлла юх-юха хеттарш дора цо;
-Ва муха? Амаль,муха?  Муха? Х|унда? Х|унда ца аьлла ахь соьга и хьалххе? Йа со кхин уллера адам ца хетара Хьуна? Со хьоьх кхетар вац аьлла хетара Хьуна?
-Хьо соьгара йаккха Кху дуьненахь и Аллах Дела воцчуьнна цхьанне ницкъ кхочур бац Хьуна. Диц Ма делахь и!
-Дала сий Дойла Хьан,хьайн Де-Ненан даш т|ера ца йолуш,цера лаам кхочуш барна! Сан дог ахь кхи иттуз доха дахь,хьай Де-Ненан даш т|ера яьлла йо| хьо йоций хааро,хьоьх кхиъ сан дог дузар бен х|умма хира дац хьуна.
Амма ахьа Соьга схьадийцинехь кхин Дика хира дара. Со цхьа аьтто бан хьожур Ма вара Амаль. Хьай лаамца,д|а даьккхина бохуш Ма |ийна со.
Сан Ма дацара Кху дуьненахь хьоьл герга, хьоьл уллера адам. Хьо Цхьа адам ма дара ницкъ кхаьчнарг со боккъалла ирсе ван.
-Къинтера Валалахь Суна... Юха а т|аккха,къинт|ера валалахь суна. Къурдаш деш,Сайн б|аьргара хиш ца сецалора Соьга. Цуьнга Уггаре ца Лалуш хиллариг сан б|аьргара хи далар ма дара.
Юха а  элира цо Соьга...
-Амаль,хьо муха |а елар теша и Соьга ца олуш. Аса хьо муха йитина те х|оккхул хан чохь хьой,оццул Хьан дог доьлхуш.
Дийнаххьа-м иштта ца хуьлара Хьуна мелла а диц дан хьожура. Амма буьйсанна,цхьаналлехь сой висча,цкъа хьо дага еъча,цкъа Хьан ойла ян со воьлча. Хьан амат Сайн дага тесча,Хьан доггаха елакъажар со га ма гинна. Хьан берий амалш,цкъа хийца лур йоцуш. Цкъа а йоккха хира йоцуш. Хьо ишколера ц|а йохуш со хьайна доьхьал веъча,нийсса цкъа хьо кхоьлина,я дог доьхна ца гора Суна. Хьай хаза елакъажарца сан дог деламадора ахь.
Сан дерриге самукъа,сан Ша долу х|ума хьоьца Ма дара. Аса Ма дукх сатийсинера цкъа Хьан б|аьра хьажа. Цкъа хьо Сайн б|аьра хьажита. Со хьайн дуьхьал х|оьттича Соьга ца хьажа,Дуьне мел ду д|а-схьа  хьежабора ахь и хьай |аьржа Ши б|аьрг.
Со Ма яцара цкъа цуьнан б|аьра хьаьжна. Жималлехь дуьйна,суна Уггаре эхь хетарг адмийн б|аьра хьажар дара. Цо олура Соьга,
-цкъа хьажий сан б|аьра хьажа.
-Цкъа хьаьжнехьам хьожур ю олура аса.
-Вай Делора,эхь доцуш адамаш гина,хьоьл эхь доцуш адам ца гина.
Т|аккха Суна хаза Ма хетар цо и сайга мосузза олу...
-Йицъелла Ма яц хьо цхьана минотан,я лур Ма яцара. Дала цхьана х|уман х|оттина бахьан хира ду х|ара вайшинне юккъе.
-И Оле Сайн дог парг|ат доккхур Хьуна аса а. Т|аккха хьоьга сатийсар сов доли,дог хьере хуьлур сан.
Делахь,Альхамдулиллах|,Далла хастам бу хьо сан волуш,цкъа хьоьца хила йиш сан ца хилахь,хьо Кху дуьнен чохь вуй хааро сан дог парг|ат доккхар ду хьуна сан.
И дешнаш хезна,доккха са а даьккхина,кхин дош ца олуш д|а сецира иза...
-Амаль,кхана ара йолийла хира дуй Хьан?
-Хьожура'м ю со,дош дала-м ца йаьхьа со.
-Хуъа дай хьажа кхана. Со Цхьана шина дийнахь Нохчийн-Чохь хира вац.
-Муха хира вац?
-Операция ян д|а ваха везаш ву со,дикка хан яр сан и я езаш йолу.
-Вайъ,Соьга аьлла Ма дац ахьа,
-Велавелла жоп делира цо... Аса муха олу хьоьга вайш тахана бен связе даьлла ца хилча. Ц|ен бера дукх хьо-Ц|ен бера. Цхьа дагахь х|умма доцуш. Ма Ша Аллах,Ма Дик ду хьо сан йолуш. Иштт дог-ц|ена.
-Елаелира со. Вааааааа,х|инццалц айса Ма аларра аьлла дара Хьуна аса иза дагахь доцуш. Бехк Ма биллалахь
-Бехке х|умма дац. Хьуна бехк билла х|етте а!
-Т|аккха кхана арайала хьожий хьо?
-Делахь,чохь хаахь Ма могитар дац Суна,ялахь къайлаха йолийла бен хира дац Хьуна сан аьлла,ойла йан юьйлира со. Муха,х|у аг|о бича вуоле  хира дара теша бохуш.
-Хьожар ю хьуна со.
-Хьажа Амаль,кхана хьай х|у хуьла Ала Соьга.
-эра ду Хьуна!
Цул т|аьхьа тхойшинна къамеле даьлла,мел Хилларг дийца доладелира. Цхьана доцуш юккъе Оццул хан йаьлла,дагахь мел дерг дийца г|ерташ,цо дуьйцучу хенахь аса сайниг дуьйцура,аса дуьйцучу хенахь и шениг дийца волалора. Иштта вовше дог доьлуш,цкъа а вайшиъ къаьстина хила хиллий теша Олий хеташ,шина-кхаа сохьтехь дагара дийцира охашиммо.
Цул т|аьхьа вовше Буьйса декъал а йина,суна Наб кхийтира.
Сахьт шиъ долуш са самъелира «Истихар» ламаз дан. Цу т|ехь Цхьа доггаха дийхира аса, « йа Аллах Дела,сан дог дохор долу,со ирсе хира йоцуш х|ума делахь,хьайна нийса хеташ кепар нис де ахь» Амма х|у-а дича цу до|анехь ца алора Соьга,суна и Дика х|ума хира дацахьа Суна и гена ваккха аьлла)) Самах я г|енах Цхьа бахьан хоттаде ахьа Суна аьлла,юха а д|айижира со.
|уьйранна сама йаьлла,ламаз а Дина цо сайга х|у йазъйина хьажа телефон схьаэцна охьахиира со.
-|уьйре Дик хийла Хьан! Буьйса д|а муха елира Хьан!?
-Дала Везийла,Хьаъ хийла и. Альхамдулиллах,Дика д|а елира.
Со йаах|ума йиъна,сой йолч чу Ма еан аса йазъйийра ю хьуна хьоьга аьлла со кухни чуйахара.
Ткъа чохь цхьанне хаа йиш Ма яцара со Цуьнца хилар. Кухни чу яьлча Цхьа хаза хьожа йаьккхина,Нана йара хингалш деш. Царал дукха дезаш Суна Ма дацара х|умма а. Дукха хазахетна охьахиира со. Тхо Массо доьзалца йаахума юуш ду. Тхан да ц|еххьана Цхьа хума дийца волавелира. Хьажахь зуда,хьенехар к|антан хилларг. Ма дош дацара и бохуш. Со т|ехь кхуьуш яц цара дуьйцучух. Т|аккха нанас т|е да ти,-«Дера,дас-нанас бохуг ца дича,юьхь-к|айча х|оьттина Цхьа-а ма вац». Ц|еххьана Сай кийра йоьду юуург сица иккхина хин Мала хьалаг|аьттира со. Сайн дагахь,селхана и Соьца связе валар дагара ца долуш,йа Аллах Дела,цера лаам т|ера яьлла,царах къайлаха со иштта |ийча,Дала Цхьа бекхам бира бу теша Сайна бохуш,са-сайга дагахь хеттарш деш. Нана,ч|ог|а Дика йара юуург аьлла со Сайн чуйахара.
Сихонца и дерриге хьал дийца Сайн шичега телефон д|а тоьхна,дагара дийца х|оьттира со. Хьо йоцуриг Соьхь Цхьа кхетар вац. Аса х|у дича нийса хира ду Ала Соьга аьлла. И Цхьа адам дара сан жималлехь дуьйна йишийн метта,Ненан метта Оццул уллера хилла Суна. Цкъа суна вуониг цо хьоьхура доций хаара суна. Со харц йалахь суна т|е тойра йацара и. Иштта адам вайна атта хуьлуш Ма дацара. Массо хума цуьнга дийцина,Цхьа тамашийна дог парг|ат делира сан. Цо элира Соьга,Дика ладог|алахь Соьга; хьо ирсе хилча кхи Оццул ирсе хира юй Ма хаьа Хьуна со,хаьий? Хаьа элира аса... Хьан Дог ца доха дайта,кхи Оццул Сай дог доха дайта со Реза хира ма ю. Муьлххачу хьолехь со Хьан Уггаре тешаме накъост ю хьуна. Амма,Де-Ненан даш т|ера хьо ялита лаам бац Хьуна сан... Юха элира аса. Тахана со Цуьна хуъ Дина ара яла Ма еза. И операция йан д|авахле.
-Со йолче хьа йола.
⁃ Нене Ала со йаита.
Нана Реза хилла,со Сайн шича йолче д|а йигитира цо вешега. Цуьнга яз а йина,цигахь вовшах кхетар ду вай аьлла,Сайн шичица араелира со.
Дуьххьара и сайна гича. Сан догггг,дог тохаделира сан. Ва муха? Ва муха йаккхина аса и хан цуьнах йаьлла бохуш,гал яьлла Цуьна б|аьра хьажарна кхоьруш лаьттара со.
Уллехь йолу сан шичега вист Хилира иза;
-Марьям,Де Дик хийла Хьан! Хьо ху деш? Х|у дало хьоьга?
-Дера яц х|умма деш,Альхамдулиллах д|айоллу со. Соьгара х|умма оьший шуьна аьлла,юьстаха  Елира Марьям.
Эхь хеташ,багара дош ца долуш лаьтташ яра со. Дагахь дуккха а дара сан дийца,Амма иэхь хетар хьалха долий,сой х|ун Ала йоллура диц а лой юьсура со. |аьнан шийла де дара иза. Амма ло дацара кхин дог|уш. Тхойши лаьтташ долуш,ц|еххьана цо элира Соьга;
-Амаль,хьал хьажа
-Ца хьож со.
-Вайъ,хьажа цкъа)
Хьала хьаьжча ло дара дог|уш. Йа Аллах,дикане хилита ахь х|ара аьлла. Дог деладелира сан. Ма Ша Аллах,боккъалла Ма хаза де ду х|ара бохуш,къамеле делира тхойшиъ.
Дийца х|умма доцуш лаьтташ хир ма яц хьо аьлла велавелира иза. Т|аккха ,нанас Дина долу къамел дагара ца долуш,айса х|ун дича нийса хира ду ца хууш,йоьхна,Ала х|умма а доцуш лаьтташ яра со...
____________________________________

Кху дуьненахь Дала цхьана адмий хьайн дагчу хьажийта бакъо ю хьан аьлча сайга,ойла а ца еш Цуьнан ц|е йоккхур яра аса. Т|аккха Ма кхетар вара иза,цо сан даг чохь мел шай тайпа меттиг д|а лаьцна)) Хийлаза хьанна т|е |итта дала мегар долуш х|ума ду иза,дезачу адмехь къастар. Ахь цуьнца яьккхина хиларх,ткъе-итта шо зама. Де-Ненан дош доха дича сийлахь хира ву аьлла ца боху аса,Амма цара бохург Дина хьайн ирсах вала веза теша? Да-нана,Кху дуьненахь царел деза,царел герга хира ма дац адам. Йа вайна вуониг лууш цара х|умма эра доций а Ма хаьа. Амма муьлхачу ницкъаца хьажа ца веза т|аккха хьайна доггаха дезаш и адам делахь,и хьайна мел эшар хаита? Доггаха дезаш долу адмех иштта атта къаьста теша? Йа Соьгахь долу Хьал цхьаьнгехь даъ дац теша?  Царна моьтта хира ду,Цхьан баттахь хьойзина,ч|аг| делла гергарло ду иза,цара д|а даккха аларх вайн минотехь диц делла,кхечуьнца шаьш Реза болчарца вай рицкъ лохур ду!? Бакъ  ма дац и! Дуьненахь бакъ дац!!
Доггаха дезаш долу адам хьам х|у-а аларх диталур дац,я кхечуьнца и хийца лур дац. Амма юкъа Цхьа бутт,цхьацца бахьанашца гергарло хила йиш яц АЬлла кхечуьнца дахар доладан дага деънехь хаа ду,и адам Цуьнан доггаха оьшуш ца хилли. Шерашкахь мел хир дац бахарх,Дела х|ун кеч Дина |аш ву ма ца хаьа цхьаннена,цуьнца йолу юкъа-меттиг тешамца лар а еш,Аллах|о сан Цхьана до|ан  цкъа мацца жоп делла сайн цуьнца дерг нислур дуй хууш. Сайн х|ора а до|анехь айса и доьху дера. Сайн Ма хуьллу хенаца сайх дог дуьззина ц|е йаккхита,Цуьнан дагахь х|умма ца кхолладалита айса Цуьнан мел делла долу дош лар деш схьаеънер  со.
Хьан х|у лаам бу хьа Ала Соьга аьлла хаттар дира цо Соьга?
-Сан лаам бу кхин хьоьх ца йала,Амма сан дагахь кхерам бу,и хиъначул т|аьхьа сайна эшам хиларна.
-Собар дел. Амаль,шо,Ши-шо. Ялахь Кху юккъе кхин итт шо зама,со собар дан реза ву Хьуна. Хьан дог ца доха дайта цхьаьннега. Адман цкъа воуниг луур доцуш долу,Хьан и жима-ц|ена дог ца доха дайта. Хьоьга сатуьйсуш ваха Реза ву Хьуна со. Амма Цхьа х|ума ду,Цхьа х|ума атта хуьлуш дац Хьуна Кху дуьненахь,и диц Ма делахь. Хьайн дагара Ма даккхалахь и. Дала доггаха дезаш долу Ши адам атта цкъа цхьана тухуш дац Хьуна.
Сай б|аьргара хиш ца сецалора Соьга цо и дуьйцучу хенахь .
-Хьо Соьхь кхийтири? Амаль,хьо Соьхь кхийтири?
-Х|аъ.
-Схьахьажа соьга,цкъа схьахьажа соьга. Ма хила иштта. Ма хила иштта кхоьлина,доьху хьоьга. Ма хила...Кхул т|аьхьа сан х|у Дог-ойла хила еза,х|ара сурт б|аьргаш дуьхьал туьйсуш,со муха ваха веза. Цкъа схьахьажал соьга. Ас кхин х|умма ца олу Хьуна.
Хьала хьаьжира со,меллаша Сайн б|аьргара хиш д|а даьхна. Сой Цуьнан б|аьра хьажарна кхоьруш,д|а- схьа хьоьжура со.
Со яьхьар яц хьоьца иштта |а элира са. Суна дика дан хьайна лаахь,Цхьан хан чохь сой юьтий ахь со элира аса.
Дикка ойла еш |ийна,жоп делира цо соьга...
-Дика ду! Дика ду! Амаль,Цхьа хума ду Хьуна. Вайшимма бахьнаш ца лела дича,вайшинне х|умма нис Лур дац Хьуна. Со хира вац Хьуна хьоьца,Амма со Даима волуш ву Хьуна. Со генахь вац Хьуна. Мич хена цкъа ахь соьга накъосталла оьшура Суна алахь,суна минот хан бен ца оьший Ма хаьа Хьуна хьайна т|екхача,хаьий?
-Хаьа. Сан аз д| даьллера. Кхин соьга къамел а ца далора. Шел елла сайн ши куьг кисан диллина,егош лаьтташ яра со.
-Аса дукха юьтар яц хьуна хьо иштта. Жимма собаре хиллахь. И операция д|а Ма йирзина,со ц|а вохур ву хьуна. Юха а вайши гура ду Хьуна. Ша дерриге ас д|а нис дийра ду хьуна. Хезаш юй хьо?
Кхи йоьлхар яций аьлла,велавелира иза.
-Яц дера-м.
-Дош лой ахь Суна цхьан х|уман т|ехь.
-Дера ло!
-Со уллехь воцуш Хьой кхи иштта кхоьлина ахь гойтур яц АЬлла?
-Гойтур яц.
-Кхин хьо цхьалха хир яц хьуна! Аса и дерриге нис дира ду Хьуна ц|а Ма веан!
Чуьра ара юьйлуш х|умма Ма лела де. Со ц|а валлалц чохь |е!
-Кхетта,кхетта. Елаелира со. Дукха Ма |елахь.
Дала хазачу кхаъца чекх йолитийла Хьан операции . Сан х|ора до|анехь ву Хьуна хьо. Эхь хетта лаьтта хьоьжура со.
-Дела Реза хуьйла Хьуна!
-Со чу ца г|ахь,кхин хье лойла дац сан.
Цхьан гаъ мега аьлла Маремига д|ахьаьжира со. Марьям Суна т|е йог|уш йолуш,сабур де аьлла ц|еххьана;
-Амаль,цкъа б|аьра хьажа...
-Ца хьожу))
Сай шел елла д|а йоьдуш йолу со. Ойла Йан юьйлира со. Делахь,т|аьххьара гуш хилахь х|ун Дира ду теша аса иза сайна. Йа дагахь балам буьсур бу теша Суна бохуш со ойланаш ешшехь,юха а мохь туьйхира цо Соьга.
-Амаль??
Юха хьаьжна, елаелира со,  Цуьнан б|аьра а хьаьжна. Сихха юха а йирзира со. Дог детталуш ду,чур ара эккхаш санна.Вуо Ма хьаьжир хьо бохуш са- сайга д|айоьдуш ю со. Юху мохь туьйхира цо.
-Собар,Цхьа х|ума Ма ю сан хьоьга д|айала езаш.
-Вайъ,вала сихонца,со'м г|орош яй.
-Вай,Ма вуо  стаг юкх хьо иттуз лала йичи.
-Т|аккха х|унда ву хьо Соьца?? Х|а? Х|унда ву?
-|ад |е Амальььь.
Оьг|азе батт оллийина,д|ахоьттира со.
-Хьажахь,х|инца шеха къа хетита цо лела йо кеп.
-Йоьлучура ца саца лора со...
-Вай Делора,ц|ен бера дукх хьо. Цкъа а доккха хира доцуш.
Шен машен не| схьайиллина цу чуьра пакет хьа ийцира цо. Цу чохь яра бе Берза мерза х|уманаш.
-Хьайн юуур ю ахь.
-Вайъ,сан коьртехь дуьххьара хилла долу хаттар?! Аса х|орш мичара йойла ю эра ду чохь?
-Цхьа-м саг|ан елла Ала аьлла велавелира иза.
-Дала Саха йойла Хьан х|орш. Ма эхь хетити ахь Суна аьлла лаьтта хьоьжура со.
-Эххьа-м ца хетар Хьуна аьлла велавелира иза.
Марьям ю г|орайина лаьтташ.
-Амаль,Вайш д|айоьдий?
-Х|инц д|а йоуьйту Хьуна аса х|ара Марьям. Бехк Ма биллахь,хье'м йира охашиммо хьо аьлла. Шен киснара Цхьа х|ума хьаяьккхира цо.
-Амаль,х|ара х|ума хьа Ма йасталахь хинцца цкъа . Хьоьгахь собар хира даций-м хаар сун. Делахь,хьай Цхьа Уггаре дог доьхна,де эшначу Дийнахь бен х|ара схьа йостур яц АЬлла дош лой ахь Суна?
-Ма далита Соьга,со |алур Ма яц.
-Амалььь,хила Цхьа жимма йоккха. Ма йаста иштта бохуш хилча.
-Дика ду!
Цуьнан Уггаре ца деза дош дара и. «Дика ду» Сой Реза йоци хоуьйтуш хеначохь олуш долу  аса и цуьнга.
Х|етте,вовше дог ца оьцуш д|а муха г|ур ду аьлла.
-Къинтера валахь Суна аса хьайна мел новкъ даитинчу х|уманна.
-Хьоъ йалалахь суна!
Цо Суна Жималлехь дуьйна |аминера,мел жиммал адме Цуьнан халахетар деш дош бен ца аьллехь айхьа,сихонца къинт|ера даккхалахь и адам аьлла. И х|ума сайн дагара ца доккхура аса цкъа а.
-Дал мукъ лахь,дукх ца |аш вайша вовшах кхетар ду Хьуна!
Хьай х|ора дош ахь соь мел делла долу диц Ма делахь Амаль!
-Дал мукъ лахь,Дира дац Хьуна!
Цуьнгар и схьа эцна. Цуьнца |адика йина. Маремица д|айаяхара со.
Кхин  Цуьнца йазъйан,я телефон тоха йиш яцара сан. Вовше бина барт бара тхойшинне,и ц|а Ма веан цо д|а нисс даллалц,Сай Дех-ненах къайлаха Цхьа хума Соьга лела дойтур дац аьлла.
Чу кхаьчна,г|ора йина яра тхойшиъ. Сихонца чай мала охьахиира. Ц|еххьана нанас телефон схьатуьйхира Соьга;
Дог Сай мичахь ду ца хаьа Суна. Йа Аллах Дела,ма хилит ахь цхьанне гина бохуш,Дуьххьара сан коьрте деънарг и дара. Схьаэцна аса;
-Х|ов мама?
-Амаль?
-Х|ов? Х|ов?
-Хьо мичахь ю?
-Чохь ю мама,маремица чай молуш.
-Жим хьалхо мичахь яра хьо.
Ала дош дац сан. Маремига д|а хьоьжура со,аса х|у дан деза х|инца бохуш.
-Чохь яра мама. Х|уммам ца хилла?
-Дукх сихонца ц|а йоьлла? Х|у хилла дуьйцар ду Хьуна...

3 страница15 февраля 2022, 13:17

Комментарии

0 / 5000 символов

Форматирование: **жирный**, *курсив*, `код`, списки (- / 1.), ссылки [текст](https://…) и обычные https://… в тексте.

Пока нет комментариев. Будьте первым!