2-я глава.📜
Дог тохаделира сан.
Сайн дагахь,-«Йа Аллах,ма хилита ахь суна моьттург» аьлла,араелира со.
И хиллера тхан школера кхин к|ант.
Кхин чов йина х|умма дац элира дешархоша. Альхамдулиллах| аьлла,доккха са даьккхина со ц|ехьа йолаелира. Доьхьала вохуш вара иза нийсса суна.
Хьуна х|ун хилла аьлла хаьттира цо соьга,хьо ма кхоьлина го суна.
-х|а х|а,цхьа х|умма ца хилла.
-Хьуна х|умма ца хилчхьана.
-х|у бахар ахьа? Суна х|умма ца хилчхьана?
-хумма ца бахар.
Суна х|у ду хьуна хуъа хилча а,аьлла д|айахара со ц|а.
Ц|а кхаьчна,ламаз дина,яах|ума йиъна, сайн урокаш йан охьахиира со. Ойла йан юьйлира со юха а. Иштта вуо х|унда элира теша аса цуьнга бохуш .
Шолг|ачу дийнахь,цхьа хаза малх схьакхетта |уьйре яра иза. Сайна т|е хаза бедарш йоьхна,со ишколе йаха араелира.
Иштта сан дешаран шераш д|адоьлху,цу юккъе елира кхо шо хан-зама. Иссалг|ачу классе елира со а. Цу хенахь яра сан дог-ойла,жимма сой йоккха хилла хеташ.
Цхьана дийнахь тхан ишколе веара иза. Тхойшинне гергарло шерашкахь ч|аг|луш схьадог|уш дара. Цу кхаъ шарчохь со лар а еш схьайалийра цо.
И тхан ишколехь вацара цу хенахь.
Амма цхьа де ца долура и циге ца вог|уш,соьгара хьал де ца хууш и ца |ара. Х|ора денна и эшар,цуьнга болу безам сов буьйлуш,дийно-денна цуьнан дикаллехь,оьздангаллехь сой цец йийла йоьлча,тхойши ган мосузза го,сайн дагахь олура аса,-«Везан Дела,ма дезийта ахь сан кху адмах йаьлла цхьа де,цхьа м|арго (минот) йаккха. Цу хенахь яра сан дог ойла токхе,соьл ирсе йо| ян юй теша
аьлла
. Дара тхойшинне гергарло б|аьрг хиллал хаза схьадог|уш. Дийцарх цхьа а тешар воцуш, дийцча а неха б|аьрг лоцур болуш,Ма Шаа Аллах, оццул хаза юкъа-меттиг йара тхойшинне юккъехь. Цхьана дийнахь тхойшиъ ишколера ц|а дог|уш долуш,соьга хаттар дира цо:
-Соьца тешамца некъ д|абахьа Реза юй хьо?
-Цец яьлла жоп делира аса..
-Вайъ,тешамца хьоьца йолу юкъа- меттиг лар а еш схьайог|уш ма ю со.
-Дала сий Дойла Хьан!
-Дош ло Суна,кхи д|а а иштта хира ю алий.
-Онда дош ло аса Хьуна!
Вовше дист хилла,дог доьлуш ц|а йахар со. Цул т|аьхьа бертахь схьадог|уш гергарло долуш тхойшинне,цхьац долчу бахьнашца цхьаьна хила йиш яц элира соьга.
Сайн доьхна дог те дан ницкъ боцуш,айса цуьнга муха эра ду ца хууш йоьхна хьийзаш яра со. Мел хилларг дагалецамаш хилла диц дан деза теша тхан?
Йа рицкъанаш цхьаьна йаздина ца хилла теша? Йа Дала цхьана х1умманна нисдина теша х|ара бохуш ойланаш еш,со б|аьрхишца Деле доьхуш |ашшехь,сатесир вайна арахь. Мел ойла йарах ца тешалора со,диъ шарчохь,дуьххьара сан дагчохь ша тайпа меттиг д|а лаьцна долу адам,доьххьара суна безаман |илма |амийнарг,дуьххьара Суна «ирс»бохучу дешан маь|на довзийта ницкъ кхаьчна адам.
Аса муха дуьтар ду тесна |ад ца хилча санна?
Са муха кхочур бу ницкъ? Аса муха йоккхур ю хан а цуьнах хер елла.
Аса муха лохур ду ирс цуьнах йаьлла? Кхин дан амал дацара сан. Цу дийнахь цуьнга д|а Ала дезаш дара сан,цуьнца некъаш цхьаьна хила йиш ца хилар . Ишколера со ц|а йог|уш к|етахь лаьтташ иза вара . Аса элира,хьоьга Ала дезаш цхьац х|ума дара сан,вистхила йиш хира яри Хьан?
-Дера хира ю'кх ,х|уммам ца хилла?
-Х|ан х|а.
Тхойшиъ даимна лаьтташ хилла метте д|адахара тхойшиъ. Тхан юьртахь «Хин-йистехь» лаьтта меттиг яра иза. Къамелах йоьхна,айса цуьнга муха эра ду ца хууш лаьттара со. Сан б|аьргаш хих дуьзнера,цец ваьлла хаьттира цо Соьга?
-Хьуна х|ун хилла? Хьан б|аьргаш хих дуьззина х|унда ду? Хьенан ницкъ кхаьчна цу Хьан б|аьргаш чуьра хин т|адам балита ?
Масситта шарахь соьга деларца бен хьежна доцуш б|аьргаш,тахана ма кхоьлина го Суна...
Схьадийца соьга аьлла дийхира цо...
Йист ца хуьлуш лаьттара со кхин д|а а. Кхин х|умма ца олуш,суна хьоьца т|аьхьлонна х|умма хила ца лаьа. Вайшинне некъаш цхьана ца дог|у боху аьлла д|айирзира со. Кхин со йоьлхуш гайта цуьнан ницкъ бацара соьгахь.
Цец ваьлла юх-юха хеттарш дора цо соьга,х|ун бахьан ду хьан Соьца долу гергарло д|а даккха,схьадийца Соьга,мел сан даган халахетар долуш и х|ума далахь аса т|елоцур ду Хьуна,сан даган халахетар ахь иштта а дина,кхин цулла доккха халахетар хира долуш х|умма хира ду ала аг|о бац.
-Валалахь Суна доггаха къинтера,Ма хилийталахь хьай Соьца хьаг|-гамо.
Сан дацара хьуна хьоьл герга а ,хьоьл уллера адам,аьлла со д|айахара.
Бехк билла цунна,йа суна йиш йоцуш. Цхьа Аллах Дела воцург Соьхь кхетар воцуш,оццул бала бара сан дагчохь цу хеначохь. Х|ун бахьан дара Ала йиш яцара сан цуьнга. И цхьаннена хууш дацара.
Т|аккха ойла йан юьйлира со,дуьххьарлера безам,и Ма ца хиллера дагчуьра д|абера болуш. Сайн дагчу диллина лелина хилла долу адам,сан адам ма дара иза,кхи цхьанне хила йиш йоцуш,сан адам. Цхьа тамашина д|адоьлхура сан денош. Дийно-денна цуьнга сатийсар сов дуьйлуш,мичахь ву теша иза? Х|ун деш ву теша? Шелоно лаьцна вуй теша? Йа кхечо дог хьоьстуш вехаш ву теша? Йа цхьаммо халахетар Дина,и дийца стаг воцуш б|аьрзъвелла хьийза теша. И ойланаш сан коьртера ца йовлура. Со ишколера елира цул т|аьхьа. И ганза Суна шо сов хан елира. Со юьртахь шича йолче яхна йолуш,к|ета елира. И царна гена доцуш |аш вара. Амма цу меттехь |аш бацара уьш,наггахь юьрта вохура иза. Сан шичица къамеле Яьлла лаьтташ йолуш,суна дуьхьал схьавог|уш вара иза. Цец яьлла д|а хьоьжура со цуьнга.
-Шу ара Дойла,аьллла кхин вист ца хуьлуш т|ех велира и тхуна. Цу меттехь сан дог деладелира. Ва муха? Муха? Кхин соь дош ца олуш муха ваха и д|а бохуш,хеттарш дора аса сайн дагахь.
____________________________________
Кху дуьнен чу вай Дала цкъа бен кхуллуш Ма дац,йа цкъа бен дехаш дац. Дала вайна йаккха мел елла хан,дог делош,и ирсе йаккха Цхьа адам бен Ма ца оьшу вайна. Нийсса цхьа адам Кху дуьненахь хьуна ваха ницкъ бала.
«Дуьххьарлера безам,дуьххьарлера ойла» Маржа йа1. Ахь хиллера хьайха дагчохь ша-тайпа дагалецамаш буьтуш.
Ц|а йахана ойла йан юьйлира со,кхи Цуьнца Берта яхан сой яцахь а,кхин цуьнца х|умма нисделла сайн дацахь а ,Дала тхойшинне рицкъанаш цхьана хила йазДина дацахь,иза кху дуьненчохь вуй хааро дог парг|ат доккхур Ма ду сан аьлла.
Цу сарахь цуьнан ойланаш еш со |аш йолуш,ц|еххьана Соьга телефон туьйхиара. Цец Яьлла,суна йоьвзуш номера'м яц х|ара аьлла,кхи тидам ца беш |ад йитира аса иза.
Цул т|аьхьа Соьга йазъйира.
-Суьйре Дика хийла Хьан!
-Хьаъ хийла! Элира аса. Кхин к|ант ву йа йо| ю сайна ца хаарна.
-Дага вохург хир ву-кх Хьуна.
-Мила аьлла хаттар дира аса,цец яьлла.
Дог тохаделира сан. Ма Ала,хуьлийла дац иза аьлла.
-Муха ду Хьан дахар,Амаль? Муха нисделла Хьан йахар?
-Альхамдулиллах,Далла бу хастам.
Сай хазахетар хиллачу дагна дан амал доцуш,х|етте цуьнца Сай Цхьана хила йиш ца хилар дагар ца долуш,Ала дош доцуш йисира со.
-къамел дан йиш юй хьан?
-ю.
Цул т|аьхьа цо соьга телефон схьатоьхна,тхойшиъ къамел дан дуьйлира. Дуьххьара мел хилларг карла делира,мел дукха къамелаш дарх,дийца х|ума кхача ца луш. Къамеле даьлла чохь цо Соьга хаьттира,Хьан х|у бахьан дара Соьца дерг иштта д|а даккха?
Соьгара х|ун г|алат даьллера?
Ала дош доцуш,Сайн хилла бахьан дийца бакъо йоцуш,цу хаттаран жоп ца дала мегар дари аса Хьуна элира аса цуьнга. Т|аккха а,дагахь кхин ца къийлалора Соьга.
Дикка Ладог|алахь Соьга аьлла.
Дерриге дийца цуьнга йолаелира со...
