1 страница4 января 2022, 22:21

1-я глава!📜

И дара маситта шо хьалха долина,цхьа оьздачу некъаца хаза гергарло. Йаларх юккъе итта шо-зама,мосситтуз г|ано ше бос хийцарх,дуьххьарлера безам ца хиллера хьан дагах къаьстар болуш...
Исс шо хьалха, сентябрь беттан хьалхара де дара и,цхьа ша-тайпа малх къегина хаза де а дара.Берийн садо|у хан д|а а йаьлла,дуьххьара ишколе доьлхуш дог-ойла муха хуьла ма хаьа вайна х|оранне.
Цхьана хазачу 1уьйрана нанас сама йаьккхи со,сихха арахь сатасере сатуьйсуш буьйсанна и буьйса а йахлора суна ,и 1уьйре ларъеш наб кхетар суна. Сатесча хазахетарца г|аьттина,Нанас эцна хаза-керла бедарш т|е а юьйхина,ши ч|аба а,сайн т|оьмиг ги тесна д|айахара со ишколе. Массо тхо цхьа-босса хаза самукъа даьлла, вовше тхайн классера йо|арий гина,вовшашка хеттарш луш, тхо лаьтташ долуш,"урок йолалуш''горгали бийкира.
Сихонца цхьаьна классчу дахара тхо. Иштта маситта денош д|адахара. Цхьана дийнахь тхан урок д1а йоьдуша йолуш,не1 туьхий-кх цхьамма.Чу а хьаьжна цхьан дешархочо элира тхан хьехархочуьнга,-«Бехк ма биллалахь,хьоьга цхьа хаттар дала мегар дарий ас?» аьлла иза араелира.
Дуьххьара цигахь б|аьрг кхийтир сан цуьнах.
Тхан урок чекхъелира,горгали а бийкира,со классчуьра арайаьлла д|айоьдущ. Суна т|е веана соьга могуш-парг|ат хаттар дира цо,цхьа оьзда вистхилира ;
-«Де Дик хуьйла хьан,хьо кху класс чур юй?

-Ц|е муха ю хьан?
-Х1унда бахар ахь?
-Вайъ! хатта ца мегар?
-Ца мегар!!
-Мегаш хир ду,хьуна х1умма-м ца оьшу?
-ца оьшу,Баркал!
____________________________________
Сан яра цу хенахь ч1ог1а вуо амал.
Хаза дош аьлча а къа ду моьттуш.
Цул т|аьхьа х|ора а дийнахь сун моссузза го,сайга схьахьоьжуш гора суна иза. Иза а ма вара тхан ишколе дуьххьара веъна а цу шара.
Цкъа а кхузахь дешна вацара иза. Цхьан дийнахь класс чур арайаьлла, схьайог|уш ю со,соьга мохь туьйхира,-«Амаль,Амаль»
Цецъяьлла д|айоьдуш яра со. "Юха-м хьожур яц хьуна со",бохуш сай дагахь.
«Хьа-м хаза ц|е ма ю»- аьлла т|евеара иза. Сайца хабаре вала лууш вуй хууш,аса цуьнга сайн ц1е мичар хаьа аьлла ца хоьттуш,д1айахара со.
Иштта цу юккъе ши-кхоъ бутт белира,шийла 1а т1екхечира. Суна уггаре хазахета хан яра иза. Йовха бедарщ т|е а йоьхна, со ишколе йаха ара елира. К1ета йолушшехь вог1уш вара иза .
-Де Дик хуьлда хьан!
-Дала Везийла,Хьан а хуьлда!
-Хьо ишколе йог1уш ю?
-Ю,ца го Хьун?
-Ма вуо стаг ю-кх хьо йа'м
-Вайъ, ца го хьуна аьлла- аьллий?
-Хьажахь,кхи т1е эхь доцуш стаг ю))
-Д1авалахь))
____________________________________
Ч1оха оьзда вист хуьлар и даимна соьга шех тамаш бойтуш.ИШколехь массара олура,оьзда а , лела хууш к1ант ву олий.
Амма х|етте кхуьнан г|илкхаш ас т|е дуьтуш ма дацарий,сайн хала амал хиларе терра.
Тхойшиъ цхьаьна ишколе д1акхечира. Уьйт1а волушшехь, ч1ог1а шера меттиг йара тхан цигахь. Мосситуз бераш шершина,охьа а кхеттера.
Со цхьа урок д1а ма йаьлла горгали бекча ара елира, со лаьтташ йолуш,луонах ловзуш. Тхан ишколера цхьа к|ант вара сун т1е ло детташ. Суна ло деъча хазахетарх а ,амма уггаре цадезарг-ло т1е даьтташ ловзар дара. Цкъаллиг цкъа а ловзуш |едал дацар сан. Сайн карахь и ло схьаоьций лайн-баба йо оли,д1ах|уттар со .
Т1аккха аса,-ма тохалахь кхи суна т1е иза» аьлла мохь аьлча.
Аса и олуш хезна,т1евеара суна иза.
-хьа-м,х1ун бохухьоьга?
-и суна т1е ло детташ ву хьуна аьлла,елха йолаелира со.Юьхь йогуш яра сан, дукха шелъелла. Цу к|анте вистхилла, суна т|е веара иза.
-кхи хьуна цо,йа цхьаммо а кху кертахь новкъарло йира яц-кх хьуна аьлла.
-Дела реза хуьлда хьуна!
-кхи цкъа ма елхалахь...
-йоьлхур ю со) хьуна х1ун ду со йилхча а?
-вай,елха т1аккха Амаль, елха юхуууу а!!
-Д1авалахь)
____________________________________

Аьлла юху д1айахара со. Юха а сайн вуо амалаш хьалха йоьвла,цуьнга и аьлла чу яхара со . Юха ойла йора ас,-«х1унда элира-те ас цуьнга иштта вуо?»
Дуьххьара цигахь йира аса ойла . Х1инццалц айса цуьнга мел вуо дош аларх,цкъа а дохко йаьлла ойла йина йоцуш йолу со. Т1аьххьарлера урок д1а йаьлла,араяьлла со ц1а йаха арайаьлча. Массо аг|ор хезаш маьхьарий бара, «Йа Аллах Дела,вала Хьо орцах» -бохуш.
Цхьанхьа а аг|ор гуш вац суна иза. Х1инццалц со ара ма йаьлла лаьтташ хилла волу. Церан кабинет,тхайчунна уллехь ма ярий. "Х1ун хилла?"-хоьтту аса,амма цхьаммо жоп ца лора суна. Массо меттехь лоьхура и сан б1аьргаша. Тхан классера йо|а элира соьга,-ишкола к1ета довлуьйтуш дац вай х1инци цкъа ,к1етахь цхьана к1антана машен т1е тоьхна боху аьлла .
____________________________________

1 страница4 января 2022, 22:21

Комментарии

0 / 5000 символов

Форматирование: **жирный**, *курсив*, `код`, списки (- / 1.), ссылки [текст](https://…) и обычные https://… в тексте.

Пока нет комментариев. Будьте первым!