12 страница25 апреля 2022, 13:14

12-я глава!📜

12-я глава!

-Ю.Х|уммам ца хилла?
И дерриге хьал д|адийцира аса цуьнга.
-Амаль,хьуна т|аьхьо хуар ду аьлларг и дара хьуна аса.
-Муха? Уьш со кхечуьнг д|а йала г|ерташ хилари?
-Х|аъ,х|аъ.
-Дуьненахь хира долу х|умам дац хьуна иза,Дал мукъ лахь. Суна вуониг лууш сан Дас-Нанас х|умма эра доций хаьа суна,цхьанне луур дац шен доьзална вуониг хилита. Делахь,уьш кхета ма ца кхета. Уьшша'м цхьана аг|ора кхето безаш бай. Аллах|а деза ши адам моситтузза халонехь чекх долуьйту. И Да-нана реза ца хилар Аллах|а хоттина бахьан хилча,муха дита лур ду и адам цхьаналлехь |ад. Муха лоьхур ду кхечуьнца ирс,хьоьца ирс кхолла сатесна шерашкахь хьоьца къар ца луш хьа вог|уш хилла волу к|ентан дог дохина. Царна хаа ма ца хаьа вайн дагахь дерг.
-И царна хаита ма деза.
-И бах'кх аса,и царна хаита ма деза.
-Амаль,самагаттде. Аса дош делла хьуна. Хьо тап аьлла |ад |ийчхьани. Сан деш т|ера ца яьлчхьани.
-Хьан деш т|ера йала лаам сан цкъа ца хилла хьуна. Х|у-а делахь,ахь суна пайдехь дериг бен хьеха ца хьоьху. Ахь бохург дича со дохко йаьлла меттиг ца гина.
-Дала сий дойла хьан,Амаль. Д|аниссор ду хьуна и вайшимма. Самагаттделахь.
-Дика ду'кх хьо уллехь волуш. Хьалха'м и х|ума дагчуьра ца долуш мелла г|айг|ане хуьлура со. Х|инца'м цкъа хьоьга дагара дийца,цхьана м|арг|онехь дагара долу суна дерриге.
-Амаль?
-Х|ов?
-Хьай Де а Ненан дега баам бина хьо |ахь мегар дац хьуна. Хьой х|инццалц ма хиллара хира ю хьо,кхин а сов дика. Хьа Да-Нана ду хьуна и ши. хьо йина,кхиина хьа Да-Нана. Бераллехь хийла йоцучу таронца хьан дахар хаздан,хьо ирсе хилита шай са д|адала реза хилла,хира долу Да-Нана ду хьуна и шиъ хьан. Ойла е,хьай йо|ан мел диканиг хила луур дара хьуна,дари?
-Аса сайн йо|а лаам х|ун бу хоттур дара. Аьлла аз айъа деш жоп делира аса.

1375469fd2e690052b84010854e25161.jpg

Аса сай йо|ана луург дира дара. Сайн лаам хьалха тоттура бацара.
-Хьуна хета хьуна и иштта. Хенаца кхетар ю хьуна хьо. Уьшша кхетар бу хьуна. Хьуна гур ду хьуна.
Цо олучу х|ора дашо ойла йойтура соьга. Ма Ша Аллах|,ма доккха х|ума ду'кх иштта адам суна юххехь долуш бохуш. Оццул оьг|азе йара со,бакъ долуш,Де а ненал дукха деза кхоьллина кху дуьненахь х|умма хира дац,Делахь,цера иштта лаам хилла,со реза хиллехь кхечуьнга д|а йала ойла хилар,ца долура сан дагчуьра. Амма цуо сайга и къамел ма дина,цхьа тамашийна даг т|ера т|улг боьжна санна,цхьана м|аргонехь оьг|азло д|аелира сан дагчуьра.
Цара сан дуьхьа мел динарг коьрте оьхуш,б|аьргаш хих дуьзнера сан.

ДАГАЛЕЦАМАШ:

-И дара со уьссолг|ачу классе йаьлла хан чохь. Соьгахь телефон хилийта реза воцучу вашас сих-сиха хьах дора чохь,школа чекхъйаккхалц шу кхаа йо|ехь цхьаннехь телефон хира йолуш йац шуна. Кхи т|е та а деш элира,йаккха ма еззара,дика дешна шу чекх ца довлахь,телефон аьлла дош кху чохь аша хьах дахь мегар дац шуна.
Цо аьлла долу х|ора дашо,х1ора денна ойла йойтура соьга. Цхьана аг|ора Альхамдулиллах| дика дар цу хан чохь соьгахь и телефон ца хилла,Ма Ша Аллах|,экзаменан гуттара пхианнаш дохуш кечам ма бинера аса. И уьссолг|ачу классехь сайха йаккха дика ц|е юьтуш,хазачу кхаъца чекхъйаьккхира аса.

6024bce061ebf5d80c28b37b70a3a238.jpg

Цул т|аьхьа со деша йахита лаам ца хилира,веший йа Де а.
Цу исс шарчохь сан хилла болу лаам,цхьана м|арг|онехь байъира цара. Дуьхьал со реза йоци гайта дош ала нийса ца хетара суна. Суна дуьхьал лаьтташ нана йара. Б|аьргаш къерзош соьга. Цуьнан б|аьргаш чохь гуш дара и соьга ала йоллург:«Амаль,дош ма даккхалахь хьайн багара кхин.»
-Дика ду т|аккха. Аш бохург дира ду. Аьлла,доьхначу дагца,исс шарахь лоьрий халат т|е юьйхина айса и болх беш коьрта чохь айса мел йина йолу ойла,цхьана м|арг|онехь йиц йира аса. Цул т|аьхьа сайн телефон эца ала ца хуттуш,йа нене ала ца туьгуш ах шо сов хан йаьккхира аса. Цу хан чохь ч|ог|а езара суна Айфон телефон,Делахь,Де а ненан ницкъ кхочур боций хаар суна сайна и эца. Нисс цхьа хал беан мур бара царна иза. Тхо кхаба йаъх|ума,тхуна т|е йоха х1ума эца ницкъ кхаьччий доккха х1ума долуш дара. Цхьана хазачу суьйранна вашас кхаъ баьккхира соьга,ша суна телефон эцна аьлла. Галакси ма эцна аса хьуна аьлла и чувеъча,сан |оьвжина хилла долу дог,и даг моссузза дог|у б|аьргара хиш сеца ца ло сан. И хиллера цо цхьан баттахь болх бина даьккхина ахчах эцна.
-Амаль,Дала сий дойла хьан Везан Дела! Цхьана м|арг|онехь хьайна оьцур йарий аьлла хьах ца йира ахьа соьга телефон. Дукха ладоьг|уш |ира хьуна со. Дала сий дойла хьан юха-т|аккха! Итта даьллачул т|аьхьа хьо и кегош гахь могуьтур дац хьуна. Йа хьайн суьрташ кхиссахь мегар дац хьуна.
Хазахетаро лаьцна долу сан дог. Дуьххьара и телефон хьалатина,сайна бойзу йо|аршка йазъеш сой и лело йоьлча,Аллах|е ма ч|ог|а хастам бира аса. -«Йа Аллах| Дела,хьуна дика ма хаьа суна дика хиндерг,соьгахь йог|ур ерг.Альхамдулиллах ахьа сан иштта самукъа даккха х|ара а суна йаларна. Хастам бу хьуна массо х|уманна.»
Массо х|уманна сайна Дала деллачунна хастам бора аса. Цу хан чохь со хьаьгна дукха х|ума Аллах|а х|инца кхочуш хилитан са. Хенаца кхийтар'кх со,цхьан хан йиллан иза |ай. Ма дика хаьа цунна вайна мичхенахь,мича меттехь вайна х|у дика хира ду. Хастам белаш Аллах|е,шай Дас-Нанас шайна диначуьнна гуттара. Кхи даккхий х|уманаш дан аьтто ца хиллехь церан,шай т|аьххьара рицкъ вайца декъна а,доькъур долу Да Нана ду шун вай. Дено-денна ма къа хетара суна церах. Делахь,хенаца бен вай цуьнах кхетара дац. Цул т|аьхьа айфон ийцира. Сан вуьрх|итта шо кхаьчна де дара иза. Цара сан цу дийнахь хьаьстина долу дог цкъа а дицлур дац суна. Альхамдулиллах,цул т|аьхьа дуьйна цхьанне х|уманах хьега меттиг ца беара суна. Де а Ненан хьал гуттара та делар. Даг еънарг,даган мел лиънарг эца ницкъ кхочур. Делахь,суна цаьргахь гуттара хазахетарг,шай долчуьнна сонта бойла,йа цуьнах дозалла дийра долуш бацара уьш. Йа цхьанненал сов даьккхина х1ума хилита лаам бацара церан. Альхамдулиллах|,корта айъина со лела йиш йолуш Да-Нана дара сан. Дала церан эшам хилла де ма гойтила вайна цкъа а.
Дагалецамаш коьрте оьхура сан,цуьнга и къамел ма дина.
-Дала сий дойла хьан. Ма хаза дог ийци ахьа сан. Дог-ойла мелла токхе юкх сан х|инца. Боккъалла,цара сан дуьхьа мел динарг,дено-денна,тхан Де соьга болу безам ша тайпа маь|ан долуш ма бу. Массарех къастийна йолу цо со. А Нана,тхан дуьхьа йаьхна а,ехаш йолу сан дика Нана,оццулла хала кхиийна долу цо тхо,оьг|аза йахитан хира ма йац аса иза,йаций?
Аз айъа деш аса цуьнга дукха новкъа деан и къамел дина. Делахь еза аса и къинтера йаккха.
-Йаккха дера,Амаль. Аьлла т|е тадира цо.
-Делахь йоккхур ю'кх. Бераллехь,цкъа сан б|аьргара хи ца далита,буьйсанна уггаре хан йаьллачу хенахь,со йоьлхуш хезча ше наб йойъи,со те йан г|ерташ. Х|ора сан б|аьргара даьллачу хино ше дог |овжадо дера. Ма дика нана юкх и сан.
Альхамдулиллах| и сан йолуш,дог эца, дог хьаста юххехь йолуш...
Кхи дешнашца дийца оьшуш ма дац Нене болу безам. Цкъа цуьнан мара хьаьрчина,цо со хьаьстича,сай дагахь-«Йа Аллах Дела,кхул дукха дезаш,кхулла хьоме адам даъ дуй теша сан? Я хира а дуй теша? олий. Дог дела Ма лора сан.
Х|ара дуьне,кху дуьнен чохь долу цхьа хума кхочур ма дац ненан марзоне.
Наггахь сай вуо амалаш хиларна дош аьлла аса цуьнан мел биначу цатаман доггаха къинт|ера йалахьара суна иза.
-Ма Ша Аллах|,Дала сий дойла хьан,Амаль! Ма ала иштта,иштта ма йац хьо,суна хаьа ма хаьа. Йоьлхучура ца саца лора со.
-Ма елха,Амаль. Цхьа х|умма ца хилла. Альхамдулиллах|,и дийна ю. Хьуна гергахь ю. Йоло,доггаха мара йоллий,даггара къинтера йаккха.
-Со х|инц схьайоху хьуна.Аьлла,б|аьргара хиш д|адаьхна,т|аккха бистина бара сан ши б|аьрг. Жима берана хуур дара со йилхина арайаьлла юй.
Нана йолче наь|аре йахара со.
-Нана? Йижан'м йац хьо?

7449f029fb3bbb06398b7a7a9d51dac4.jpg

12 страница25 апреля 2022, 13:14

Комментарии

0 / 5000 символов

Форматирование: **жирный**, *курсив*, `код`, списки (- / 1.), ссылки [текст](https://…) и обычные https://… в тексте.

Пока нет комментариев. Будьте первым!