13 страница15 мая 2022, 20:07

13-я глава!📜


-Йац,Амаль. Х|уммам ца хилла?
-Х|ан х|а. Х|умма ца хилла,Нана.
Мел ч|ог|а шайна халахетар дича а,ненан дог ма ц|ена ду'кх иза. Ма сиха дицдо цо вайгара даьлла долу муьлха а г|алат. Не| схьайиллина,чу йахана доггаха и марайоьллина,и къинт|ера яьккхина сой йолч чу йахара со.
Ч|ог|а наб йог|уш йара со. Йилхича берана санна сихонца наб ма кхетара суна. Буьйсаннна пхьуьйра ламазан хан хилла хьуна аьлла,Нанас самаяьккхира со. Ламаз а дина,со йолчу еъна сайн телефон схьаэцна метта елира со. Цу м|аргонехь цо соьга йазъйира.
-Буьйса дик хийла хьан,Амаль!
-Дала везийла,хьаъ хийла!
-Къамел дан йиш юй хьа?
-Ю.
Цо соьга схьатуьйхира. Нана доггаха къинт|ера йаккхар дийцира аса цуьнга. Къамел деш сай цхьа лаам бийцира аса цуьнга. Муьлха а х|уман т|ехь цуьнах дагах йолура со. Ч|ог|а дог парг|ат долура сан цуьнга дийцича. Дукха хенахь дуьйна кехаташ йаздеш болх бан лаам бара сан.
-Амаль,ахчанца г|о оьшуш х|ума делахь схьаалахь соьга,хьо хезаш юй?
-Аааа,ахьа х|у дуьйцу,яц дера'м.
Онда дог къойлина жоп делира аса. Амма цхьа бахьан и дола дан йиш ца хилара сан аьтто ца хилара дара. Дега-Ненега ала ца хуттура со. Иштта цу хене яьллера. Цу юккъе ши-кхо де даьлча цо соьга йазъйира.
-Амаль,схьакхаьчний хьуна?
-Х|у? Ца кхитар хьуна со.
Телефон т|е хьаьжча ахч дара цо даитин.
-Хьайн дезарг долора ахьа. Хьайн даган лиънарг. Кху дуьнен чохь со мел ву,дан йиш йоцуш и х|ума делахь,и дан хьожур ву хьуна со хьуна. Самагаттделахь. Дала аьтто бойла хьан цу т|ехь! Кхеча х|уман т|ехь со накъост ву хьуна.
-Йа Аллах|.
Деънера сан дег|е зуз. И дог ойла цкъа йицлур яц суна. Цо сан хьаьстина хилла долу дог. Оццул ч|ог|а сан лаам болуш цо суна дина долу хазахетар. Муха? Муьлхачу диканна жоп делла адам хилла теша хьо сун бохуш. Со-сайга луьш,сайн б|аьргара хиш сецош цуьнгара телефон схьаийцира аса.
-Амаль? Хьо йоьлхуш ю?
Х|умма ца алалора соьга.
-Д|аяла суна. Иштта ледар кхиина йо| яра хьо? Хьажахь цуьнга,ц|ийза хоьттина.
Юха елаелира со.

de9fe31ba40d5285185d6bff11dda713.jpg

-Ваааа,ч|ог|а эхь хетити ахьа суна. Дала саг|а дойла хьан и. Ахь делла долу ахча дац хьуна суна и кхи оццул хилчи а дагахь,Дела ву сан дог-ойла гуш. Иштта хьо соьца хилар. Иштта дог-ойла хилла суна и да. Дала сий дойла хьан!
-Д|айала,доккха х|ума дацара. Кхин ма дийцалахь иза. Кхана дуьйна хьайна эца езарг хьажалахь. Схьайан езарг аса схьайохьур ю хьуна.
-Мегар ду! Дела реза хийла хьуна юха-т|аккха!
-Ма дукха х|ума дацара иза хьан дуьхьа.
Шолг|ачу дийнахь дуьйна массо х|ума эцна,сай лаамехь,айса бохучу кепара,Ма Ша Аллах,ч|ог|а хаза д|аболабира аса и болх. Альхьамдулиллах|,дагахь а доцучу кепара Аллах|а аьтто бира сан цу т|ехь.
Дуьххьара и д|аболочу хенахь сан хилла йолу дог-ойла,сан х|умма а нис ца лахь,Дал мукъ лахь,сайна новкъ доуьйтур ма дац аса аьлла. Далла дика хаьа соьгахь х|у тов,х|у ца тов. Цунна дика хаьа суна дог|арг,соьца ца дог|ург. Суна дика х|ума хира делахь аьтто бира бу цо сан кху х|уман т|ехь бохуш. Оццул ц|еначу даггара долийна х|ума дара сан иза. Цу х|уманах самукъа даьлла к|ира сов хан елира. Сай чур ара яла ца езаш,чохь болуш и болх гуттара хазахетар цунна. Цу т|ехь айса доккхуш хилла долу сом,ма доккха х|ума хетар суна. Аллах|е ма ч|ог|а хастам бора аса массо х|уманна.

7042176beea54a40ca0e7051b9f1f092.jpg

Нийсса цуьнан вина де т|е кхочуш дара цу хеначохь. Цуьнан и кехат йаздан ойла яра са. Шолаг|ачу дийнахь тхан шича,Фатима йина де дера. Цуьнан и кехат йаздина,кхин а совг|ат кечдина сайн йишица и йолчу йахара со. Цуьнан даьлла хилла долу самукъа. Цхьа совг|ат гуш дацара цунна,и кехат бен. Б|аьргара хиш охьа оьхуш цо и доьшуш,сайн дагахь-«Альхьамдулиллах|,иштта адамий дог хьаста сан ницкъ кхаьчна,Дала суна и корматалла елла»бохуш. Цул т|аьхьа цо соьга йазъйира,цигахь ара йолийла хира дарий хьан аьлла. Царна гена доцуш |аш бара уьш. Арайаьлла хьалха лаьтташ хиллачу метте д|аяхара со.
-Де дика хийла хьан!
-Дала везийла!
Цхьа тамашийна озаца вист хуьлуш санна хийтира суна иза. И сайна х|унда хеттера хаац.
-хьуна х|уммам ца хилла?
-Х|ан,х|а.
Амма суна гуш ма дари цхьаъ дика доций. Дуьххьара гуш ма вара суна иза цу хьолехь. Кхин цо соьга шена х|у хилла аьлла  ца олуш,жимма къамел дина,цхьа тамашийна дог-ойланца со чу йахара. Иштта тамашийна цкъа ца хиллера и соьца. Делахь,Дала гойтур ду'кх иза аьлла,ваша т|ехь веъна вайшинне аьлла мохь туьйхира йишас. Со т|аккха сай ц|а яхара.
Ц|а яхча къамел тамашийна хетара суна цуьнан. Дог дара сан догуш,Йа Аллах|,х|инца х|у хилла теша бохуш.
Нанас мохь тоьхна со кухни чу йахара. Кхин сай телефон схьаэца со ларийна яцара. Арахь |аьржа еллера. Сихонца Ненан г|уллакх чекхъдаьккхина,сой йолчу йахара со. Цхьа б|аьузза хьа йиттина телефон ю. Х|инца'м цхьаъ хилла хьуна аьлла,сихонца д|атуьйхира аса цуьнга.
-Буьйса дика хийла хьан!
-Дала езийла! Амаль,х|уммам ца хилла?
-Дера ца хилла. Къинтера валалахь сайна са гатт дайти аса. Нанас мохь тоьхна,ц|еххьана кухни чу йахана,диц деллера хьуна суна.
-Ааа,цхьа х|умма дац,Амаль. Самагаттде.
-Мегар ду!
-Амаль,хьоьца цхьа къамел дан дезаш ву со. Кхана х|уъ дина ара йолийла хира дацара хьан?
-Вааа,кхани?
-Х|аъ,хьажа,Амаль!
-Даламукълахь,хьажам хьожур ю со. А х|у хилла? Делдахь,ма кхера е со.
-Х|умма ца хилла.
Онда жоп делира цо.
Буьйса декъал йина со д|айижира. Сан дагехь хилла йолу ойланах кхетар вуй теша цхьа а. Йа Аллах,х|у ала воллу теша иза соьга. Цу дийнахь ма вара суна и гуш,цхьа тамашийна. Сан коьрте мел оьху ойланаш. И |уьйранна сатасале набарна ши б|аьрг т|етта ч|аьг|на бацара аса.

Итт|алг|ачу сахьтехь цо соьга йазъйинера.
-Амаль,|уьйре Дика хийла хьан!
-Дала везийла!
-Со сахьт долуш д|авохар ву хьуна,арайолийла хир дуй хьан?
-Туькана йоьду эра ду аса.
-Мегар ду!
Цхьа тамашийна дагехь х|орам бу сан,Йа Аллах|,х|у ала воллу теша иза бохуш. Ванах соьгара х|у даьлла хира ду. Со-сайга луьш кхин дан х|ума ца хилла Маремега телефон д|атуьйхира аса. И дерриге хьал цуьнга д|адийцина,цхьа тамашийна дог парг|ат даьккхина сай,сайн т|е кхин коч юьйхина сени чу елира со.
-Амаль,ахь йаах|ума ца юу? Аьлла мохь туьйхира нанас. Халахетаро сай кийра лаьцча,беттанашкахь |алур йара аьлла хетар суна сой йаах|ума ца юууш.
-Х|ан х|а,Нана. Меца яц со. Кху чу нуй хьаькхна арахь г|уллакх дан ара ера ю со. Массо г|уллакх чекхъдаьккхина сой йолчу еара со. Ненега муха аьлча нийса хира ду ца хууш,ойла еш охьахиан |аш йара со. Сахьт дала ткъа минот бен йисина йацара. Кхин дан х|ума дисина дацара.
-Нана,цхьа бе-берза йаах|ума дагаеънера суна,туькан яха мегар дарий со?
-Дера мегар даций. Хьайн ваша вохитар ву ахьа.
-Нанааа,уьш цхьа а ц|ахь ма вац. Сайна х|у еза ца хаа суна. Дагаеънарг оьцура яра аса.
-Амаль,аса ца мега ца элира хьоьга?
-Мегар ду!
Оьг|аза йахана охьахиънера со. Юха чоьхьа елира,Нана.
-Амаль,нийсса итт минот хан ю хьуна. Х|ара ахча ду хьуна.
Доггаха марайоьллина. Дела реза хийла хьуна,Нана. Аьлла,со араелира.
Туьканчу йахана,дуьххьара бепиг,сайна цхьац бе-берза х|ума эцна арайаьлла,цу ураме чу йирзира со. Цигахь лаьтташ вара иза. Со т|ейохушшехь машен чура охьавоьссира иза.Шерашкахь тхойшиъ мел дойзу,айса цуьнан мел халахетар до нийсса цхьаузза гина вацара суна иза цу хьолехь. Юьхь-дуьхьал ца хьожура и суна. Сай йоьхна,кхин х|у ала деза ца хууш лаьтташ яра со.
-Со ч|ог|а сиха ю хьуна. Нанас итта минот хан ю хьуна аьлла арайалитан ю.
-Дукха хье ца йо хьуна аса хьо. Аьлла хьалахьаьжира иза.
Цуьнан доьхна хилла долу б|аьргаш. Шеран чохь наб ца йина стега хира доцуш. Оццул де эшна юьхь-сибат дара цуьнан.
-Амаль?
-Х|овв. Сихонца дуьхьал жоп делира аса. Цо сайга х|у эра ду ца хууш дог догуш,дег| дегош лаьтташ йолу.
-Амаль,хьоьга х|у аьлла дерг д|а ала,и муха аьлча нийса хира ду ца хаьа суна.
-Х|аъ,х|аъ. Схьадийца.
Онда къурдаш деш лаьтташ яра со.
-Вайшинне кхин цхьана хила йиш яц!!

eaf51066f4815c2442931fb8f43b91df.jpg

Сай карара пакет охьакхоьссира аса.  Схьабаста белла цу чур охьадоьжна хилла долу бепиг цу чена т|е. И сурт сан б|аьргаш дуьхьлара ца долуш,са дилхина хилла долу дог.
Цу м|аргонехь сан доьхна долу дог,кху дуьнен т|ера дерриге лаьмнаш схьаэцна цхьана тоьхна охьаэгича,йа дерриге дуьне цхьана м|аргонехь дохийча,цуьнах схьалаца жиммал дисина х|ума дуьсур дара. Амма сан дагехь цо бина болу цу,эзар-эзар шерашкахь и вовшах тоха г|иртича ницкъ кхочур ма бацара цуьнан и юха ден да.
-Мухааа?? Аьлла,цхьана меттехь лаьтташ йара со. Сан б|аьргара охьа|еначу дуьра б|аьрхиш сан дагош хилла долу юьхь т|ера ч|къор. И халахетаро лег шад лаьцна соьга багара ца даккха делла долу дош. Дог дуьззина ала дош долуш, и дерриге дешнашка даккха ца юьтуш,кхин соьга юха ца хьожущ,юхавирзина д|авахара иза.
-Йа Аллах|. Йа Аллах|. Ма ала х|ара самах ду. Йа Аллах|,муха?
Лаьттара пакет схьаэцна,бепиг т|ера дай куьйгаца чан д|аяьккхина,сан б|аьргара охьа|ена б|аьрхиш цу бепиган т|е а |енаш дара.
-Йа Аллах|,ма декъаза йо| хилла'кх со. Иштта дуьне даа со кху дуьнен т|е кхоьллина елахь. Бай ког боккхуш,гуонхьа дерриге х|ума сайна т|е дужуш санна хеташ ойлане йахана,б|аьргара хиш д|а дохуш сайн ц|а йахара со.

e3213215de3d79ed197f37fb9f39cdde.jpg

13 страница15 мая 2022, 20:07

Комментарии

0 / 5000 символов

Форматирование: **жирный**, *курсив*, `код`, списки (- / 1.), ссылки [текст](https://…) и обычные https://… в тексте.

Пока нет комментариев. Будьте первым!